button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

АллахIах кхера хIай АллахIан леш!

Ибнул Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Дукхах болчу нехан хьолан ахьа ойла йича, АллахIа шайна дала дезаш долчу хьокъе хьоьжуш хуьлу уьш, амма, шаьш АллахIана дIадала дезаш долу хьокъе хьоьжуш ца хуьлу». ИгIáсатул-лахIфани фи масáидиш-шайтIáни, 1/89.

Абу IабдуллахI: Уггар деза итт де а, гIурбан хьукманаш а (26.08.2016).

Уггар деза итт де а, гIурбан хьукманаш а (Рузбан хьехам, 26.08.2016) — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/Uggar_deza_10_de_g1urba_26.08.2016.mp3

Абу IабдуллахI: Мунафикъ нах 5 (19.08.2016).

Мунафикъ нах 5 (Рузбан хьехам, 19.08.2016) — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/Munafiq_nah_5_19.08.2016.mp3

АллахIана дуьхьа бен цхьа дош ма ала

«Дукхах долу нехан къамел цхьатера хуьлу, амма, нехан дегнаш чохь цунах юьсуш йолу лар тайп-тайпана хуьлу. ХIунда аьлча, хьехам багахь бинарг бац, амма хьена дуьхьа бина хилар ду. АллахIан дуьхьа бина я АллахI воцчунна кхечунна дуьхьа бина». Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфий (АллахIа Iалашвойла иза).

Абу IабдуллахI: Мунафикъ нах 4 (12.08.2016).

Мунафикъ нах 4 (Рузбан хьехам, 12.08.2016) — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/Munafiq_nah_4_12.08.2016.mp3

Харжам хьохь бу

Бакъдерг дIаала хьо ницкъ кхочуш вацахь, харцонна тIараш мукъна а ма детта. Шайх Мухьаммад Мутаваллий аш-ШаIравий

Вайн хьал

Хьалха заманахь наха шайн де АллахI хьехаварций, ламаз дарций дIадолош хилла. Ткъа хIинца, цхьа а дIавуьжуш вац-кх шен керахь телпо йолуш бен, юха ша самаволлушехь, сихха вацапан я фейсбукан тIе хьоду! Ткъа хIоранна а ша диннарг карор ду! Шайх Мухьаммад Салихь ал-Мунажжид

Доьзале хьажар

Iамран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна), дийцина, АллахIан элчано (ﷺ), элира аьлла: «Стагана ша кхача латто безачарна кхача ца латторан къа а тоьур ма дара, кхин цхьа а къа цо ца латийча а». Абу Давуд, 1692.

Нана харжар

Бусулба стагана тIехь ду, шен берашна бусулба йолу нана харжар, шен Делан хьакъ а, шен майрчун хакъ а, берийн хьакъ а девзаш (хууш) йолу. Шен динна а, пайхамаран (ﷺ) суннатана а бала болу нана харжар. АллахIан элчано (ﷺ) аьлла: «Шух хIоранне а хуьлийла баркалле (шукур деш) дог а, АллахI хьехон мотт а, шен майрчуьнан эхарт […]

Дегнийн кхача

Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфис (АллахIа Iалашвойла иза), аьлла: «АллахI хьехавар — дегнийн кхача бу. Пайхамара а, (ﷺ), цуьнан асхьабаша а Iуьйранна шайн дегнашна кхача луш хилла АллахI хьехаварца, шайн догIмашна юучуьнца шаьш кхача луш ма-хиллара».