button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Сан Дела! ма йоккха ю-кх Хьан комаьршо!

Цхьана адамах вай кхераделча, цунах довду вай, амма АллахIах вай кхийрича, Цунна гергадоьлху вай. Иштта, адаме цхьаъ доьхучу хенахь коьртеш охьатаIадо вай, амма АллахIе вайн хьашташ доьхучу хенахь вайн коьртеш стигал хьалаойъу вай! Сан Дела! Массо кхачам бацарех ЦIена ву-кх Хьо, ма йоккха ю-кх Хьан комаьршо!

Уггаре а доккха зен деш берг мотт бу

Ибнул-Къаййима (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: ❏ «Уггаре атта меттахъхьелуш йолу меже иза мотт бу, ткъа и (мотт) бу лайна (адамана) уггаре а доккха зен деш берг». 📕 ал-Жавáбул-кáфий, 281.