button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

IИЛМА УГГАРЕ ДОККХА ДИКА ДУ

Шайх Мухьаммад ибн Салихь ал-lусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «АллахIа шена Iилма даларца дика дина волчунна, АллахIа цунна даьхнел а, тIаьхьенел а, хIусам-нанойл а, гIаланел а, машенашал а, массо хIуманал а тIех деза-доккха хIума делла хьуна». Шархь Риядус-салихьийн, 5/229.

Дуьсар долу дуьнене Iеха ма вайта хьо!

Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Варийлахь, хIокху дуьненах lехаваларха ларлуш хилалахь! Баккъалла а, дуьне текхаргах тера ду хьуна, тlе куьг lоьттича кlеда ю иза, амма цуьнан дlовшо адам доь хьуна». [Мин васóйá ас-салаф, агIо 74].

Ислам-дин маьлхах тера ду

«Дуьнен тIехь долу Ислам-дин цкъа а дIаболуш боцу маьлхах тера ду. Цхьана махкахь чу буьжча, кхечу махкахь гучуболу и». Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий

Абу IабдуллахI: Абу Бакр ас-Сиддикъ (02.06.2017).

Абу Бакр ас-Сиддикъ (Рузбан хьехам, 02.06.2017) — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/Abubakr_as-Siddiq_02.06.2017.mp3

Ма доха де дог!

Марха даста йиначу яахIуманна реза воцуш ахь дош аларо нанна, йа хIусамнанна, йа йишина халахетийта тарло. Ша марха кхобуш а йолуш, кухни чохь шортта хан яьккхина цо хьо бахьанехь. «АллахIан Элчано ﷺ цкъа а юург емал ца йина хьуна». Шайх Мухьаммад ал-Мунажжид

Абу IабдуллахI: Мархийн бутт (26.05.2017).

Мархийн бутт (Рузбан хьехам, 26.05.2017) — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/Marhiyn_butt_26.05.2017.mp3

Деган дарба

Шайх Мухьаммад ал-Мунажжидас аьлла, АллахIах кхоьруш волу цхьана стага элира аьлла: «Деган цамгарийн* дарба пхиъ ду: I) Къуръан ойла а еш дешар. 2) Марха кхабар. 3) Буьйсанна ламазаш дар. 4) Iуьйкъанна доIанаш дар. 5) Дикачу нахах веттавалар». *Деган цамгарш: Хьагl лацар, Iамал цIархазмана яр, бусалба нехан хьокъехь вон ойла яр, иштта кхин дIа а.

Абу IабдуллахI: Ламаз — Ислам динехь коьрта Iибадат ду 7-гIа дакъа (19.05.2017).

Ламаз — Ислам динехь коьрта Iибадат ду 7-гIа дакъа (Рузбан хьехам, 19.05.2017) — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/Lamaz_islam_dineh_korta_1ibadat_du-7_19.05.2017.mp3

Ахьмад Хьамза: Мархийн хьокъехь кхузткъе итт хаттар-жоп 1-ра дакъа

Мархийн хьокъехь кхузткъе итт хаттар-жоп 1-ра дакъа — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/ahmad/Marxin_hoqeh_70_hukma_1_daqa.mp3

Марха кхабар а, тарáви́хь ламазаш дар а

СаIдан кIанта СахIлас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Баккъалла а, ялсаманин цхьа неI ю ар-Раййáн олуш, къематдийнахь марханаш кхаьбнарш гIура бу цу (неIарехула) чу. Уьш боцурш цхьа́ а гIура вац цу (неIарехула) чу. Олучо эра ду: «Марханаш кхаьбнарш мичахь бу?» ТIаккха уьш (цу неIарехула чу […]