button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Веза хьаша

Лукъмана шен кIантана дина хьехар 1-ра дакъа (30.03.2018).

Лукъмана шен кIантана дина хьехар 1-ра дакъа (Рузбан хьехам, 30.03.2018) — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/Luqmana_she_k1antana_dina_hehar-1_30.03.2018.mp3

Ши бала

Яхья Ибн МуIáза (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:: ❒ «Адам делча цуьнан даьхнех (ахчанах) ши бала хуьлу цунна». Цуьнга хаьттина: «ХIун ши бала бу и шиъ?» ТIаккха МуIáза жоп делла: «Деригге даьхни дIа а доккху цуьнгара. Деригге даьхнех барт а хотту цуьнга». 📕 Сифатус-сафвати, 2/293.

Ца хуург ца хаа алар эхь дац

IабдуллахI Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: ❒ «Хьайна ца хуург ца хаа алар — Iилма ду» 📕 Сахьих ал-Бухарий, 4774.

Ахча дукха дара алий воккха ма велахь…

Ахча дукха дара алий воккха ма велахь, нагахь и диканна а, Дела реза волче а хьовзош дацахь ❒ Абу Зарра (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: «Къемат-дийнахь ши дирхIам (сом) долучуьнга барт чIогIох хоттур бу, цхьа дирхIам долучуьнгачул». 📕 Аз-ЗухIд ли-Аби Давуд, 186.

Парз ламазаш а, рузбан ламаз а лардар

Парз ламазаш а, рузбан ламаз а АллахIа омра ма-дарра лардан дезаш ду — дуьззина а деш, церан хенаш а, куцош а, меттиг а ларъеш. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Пхи ламаз а, рузбанна тIекхаччалц долу рузба а, Рамаданна тIекхаччалц болу Рамадан бутт а шайна юкъахь эгна къинош дIадохуш ду, даккхийчу […]

Байшца а, тоба диначарца а, миска нахаца а цхьаьна охьахийшар