button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

23 — Сурат Альмуъминýна

23 — Сурат Альмуъминýна [Муъманах] [Маккахь доьссина, 118 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу

1.Бакъдoлуш , дéкъалхилла муъманах ,
2.шаьш шайн лáмазехь [Далла] хьастабелла болу ,
3.шаьш [къамéлехь] эрначух [дéсачух] д1абирзина болу ,
4.шаьш [гуттар] закат доккхуш [луш] болу ,
5.шаьш шайн бехкéметтигаш [хьáрамчух] ларйеш болу ,
6.шайн зударий а , йа шайн аьттучáра дóладинарш [г1арбаш] а бóцучáрех . Баккъалла а уьш бехказа бу [цаьрца лéлóчу юкъаметтигехь].
7.Шá цул [сов дерг дéзаделла] дéхьа кхевдинарг , уьш бу уьш [дóзанех] т1ехбуьйлурш .
8.[дéкъалхилла муъманах бу] Шаьш шайн тéшамаш а , шайн ч1áг1о а ларйеш болу ,
9.шаьш шайн лáмазаш [хéнашца] лардеш болу .
10.Уьш бу уьш [хьакъ болу] вéрасаш ,
11.шаьш ирсана фирдавс [ялсамани] схьаоьцур йолуш болу , шаьш оцу чохь гуттар лаьтташ .
12.[Дéлора] Бакъдолуш , Оха адам кхоьллина ц1енчу поппарх [дина] ,
13.т1аккаха Оха т1адам хилийтина и [нéна кийрарчу] тéшамечу меттехь ,
14.т1аккха Оха т1адамех ц1ийна улх йира , ц1ийнан улхех талх йира , талхах даь1ахкаш йира , д1аь1ахкаш т1е дилха диллира , т1аккха Оха [чу сá а диллина] цуьнах кхин кхоллар дира [хилийтира] . Беркате [сийлахь] хили кхуллучáрех уггар говза [тоьлуш] волу Аллах1 .
15.Т1аккха , баккъалла а шу цул т1аьхьа лийр долуш ма ду .
16.Т1аккха , баккъалла а шу къемата дийнахь [дендина] г1овттор ду .
17.[Дéлора] Бакъдолуш , Оха шуна т1ехула т1ек1ел варх1 стигал ма кхоьллина . Тхо дáцара халкъах чидам [тергам] бóцуш .
18.Стиглара [оьшучу] бáрамца [дог1ан] хи а доссийна , лаьттахь сацийра Оха и . Баккъалла а [шу баркалле ца хилахь] Тхо и [шух] д1атилор т1ехь ницкъ кхóчуш ма ду .
19.Оха кхиийра шуна цуьнца хурман а , кемсийн а бошмаш а , шайна чохь шуна шортта стоьмаш долу , ашa цáрех [и стоьмаш] дууш йолу ,
20.Сайнаъ лóмах хьаладóлу [зайтун] дитт а [кхиийра Оха шуна] , шá [зайт] даьттаца а , дуучарна чамбечунца а хьаладóлу .
21.Баккъалла а шуна , даьхнешкахь [хьайбанашкахь ойла ян] хьéхам ма бу . Оха шуна малайо цéран гайш чохь йолчух [шуьреш , кхин а] шортта пайданаш бу шуна цаьргахь , цáрех [жижиг а] дуу аша .
22.Царна т1ехь а , х1ордкеман т1ехь а д1асхьалéладо [кхоьхьу] шу .
23.[Дéлора] Бакъдолуш , Оха хьажийра [вахийтира] Нухь шен къóме . Цо элира :»Х1ай сан къам ! Аллах1ан 1ибáдат де . Шун вац И вóцург цхьá а [шéна 1ибáдат дан хьакъ волуш] дėла . Шу [Цуьнан та1зарх] ца кхоьру ткъа ?»
24.Цуьнан къóмах [болчу] шаьш [Дéлах] цатешначу элаша элира :»Х1ара [ма] дац , шу санна адам бен , шéна шун т1ехь тóла [даздала] лууш [долу] . Аллах1ана [элча ваийта] лиънехь , малийкаш диссийна хир ма дара Цо . Тхуна ца хезна х1окхунах [лаьцна] тхан хьалхарчу дайшкахь .
25.Иза [ма] вац , шéца [жиний хьуца] талхар долу стаг бен . Ашa тергал [лар] вé и цхьа хан-зáма яллалц [кхáччалц].
26.[т1аккха] Цо [Нýхьас цéран иймáнах догдиллина] элира :»Х1ай сан Дéла ! Г1о дéхьа суна , цáра [со] харцварна !»
27.Оха цуьнан дагчухьийхира :»Х1ордкéма дé-ахь Тхан б1аьра хьалха [Тхан 1уьналлийца] , Тхан дегхьéхамца . Ткъа [уьш х1аллакбарца] Тхан омaр деана пеш [хих] т1ехйеача , оцу [кéман] чу [т1е] дáха х1óра [дийнатах сте-боьрша] ши тайпа а , хьан доьзал а , цáрех шéна т1ехь [х1аллакварца Дéлан] дош хьалхадаьлларг [сецнарг] вóцург . Ахьa соьга ма бéха шаьш зуламдинарш . Баккъалла а [Оха] уьш хи бухабохуьйтур [болуш] бу» .
28.Ткъа х1ордкéман т1ехь хьо а , шá хьоьца верг а д1атарвелча , ахь áла :»Хастам бу-кх Аллах1ана , Шá тхо зуламéчу къóмах к1елхьарадаьхначу»
29.Ахь ала :»Х1ай сан Дéла ! Воссавéхьа со беркатéчу меттиге , Хьо варкха биссóчáрех уггар тоьлуш верг».
30.Баккъалла а цуьнгахь [Оха динчуьнгахь] билагалóнаш ма ю [нáхана] , баккъалла а Тхо ма дара [уьш] зуьйш .
31.Т1аккха кхоьллира Оха цáрел т1аьхьа кхин чкъоьрнаш [къаьмнаш].
32.Оха хьажийра цаьрга цáрех [волу] элча :»Аллах1ан 1ибáдат дé , шун вац И вóцург кхин дéла . Шу ца кхоьру [Цуьнах] ?! [áларца].
33.Цуьнан къóмах [болчу] шаьш [Дéлах] цатешначу , эхартан дуьхьалкхéтар харцдинчу , Оха шайга дуьнéнан дáхарехь зовкх хьегийтанчу элаша элира :»Х1ара [ма] дац , шу санна адам бен , аша шех юучух шá юуш , аша молучух шá молуш [долу].
34.[нагахь санна] Шу шаьш санна долчу адамна муьт1ахь хилахь , шу т1аккха баккъалла а эшнарш ма ду .
35.Шуна ч1áг1о йо цо , баккъалла а шу [далá а] делла , шух латтá а , даь1ахкаш а хилча , баккъалла а шу [лахьтийчуьра] áрадóхур ду [áлаца].
36.Ма гėна дара-кха , ма гéна дара-кха шуна [шéца] ч1áг1o йийриг [хила , дóжа].
37.И ма дац , вайн дуьнéнан дáхар бен . Вай [лан а] лe , вай [дáхá а] дéха . Вай [ма] дац [деллачул т1аьхьа] г1овттор [долуш].
38.И ма вац , шá Аллах1ан т1ехь харцо кхоьллина стаг бен . Вай [ма] дац [цо дуьйцучуьнгахь] цуьнах тéшаш».
39.Цо [Сáлихьа] элира :»Х1ай сан Дéла ! Г1о дéхьа сýна цáра [со] харцварна !»
40.Цо [Дáла] элира :»Кеста [дукха ца 1аьш] дохко бевра бу уьш».
41.[Дéлера уьш] Хьакъ болу [механ] ц1ог1ано д1алéцира уьш . Оха [х1аллак] бира уьш [1оврашо йохьу] нeхаш [санна кéгийна] . [Дáла Шен къиинхетамах] Гéнадоккхийла зуламе къам [и х1аллакдарца].
42.Т1аккха кхоьллира Оха цáрел т1аьхьа кхин чкъоьрнаш [къаьмнаш].
43.Цхьá а уммат шен 1óжаллел хьалхá а дéра дац , т1аьхьá а дуьсур дац .
44.Цул т1аьхьа , т1етт1а Тхан элчанаш бахкийтара Оха . Х1óразза цхьана умматна шен элча мел вóг1у харцвира цо и . Цáрех цхьаберш вукхаьрна т1аьхьа хьовсийра Оха [х1аллак барехь] . Оха цáрех [т1аьхьа бóг1учарна вóнна дáлон] дийцарш [масалш] дира . [Дáла Шен къинхéтамах] Гéнадоккхийла [Дéлах] цатéша къам [и х1аллакдарца].
45.Цул т1аьхьа , Оха хьажийра Муса а , цуьнан ваша Х1áрун а Тхан билгалóнашца а , билгалчу бухцá а ,
46.Фир1авн а , цуьнан элий а болче , [амма] цáра куралла йира [иймáн дилларх] , айделла [дазделла] къам хилира уьш .
47.Цáра элира :»Тхо [мýха] тéша ткъа , тхо санначу шина адамах , цу шинна къам тхан [муьт1ахь] лайш хилча ?»
48.Харцвира цáра и шиъ , [цундéла шаьш] х1аллакбинчáрех хилира уьш .
49.[Дéлора] Бакъдолуш , Мусага [Товрат] жайна ма делира Оха . Уьш нислур бáцар-те [аьлла].
50.Оха йира Марьяман к1антах а , цуьнан нéнах а [нáхана тáмашийна] билгало . Оха [хьуламна] дерзийра и шиъ тийна вехийлá а , шовдá а долуш йолчу айъаеллачу меттиге .
51.Х1ай элчанаш ! Ц1енчáрех [хьáналчух] даа [рицкъа] , дика [мелдерг] дé . Баккъалла а со ашa дийриг хууш ву [шуна].
52.Баккъалла а х1ара шун уммат [шун дин] цхьа уммат ду , Со [цхьаъ] ву шун Дéла , Соьх кхéра [Асa шайна та1зар дарха].
53.Цáра хáдийра [дийкъира] шайн [динан] г1уллакх шайна юкъахь дáкъошка [тóбанашка] . [цáрех] Х1óр тóба а , шéгахь долчух яккхийеш [тáмашбеш] ю .
54.Бита-ахь уьш шайн [тиларан] сонталлехь цхьа хан йáллалц .
55.Царна моьтту-те , баккъалла а Оха бáхамех а , к1ентрех а шайна [дуьнéнахь цхьа дáкъа] далар ,
56.Оха шайна диканашкахь сихо яр ду ? [х1ан-х1á] Мелхо а , царна ца хаало [иза шаьш зер хилар].
57.Баккъалла а шаьш шайн Дéлах кхéрарна ларлурш [ийзалурш] а ,
58.шаьш шайн Дéлан áяташха тéшарш а ,
59.шаьш шайн Дáлла дéкъахо ца вийраш а ,
60.шаьш [нáхана] лург , шайн дегнаш [и къóбул ца дарна] кхоьруш а долуш лурш а , баккъалла а шаьш шайн Дéле боьрзур болун дėла ,
61.уьш — цáра диканашкахь сихо йо , уьш цéра дуьхьа [кхéчáрел] хьалхабуьйлу .
62.Оха [цхьанá а] сина т1е ца дуьллу , цуьнан ницкъ кхóчург бен , Тхоьгахь ду [шá] бакъонца дистхуьлу [адамийн 1амалш т1еязйина] жайна , царна зулам дийр [долуш] дац [цу т1ехь].
63.Мелхо а [х1еттé a] цéран дегнаш [тиларан] сонталлехь [ма] ду х1окхунах [Kъуръáнах] . Цéран ю 1амалш , уьш йóцурш а , цáра шаьш еш йолу .
64.Оха цáрех зовкх хьоьгурш 1áзапца схьалецча , т1аккха [орцанца] мохь болу цéра .
65.[цаьрга эра ду] «Тахана [орца доьхуш эрна] мохь ма бетта ! Баккъалла а шуна Тхоьгара г1о хир [долуш] дац» .
66.Бакъдолуш , Тхан [Kъуръáнан] áяташ дара шуна доьшуш , ткъа шу [шайн к1áжаш т1ехь] юхаг1ерташ дара ,
67.дазалла деш цунах [хьаж-ц1ийнах] , шаьш буьйсана [хьаж-ц1ийна гóнаха] гуллой [элчанна , Kъуръáнна] луьйш .
68.Цáра ойла ца йина [Дéлан] дешан [и довзархьама] ? Йа цаьрга цéран хьалхара дайшка ца деанарг деана [цáра и т1е ца лáццал] ?
69.Йа царна ца вевзина шайн элча [дика мел долчунца] , [йа вевзина хьаг1-гáмо лаьцна] юхатуха цáра иза ?
70.Йа цуьнца [жиний хьýца] талхар ду бóху цáра ? Мелхо а , иза царна бакъонца веана-кх , х1етте цáрех дукхахберш бакъо éзаш [ма] бац .
71.Бакъдерг [Аллах1] цéран [дéг1ан] лаамашна [муьт1ахь а хилла царна] т1аьхьа х1оьттинéхьáра , стигланаш а , латта а , царна чохь [мел] дерг а телхар ма дара [цéран лаамаш телхана болун дéла] . Мелхо а , Тхо даьхкира цаьрга царна хьахорца [Kъуръáнца , амма] уьш шайна хьахóрах д1аберзара .
72.Я цаьрга ял йоьху ахьа ? Хьан Дéлан ял тоьлуш ю [хьуна] , Иза рицкъалучáрех тоьлуш верг ву .
73.Баккъалла а ахьa [кхайкха] ма кхойкху [ислáман] нийсачу нéкъе .
74.Баккъалла а шаьш эхартах ца тéшарш , [нийсачу] нéкъах д1абевлларш ма бу .
75.[нагахь санна] Оха цáрех къинхетам бина , цаьрца долун зен д1адаьккхинéхьáра , уьш [кхин къар ца луш] бáхлур ма бара шайн тиларехь , шаьш боьхна лéлаш .
76.[Дéлора] Бакъдолуш , Оха схьалéцира уьш [Тхан] 1áзапца , [х1етте] уьш муьт1ахь ца хилира шайн Дáлла , хьаста ца ло [Цуна].
77.Оха шайна т1ехь ч1óг1ачу 1áзапан не1 йиллича , т1аккъа цáра [массо а диканех] догдуьллу [шаьш хьéрé хиле] 78.Иза ву и Шá шуна хазар а , б1аьрсаш а , дегнаш а кхоьллинарг . [ма] К1еззиг баркалла олу-кх ашa .
79.Иза ву и Шá шу лаьттахь кхоьллинарг . Цуьнга д1агулдийр ду шу [деллачул т1аьхьа].
80.Иза ву и Шá дендийриг а , кхалхóриг а . Цуьнан [ницкъаца] ду де , буьйса хийцадалар . Хьéкъалé ца хуьлу шу [т1аккха шайна Тхан ницкъ бовза] ?
81.Мелхо а , цáра элира хьалхарчáра ма-áллара
82.Цáра элира :»Тхо [далá а] делла , тхьох латтá а , [мурйоьлла] даь1ахкаш а хилча , баккъалла а тхо г1овттор ду те ?
83.[Дéлора] Бакъдолуш , и [г1овттóран] ч1áг1о тхунá а , тхан дайшнá а [Мухьаммадал] хьалха йинéра . И [ма] дац , хьалхарчéран туьйранаш [дийцарш] бен» .
84.Ахь áла :»Хьéнан [дóлаллехь] ду латтá а , оцу чохь [мел] верг а , шу хууш делахь ?»
85.Цáра [къéра хилла] эра ду :»Аллах1ан ду» . Ахь áла :»Ашa хьéхар ца оьцу ?»
86.Ахь áла :»Мила ву варх1 стигалийн Дéла а , сийлахьчу «1аршан» Дéла а ?»
87.Цáра [къéра хилла] эра ду :»Аллах1ан ю [уьш]». Ахь áла :»[Дéлах] Ца кхоьру шу ?»
88.Ахь áла :»Мила ву шен карахь массо а х1уманан óлалла [дóлалла] дерг , Шá [массо] ларвийриг , Шá [цхьаммо] ларцавийриг , шу хууш делахь ?» .
89.Цáра [къéра хилла] эра ду :»Аллах1 ву». Ахь áла :»Т1аккха шу [шайт1ано бакъдолчух] лиэ [1иэха] муха до ?»
90.Мелхо а , Оха царна бакъдерг делла , [х1етте] баккъалла а уьш харцлуьйш ма бу .
91.Аллах1а ца лаьцна [Шéна] доьзалхо , Цуьнца [дéкъахь] ца хилла цхьá а дéла , [хиллехьáра] т1аккха х1óр дáла а д1ахьур ма дара шá кхоьллинарг , цáрех цхьаберш вукхáрел лакхабевр бара . Ц1ена ву Аллах1 цáра [Шéна] т1ехь [харцóнах] кхуллучух ,
92.къайлахдерг а , гушдерг а хууш волу , лакха вéли И цáра [Шéна] бечу дéкъахойх .
93.Ахь áла :»Х1ай сан Дéла ! [нагахь санна] Ахьa суна [гайтаза ца даьлла] гайтахь [Ахьa] царна ч1áг1о йийриг ,
94.х1ай сан Дéла ! Ма вéхьа со зуламéчу къóман юкъахь».
95.Баккъалла а , Тхо ницкъ кхóчуш ма ду , Оха царна [та1зарца] ч1áг1о йийриг хьуна гайтар т1ехь .
96.Ахьa духатóха [нéха] вóниг , шá дика [хаза] долчунца . Тхо т1ех дика хууш ду цáра [Тхуна] т1ехь [харцóнех] кхуллург .
97.Ахь áла :»Х1ай сан Дéла ! Со Хьоьца ларло шайт1анийн [вóчуна] т1ехьéхаршха .
98.Со Хьоьца ларло , х1ай сан Дéла , уьш сайна [герга] дахкарха».
99.Цáрех цхьанна валар т1едеача , цо элира :»Х1ай сан Дéла ! [дуьненчу] Вухаверзавéша со ,
100.дика дан мегара [тарлóра] аса , айса [дуьнéнахь асa терго йóцуш] дитанчуьнгахь». Х1ан-х1á . Баккъалла а , иза цó шá óлу дош ду . Царна т1éхьá [хьалхá] дуьхьало ю уьш г1овттóран дийнналц .
101.Зурманчу х1уп аьлча [и лекхча] , оцу дийнахь гергарлóнаш [хир] дац царна юкъахь , вовшашка [хьал-де] хоьттур дац цáра .
102.Шен терзанаш [диканах] дазделларг [милла велахь] , уьш бу уьш дéкъалнаш .
103.Шен терзанаш [диканах] дайделларг [милла велахь] , уьш шаьш шайн дог1машна зен динарш — гуттар жоьжахатахь [хир] берш бу ,
104.ц1арó шайн яххьаш йáгош [морцуш] , шаьш цу чохь [ц1áрмат хилла] кхоьлина болуш .
105.Сан áяташ дáцара шуна доьшуш , ткъа шу уьш харцдеш дара ?
106.Цáра элира :»Х1ай тхан Дéла ! Тхан дáкъазалла туьйлира тхуна т1ехь , [т1аккха] тхо тилла къам хилира .
107.Х1ай тхан Дéла ! Áрадáхахь тхо оцу [жоьжахати] чуьра , [нагахь санна] тхо [вóнашка] юхадерзахь , т1аккха тхо [та1зар хьакъ долу] зуламхой ду-кх».
108.Цо элира :»Д1асовца цу чохь , [дéхаршца] Соьга дист ма хила !»
109.Баккъалла а Сан лайшха цхьа тóба яра шаьш óлуш :»Х1ай тхан Дéла ! Тхо тешна [Хьоьх] , гечдéхьа тхуна , къинхетам бéхьа тхоьх , Хьо ву-кх къинхетам бечáрех уггар тоьлуш верг».
110.Шу цáрех кхаьрдира , цáра шайна Со хьахор дицдаллац , шу дара цáрех доьлуш .
111.Баккъалла а , Асa тахана царна [диканца] бéкхамби цáра [шун кхардарна] сатóхарна . Баккъалла а , уьш бу уьш [диканца] тоьлларш .
112.Цо элира :»Мас шарахь 1ийна шу лаьттахь [дéхаш] ?»
113.Цáра элира :»Тхо 1ийна дийнахь , я дийнан [цхьана] дéкъехь , дагардечаьрга хаттахь ?»
14.Цо элира :»Шу ца 1ийна к1еззиг бен . Баккъалла а шу хиллехь [и] хууш [ашa хоржур ма дáцара пáнадерг дуьсур долчун т1ехь]».
115.Ткъа шуна моьттинéра , баккъалла а Оха шу бéгашна [зáбарна] кхоьллина , баккъалла а шу Тхоьга дерзор дац ?»
116.Лакхаваьлла [Шá] бакъ , паччахь волу Аллах1 , кхин дéла вац И — сийлахьчу «1аршан» Дéла вóцург .
117.Шá Аллах1аца кхин дéла кхойкхург [милла велахь , цхьá а] бух бац цуьнан цуьнца , баккъалла а цуьнан хьéсап шен Дáлла гергахь ду . Баккъалла а [Дéлах] цатéшаш [къемата дийнахь] дéкъал хир бац .
118.Ахь áла :»Х1ай сан Дéла ! Гечдéхьа [сан къиношна] , къинхетам бéхьа [соьх] , Хьо ву-кх къинхетам бечáрех уггар тоьлуш верг».

22/03/2015

Comments are closed.