button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 9-гIа дарс, 2-гIа дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 9-гIа дарс, 2-гIа дакъа — скачать

Зуламхо нахана юкъахь айъаран бахьана 

❏ «Цхьайолчу хенахь АллахIа зуламхо (нахана юкъахь) вазвой айво. Иза Шена дукха везарна ца айво Цо, амма, лаккхара и чу кхоссархьама айво».

✍️ Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий.

СаIд ибн Аби Ваккъас ал-Къураший (13.10.2017).

СаIд ибн Аби Ваккъас ал-Къураший (АллахI реза хуьлда цунна) (Рузбан хьехам, 13.10.2017) — скачать

23 — Сурат Альмуъминýна

23 — Сурат Альмуъминýна [Муъманах] [Маккахь доьссина, 118 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу

1.Бакъдoлуш , дéкъалхилла муъманах ,
2.шаьш шайн лáмазехь [Далла] хьастабелла болу ,
3.шаьш [къамéлехь] эрначух [дéсачух] д1абирзина болу ,
4.шаьш [гуттар] закат доккхуш [луш] болу ,
5.шаьш шайн бехкéметтигаш [хьáрамчух] ларйеш болу ,
6.шайн зударий а , йа шайн аьттучáра дóладинарш [г1арбаш] а бóцучáрех . Баккъалла а уьш бехказа бу [цаьрца лéлóчу юкъаметтигехь]. Кхин дIахьажа

Iовдалчух тар вала ма гIерта

Цхьа стаг хилла Халиф волчу Iумар ибн Iабул-Iазийзе багалееш.
ТIаккха Iумар ибн Iабдул-Iазийза аьлла: «ТIе дан дезаш Къемат-де дацахьарий, хьуна (дала ма-дезза) жоп лур ма дара ас».

22 — Сурат Альхьадж

22 — Сýрат Альхьадж [Хьадж] [Мадинатехь доьссина , 78 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу

1.Х1ай нах ! Шайн Дéлах кхéра ! Баккъалла а [къемат дийнан] сахьтан [хьалхар] дéгар доккха [кхéраме] х1ума ду [шуна].
2.Оцу дийнахь шуна гур ду , х1ор [бер] дакхóриг шá [дукхадéзаш] дакхийначух [бáлан боккхаллийна] йицлуш [цо шен хьóмечу доьзалхóчух д1алóцуш] , х1óр доьзалхóчух ерг [кхéраман ч1áг1аллийна] шен [кийрара] доьзалхо [остаяьлла] охьатосуш . Нах гур бу хьýна [техкаш] бехха [болуш санна] , бехха [ма] бац уьш , делахь а [уьш 1áдийна долу] Аллах1ан 1áзап ду [шá] ч1óг1а [дерг]. Кхин дIахьажа

АллахIана хастам бу-кх массо хьолехь

❏ Цхьаболчу салафаша олуш хилла шайна тIе бала беъча:

-Хастам бу-кх АллахIана, хIара бала сан динехь (суна зен деш) ца хилийтарна.
-Хастам бу-кх АллахIана, хIара бала кхин боккха ца хилийтарна.
-Хастам бу-кх АллахIана, хIара бала лан суна собар делла волчу.

✍ Шайх Мухьаммад ал-Мунажжид.

Iабдуррахьман ибн Iовф ал-Къураший (06.10.2017).

Iабдуррахьман ибн Iовф ал-Къураший (АллахI реза хуьлда цунна) (Рузбан хьехам, 06.10.2017) — скачать

ОЙЛА Е!

❏ Хьоьга цхьамма аьлча: цхьа ши стаг ву чуьркан тlоьхула вовшах леташ, цушиннан хьекъалах воьлура ма вара хьо!

Ткъа муха хета хьуна, дуьненна тIоьхула хlара деригге lалам вовший летар?! И дуьне ма дац АллахIан гергахь чуьркан тIоман мехха а!

✍️ Шайх Ахьмад Iиса ал-МаIсаравий

Къуръан

❏ «Нахе хьайна дагахь мел Къуръан хаа ма дийца, муххале а, хьайн тIехь гайта ахь и Къуръан – мецаниг вузош, тIе-кога доцчунна тIе-кога духуш, боберах къинхетам беш, хьайна во дечунна къинтIераволуш, хьайн нанна муьтIахь хуьлуш».