Дукхах болу нахана моьтту, деккъа маттехула «ЛÁ ИЛÁХIА ИЛЛАЛЛÁХI» аьлларг ялсамани гIур ву. Хьасан ал-Басрега (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла хилла: «Цхьаболчу наха олу: «ЛÁ ИЛÁХIА ИЛЛАЛЛÁХI» аьлларг ялсамани гIур ву!» ТIаккха, Хьасан ал-Басрийс аьлла: «Цу дешан дала ма-дезза хьакъ дIа а луш, цуьнан парзаш кхочуш а деш и аьлларг вуьгу цо ялсамане». ал-ХутIаб ал-минбариййахI, […]