«Сийлахь-Везачу АллахIан авлия́ах уггаре дикаверг, везаверг — Элчано (ﷺ) деанарг алсам довза а девзуш цунна тIаьхьавозург ву; асхьа́баш санна, шаьш кху умматехь Элчано (ﷺ) деана дин дуьззина девзаш а, цунна тIаьхьабозуш а хилла болу.Абу Бакр ас-Сиддийкъ уггаре дукха Элчано (ﷺ) деанарг девзуш а, цуьнца алсам Iамал еш а хилла ву, ткъа иза уггаре веза […]