button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Иблисан букъ кагбеш долу хIума

Суфьян ас-Саврийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«»Ла́ила́хIа иллаллахI» боху дашо санна иблисан букъ кагбеш хIумма а ма дац».

Сияру аIла́ми ан-Нубала́ъ, 7/260.

Уггаре вон хан

Уггаре вон хан — диканан цIарах вониг деш, вонан цIарах диканиг деш ерг ю. Цхьана дийцарехь деана: «Нахана тIе цхьа хан йогIур ю, дика дерг вон гуш, вон дерг дика гуш».

أسوأ الأزمنة هي التي يُفعل فيها شر باسم الخير، والخير باسم الشر. ففي الأثر: «يأتي على الناس زمان يرون المنكر معروفا والمعروف منكرا».

Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарифий

ШайтIа генадоккху бахьаханаш

«Къуръан дукха дешар а, тасбихь алсам дар а, ла́ила́хIа иллаллахI дукха бахар а шайтIа эккхочу, генадоккхучу бахьанех ду».

Шайх Iабдул Iазийз Ибн Ба́з (АллахIа къинхетам бойла цунах).

5. ЦIенна Делан дуьхьа долу Iибадат | Шайх СаIд ал-Iатийкъ

Ахь лелориг бух тIера дуй хьажа

«Шеца Къуръан тIера а, суннатера а бух мел боцу некъ — жоьжахати боьду некъ а, Дала Шех эккхийначу шайтIанан некъ а бу».

«كُلُّ طَرِيقٍ لَمْ يَصْحَبْهَا دَلِيلُ القُرْآنِ وَالسُّنَّةِ، فَهِيَ مِنْ طُرُقِ الجَحِيمِ وَالشَّيْطَانِ ِالرَّجِيمِ».

Ибнул-Къаййим — Мада́рижус-са́ликийн, 2/468.

4. Делах кхерар чIагIдар | Шайх СаIд ал-Iатийкъ

Рамадан баттахь санна хила кхечу бетнашкахь а

Iамр ибн Къайса (АллахIа къинхетам бойла цунах) олуш хилла: «Декъал хуьлда, Рамадан бутт тIебале хьалха (бусалба динехь) нисвелларг».

ЛатIа́ифул-маIа́риф, 138.

Ламазехь марзо ца караяран бахьана

«Хьайн ламазехь хьуна марзо ца караяхь, хаалахь хьан дагчу марзо ца кхочуьйтуш хьан ламазехь кхачамбацар а, сакхат а дуйла».

Бава́батул-хушу́Iи фис-сала́ти, 15.

Нигат

«Кхана марха кхобур ду ас аьлла дагадеанчо — нигат дина».

«من خطر بقلبه أنه صائم غدا فقد نوى».

Ибн Таймийя — ал-Фата́ва́ ал-кубра́, 5/375.

3. Марха кхобуш волчунна ши хазахетар ду | Шайх СаIд ал-Iатийкъ