button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Эшарш дог талхадо

Ад-Даххьáка (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:

❏ «Эшарша дог хIаллак а до, Дела оьгIаз а вохуьйту».

📕 Салáтул-муъмин, 2/935.

Къуръан

Шайх Мухьаммад ибн Салихь ал-lусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Нагахь Къуръанах (и дешча я хезча) хьан дагна асар хуьлуш дацахь, айхьа-хьайга бехк баккхалахь. ХIунда аьлча, АллахIа аьлла: ХIара Къуръан лома тIе доссийнехьара (дукха хьастабаларна) áтабелла дIабера ма бар иза».

📕 Шархьул-Iакъидатил-вáситIия, 440.

ШоIип: Цамгарна собаре хилар

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 8-гIа дарс, 3-гIа дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 8-гIа дарс, 3-гIа дакъа — скачать

Iилма нур ду

Имам Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Хаалахь, Иблиса дуьххьара нах шеца Iехийнарг — Iилманах уьш юхатохар дуй! ХIунда аьлча, Iилма – нур долун дела. Ткъа Иблиса церан къуьданаш дIадайича, шена луучу кепара боданехь хьоьшур бу цо уьш (вуьштта аьлча, ширк чу а, бидIат чу а, къиношна чу а эгор бу цо уьш)».

📕 Талбис иблис, 1/389.

Деган кхача

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Iилма — деган кхача а, малар а, молха а ду. Деган дахар Iилманах хIоттаделла ду, ткъа Iилма дагах дIакъастахь, иза делла дог ду».

📕 Мифтáхьу дáрис-саIáдахI, 1/344.

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 8-гIа дарс, 2-гIа дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 8-гIа дарс, 2-гIа дакъа — скачать

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 8-гIа дарс, 1-ра дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 8-гIа дарс, 1-ра дакъа — скачать

Ийман

Имам АвзáIега хаьттина: «Ийман хьаладолий» — аьлла? ТIаккха цо аьлла: «ХIаъ, долу, лаьмнаш санна (доккха хиллал) хьаладолу, иштта охьа а долу, шех цхьа а хIума ца юьсуш».

📕 Ас-Сунна лил-Лалакáий, 5/1030.

Витр ламаз

Имам Ахьмад ибн Хьанбала (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хаа а хууш витр ламаз Iаддитинарг вон стаг ву, цуьнгара тешалла къобалдан а ца деза».

📕 РухIбáнул-лайл, 2/331.