button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

СагIа

Веллачо ша юха дуьненчу верзийча «сагIа далар» хIунда хоржура дара те? Сийлахь-Везачу АллахIа ма-аллара: «…Сан Дела! КIеззиг ханна тIаьхьатеттина велара Ахь со, сагIанаш лур ма дара ас…».

Веллачо ца аьлла: «Iумрат дийра дара-кх ас, ламаз дийра дара-кх ас, я марха кхобур дара-кх ас…».

Iеламнаха аьлла: «Веллачо сагIа хьаха ма ца дина, ша веллачул тIаьхьа сагIа даларан йоккха ял шена гичий бен».

Дуккха а сагIанаш даха аш, баккъалла а, АллахIах тешаш хилларг, къематдийнахь шен сагIанан IиндагIехь хир волуш ву шуна.

ДогIане валар суннат ду

Ибн Iусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Суннат ду, адамо догIа доладелча шен дегIан муьлхха а меже аракховдаяр, цунах догIа кхетийтархьама». Ал-Фатáвá, 16/363.

Iибадатан марзо хIунда ца хаало вайна?

Хаттар: Iибадатан марзо хIунда ца хаало вайна?

Жоп: Вайна Iибадатан чам хаабала новкъарло еш дерг, къинош дукха хилар ду. Цомгушчунна моз къахьадаларе терра. Мазехь цхьа сакхат хиларна ма даций иза, амма цомгушчуьнан туй кхаьхьа хиларна ду.

Шайх Мухьаммад ал-Мунажжидас — (АллахIа Iалашвойла иза).

Iелам нехан дозалла

Имам Ибнул Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Ислам дин дендархьама Iилма Iамийнарг сиддикъийншах (бакълуьйчарах) ву. Ткъа Iилма Iамочуьнан дарж пайхамарийн даржана тIаьххье догIуш ду». Мифтáхьу дáрис-саIáдахI, 1/121.

Эшаршка ладегIаро Iибадатах юхавоккху

Шайх ибн Базас (АллахIа къинхетам бойла цунах),О аьлла: «Эшаршка ладегIар хьарам ду, мегаш дац. Дегнаш цомгуш дечу а, уьш дакъочу а, Дела хьехорах а, ламазах а юхаветтаран бахьанех цхьа бахьана ду иза». МажмуI ал-Фатава, 3/423.

Абу IабдуллахI: Уггаре даккхий къинош 8-гIа дакъа (25.11.2016).

Уггаре даккхий къинош 8-гIа дакъа (Рузбан хьехам, 25.11.2016) — скачать

Абу IабдуллахI: Уггаре даккхий къинош 7-гIа дакъа (18.11.2016).

Уггаре даккхий къинош 7-гIа дакъа (Рузбан хьехам, 18.11.2016) — скачать

Хьом вац-те хIокхо вуьйцург?!

Хьайн дай-наний хьайна хьестадала доьлча, хьо оьгIуза вахарна кхоьруш дешнаш хержа доьлча, хьуна хаалахь хьо вон доьзалхо вуйла.

Абу IабдуллахI: Уггаре даккхий къинош 5,6-гIа дакъа (11.11.2016).

Уггаре даккхий къинош 5,6-гIа дакъа (Рузбан хьехам, 11.11.2016) — скачать

Ан-Нахьвул вáдихь: МудариI фиIлана насба дар а, хьалхара шардар а

Ан-Нахьвул вáдихь: МудариI фиIлана насба дар а, хьалхара шардар а — نصب الفعل المضارع، والتمرين الأول — скачать