|
3 — Сýрат Áли 1имрáн [1имрáнан доьзал]
[Мадúнатехь доьссина ‚ 200 áят ду]
Аллáх1а ц1арца къинхéтаме , къинхéтам беш волу
1.Aлиф-лáм-мúм .
2.Аллах1 [ву] — кхин дéла вац [кхолламехь] Изá бен , [Шá] дийна , [адамийн хьашташна] д1ах1оьттина волу .
3.Цó хьýна т1е бакъонца [дáкъошкахь доссош] жайна доссийна , шел хьалхарниг [шá] бакъдеш . [иштта] Цó доссийна Таврáт а , Инжийл а ,
4.[Къуръáнал] Хьалха , [цу заманара] нáхана нийса некъ хилийта . [иштта] Доссийна [бакъ-хáрц] Къастóриг а . Баккъалла а шаьш Аллах1ан áятех цатешнарш , цáрна ч1óг1а 1áзап [хир] ду . Аллах1 сийлахь , бéкхаман Дá ву .
5.Баккъалла а Аллах1 — Цунах хьуллуш дац цхьá х1ума лаьттахь а , дац стиглахь а .
6.И ву шу [нáнойн] кийранашкахь [тайп-тайпана] кéпé [сибтé] дерзош , Шéна ма-лаъара . Кхин дéла вац [кхолламехь] Изá бен , сийлахь , кхéтамé волу .
7.И ву Шá хьýна т1е жайна доссийнарг , цуьнах ду билгала [долу] áяташ а , уьш жайнан нáна [бух лóруш] ду , вуьйш [маь1наш вовшех] терадерш [билгала дóцурш] а . Амма шайн дегнаш чохь [бакъóнах] д1атовжар дерш , уьш т1аьхьах1уьтту цуьнах [вовшех] тера хиллачáрна , [нáхана] питан дáккха г1ерташ а , и тида г1ерташ а . Цуьнан тидар ца хаа [цхьана] Аллах1ана бен . 1илмангахь к1оргé баханчáра óлу :»Тхо тешна цуьнах [билгала дóцучух] . Дерригé [Къуръáн] тхан Дáлла гергара ду». [делахь] Хьéхам ца оьцу хьéкъалан дайша бен .
8.Х1ай тхан Дéла ! [бакъóнах] Д1а ма товжадéхьа тхан дегнаш , Айхьа тхо [цу т1е] нисдинчул т1аьхьа ! Лóхьа тхуна Хьайгара къинхéтам , баккъалла а Хьо ву-кх луш верг.
9.Х1ай тхан Дéла ! Баккъалла а Хьо ву-кх нáх гулбийриг , шéгахь шекó йóцучу [къéмата] дийнахь . Баккъалла а Аллах1а ца йóхайо [Шен] ч1áг1ó .
10.Баккъалла а шаьш [Дéлах] цатешнарш , цéран даьхнешá а , цéран бéрашá а Аллах1ах [цкъá а] х1уммá а хьалха бóхур ма бац уьш . Уьш бу уьш жоьжахатин ц1éран г1ирс .
11.Фир1авнан ох1лунан а , шаьш цáрел хьалхарачéран а хьóлах терра [ду цéран хьал] , Тхан áяташ харцдира цáра , т1аккха Аллах1а цéран къинош бахьанехь [1áзапца] схьалийцира уьш . Аллах1 та1зар ч1óг1а долуш ву .
12.Ахь áла шаьш [Дéлах] цатешначáрга :»[дуьнéнахь] Эшор ду шу , [эхартахь] жоьжахати чу д1агулдийр ду шу . Ма вон мотт бу-кх и [жоьжахати]».
13.Бакъдолуш [т1амна] дуьхь-дуьхьал кхетначу шина тóбанехь билгалó яра шуна , [цáрех цхьа] тóба Аллах1ан нéкъахь т1ом беш ю , важа [тóба] керста ю . Цáрна [бусулбанашна] уьш [керстанаш] го шайл шозза дукха б1аьргана гарехь . [амма] Аллах1а ч1аг1во Шен г1оьнца Шéна [ч1аг1ван] луург . Баккъалла а цунгахь [хьахийначунгахь йоккха] билгалó ма ю [и ган] б1аьрса долчарна .
14.[Дáла] Адамашна хаздина даггара бéзар зударий а , к1ентий а , дешех а , детех а [гулбина] чот йóцу [дукха] бáхамаш а , хаза [тайна] дойш [говраш] а , даьхнеш а , кхаш а . И [дерригé] дуьнéнан дáхаран зовкх ду . Ткъа Аллах1 — Цунна гергахь хаза воьрзийла ю .
15.Ахь áла :»Асa цул дикадерг дийций шуна ? Шаьш [Дéлах] кхийранчáрна шайн Дáлла гергахь шайна к1елахула тáтóлаш лéлаш йолу бошмаш а , [шаьш] гуттар цу чохь лаьттар болуш , ц1ена [оьзда] зударий а , Аллах1éра [ч1óг1а] рéзахилар а ду . Аллах1 гуш [бевзаш] ву [Шен] лайш ,
16.шаьш óлуш болу :»Х1ай тхан Дéла ! Баккъалла а тхо тешна [Хьоьх] , гечдéхьа тхýна тхан къинош , 1áлашдéхьа тхо [жоьжахатин] ц1еран 1áзапах !»
17.[шаьш] Сóбарé а , бакълуьйш а , муьт1ахь а , харжйеш а , 1уьйкъéнашкахь гечдар доьхуш а болу .
18.Аллах1а тоьшалла дина , баккъалла а кхин дéла ца хиларца Шá бен . [иштта мук1арлонца] Малийкашá а , [тéшарца] 1илман дайшá а [тоьшалла дина] . Нийсонца д1ах1оьттина ву [И Аллах1] . Кхин дéла вац , И [Аллах1] бен , сийлахь , кхéтамé волу .
19.Баккъалла а [бакъ] дин Аллах1ан гергахь Ислам [дин] ду . Шайга жайна делларш бéкъа ма ца белира , шайга 1илма деанчул т1аьхьá бен , шайна юккъéрчу хьаг1-гáмонна . Шá Аллах1ан áятех цатéшарг [милла велахь] , баккъалла а Аллах1 [цуна] хьéсап чехка деш ву .
20.Цáра хьоьца [динехь] къевсинехь , ахь áла :»Аса муьт1ахь йина сайн юьхь Аллах1ана , сýна т1аьхьа [мел] х1оьттинчó а [йина и]». Ахь áла шайга жайна деллачáргá а , цаделлачáргá а :»[Дáлла] Муьт1ахь хиллий шу ?» Ткъа уьш [Цунна] муьт1ахь хиллехь , т1аккха бакъдолуш нийсачу новкъа бевлла уьш , ткъа уьш д1абирзанехь , баккъалла а хьýна т1ехь [дерг , деккъа] д1акхайкхор ду . Аллах1 гуш [бевзаш] ву [Шен] лайш .
21.Баккъалла а шаьш Аллах1ан áятех цатéшарш , цхьá бакъó йóцуш пайхамараш бойъурш , нáхах нийсóнца шаьш омар дийраш бойъурш [муьлш белахь] , ахьа цáрга кхаъ бáккха лазóчу 1áзапца .
22.Уьш шайн 1амалаш [эрна] йайнарш бу дуьнéнахь а , эхартахь а . Цéран бац [1áзап духатóха] г1оьнчий .
23.Хьýна ца гина шайга [Дáла] жайнах [цхьа] дáкъа делларш , Аллах1ан жайне кхойкхуш , цунга цáрна юккъехь кхел йайтархьама ? Т1аккха цáрех [цхьа] тóба д1айоьрзу , шаьш [кхéлана] дуьхьал болуш .
24.И [цéран д1аберзар] , баккъалла а цáра :»Тхоьх [жоьжахатин] ц1е хьакхалур ма яц дагардинчу [масситта] дийношкахь бен» — аьлла дéра ду . Уьш 1éхийра [лéбира] шайн динехь шаьш [харц] кхуллуш хиллачó .
25.Мýха [хир ду цéран хьал] , Óха уьш шéгахь шéко йóцучу [бéкхаман] денна гулбина , х1óра дéг1ана шá гулдинарг кхоччуш д1аделлачу хенахь , цáрна [цхьá] харцó ца еш ?
26.Ахь áла :»Йá Аллах1 ! Х1ай паччахьаллин Паччахь ! Хьайна луучунна паччахьалла ло Ахьа , Хьайна луучунгара паччахьалла схьадоккху Ахьа , Хьайна луург сийлахь во Ахьа , Хьайна луург сийсаза во Ахьа . Хьан карахь [дóлахь] ду [массó] дика . Баккъалла а Хьо массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш [Эла] ву .
27.Буьйса дийнан чуйуллу Ахьа , де буьйсан чудуллу Ахьа [и шиъ хийцадалийтарца] , деллачух дийна дерг схьадоккху [делларг дендо] Ахьа , дийначух делларг схьадоккху [дийнадерг кхалхадо] Ахьа , Хьайна луучунна рицкъа ло Ахьа чот йóцуш [дукха].
28.Ма лéцийла муъманáха керстанаш гергара [шаьш санна болу] муъманáх [1адда] битина ! — Шá [цáрца] и [гергарлó] деш верг [милла велахь] , т1аккха Аллах1éра [гергарлóнах] х1уммá дац [цуна] — Цáрех лардалархьама Шу кхéрар дóцург . Аллах1а Шéца [Шен 1áзапца] кхéрамтосу шуна . Аллах1é ду [шун] дерзар».
29.Ахь áла :»Шайн кийранашкахь [дегнашкахь] дерг аша хьулдичá а , йа аша и гучудаьккхичá а , Аллах1ана хууш ду и . Цуна хаа стигланашкахь [мел] дерг а , лаьттахь [мел] дерг а . Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .
30.Х1óра дéг1ана шá диканах динарг а , шá вóчух динарг а схьадáлийна карор долчу дийнахь луур ду , баккъалла а шéнá а , цуннá а юккъехь геннара хан хулийла . Аллах1а Шéца [Шен 1áзапца] кхéрамтосу шуна . Аллах1 [Шен] лайшха къахéташ ву».
31.Ахь áла :»Шу делахь Аллах1 вéзаш , сýна т1аьхьадáза , [т1аккха] Аллах1ана дéзар ду шу , шун къиношна шуна гечдийр ду Цó . Аллах1 гечдеш , къинхéтамé ву».
32.Ахь áла :»Муьт1ахь хила Аллах1анá а , элчаннá а». Ткъа уьш [муьт1ахьаллех] д1абирзанехь , баккъалла а Аллах1ана ца бéза керстанаш .
33.Баккъалла а Аллах1а [пайхамараллийца] хаьржина Áдам а , Нýхь а , Ибрáх1иман ох1лý а , 1имрáнан ох1лý а 1áламашна т1ехь —
34.Шех цхьаберш вýкхáрех [схьабевлла] болу т1аьхьé . Аллах1 хезаш , хууш ву .
35.1имрáнан зудчó элира :»Х1ай сан Дéла ! Баккъалла а асa Хьýна [1úбáдатна] мукъадаьккхина хьажийна [д1аделла] сайн кийрахь дерг , къóбал дéхьа соьгара [и] . Баккъалла а Хьо хезаш , хууш ву».
36.[к1ант хиларе сатуьйсуш йолу] Шá и [йо1] йинчу хéнахь [бехкала йахна] цó элира :»Х1ай сан Дéла ! Баккъалла а асa йина и стé». Аллах1 вунó дика хууш ву цó йинарг [йо1 юйла] . Бóжа дац стé санна . Баккъалла а асa цуна Марьйам ц1е тиллина . Баккъалла а асa Хьоьца ларйо изá а , цуьнан т1аьхьé а [шéна Хьан] не1алт дахначу шайт1анах».
37.Т1аккха цуьнан Дáла хаза къóбалйарца къóбул йира и , хаза кхиорца кхиийра и , Закрийга цуьнан дóладайтира . Закрий и йолчу х1усамé мел вóг1у , цунна гергахь рицкъа карадóра цунна . Цó [Закрийс] элира :»Х1ай Марьйам ! Мичахьáра [даьлла] ду хьýна х1ара [рицкъа] ?» Цó элира :»Иза Аллах1ан гергара ду . Баккъалла а Аллах1а Шéна луучунна рицкъа ло [цхьа] хьéсап дóцуш».
38.Цигахь кхайкхира Закрийс шен Дéлé , цó элира :»Х1ай сан Дéла ! Лóхьа сýна Хьайгара дика [оьзда] т1аьхьé ! Баккъалла а Хьо , до1а хезаш ву».
39.Т1аккха малийкаша кхайкхира цунга , иза [маьждиган] михьрáб чохь д1ах1оьттина лáмаз деш волуш , баккъалла а Аллах1а кхаъ боккху хьоьга [хьан хир волчу к1антаца] Яхьйáца — [шá] Аллах1éра [долу 1ийса дуьнен т1е вáлар] дош бакъдеш волу , тхьамда [хир] волу , [зударех] вухакхетна волу , диканáхах [схьаваьлла] пайхамар волу .
40.Цó элира :»Х1ай сан Дéла ! Сан мýха хуьлу к1ант , бакъдолуш къáналла т1е ма еана сýна , сан зудá ю бéр ца хуьлуш ?» Цó [Дала] элира :»Иштта , Аллах1а до Шéна луург».
41.Цó [Закрийс] элира :»Х1ай сан Дéла ! Билгалó éхьа сýна !» Цó [Дáла] элира :»Хьан билгалó — кхá дийнахь ишарца бен хьо нáхé вист ца хилар ю . Хьайн Дéла хьахавé дуккхá , вазвé [Иза] суьйраннá а , 1уьйраннá а».
42.Малийкаша элира :»Х1ай Марьйам ! Баккъалла а Аллах1а хаьржина хьо , ц1анйина хьо , [цу зáман] 1áламийн зударашлахь хаьржина [йазйина] хьо .
43.Х1ай Марьйам ! [хьастаелла 1ибáдат дарца] Муьт1ахь хила хьан Дáлла , сужда-дé , руку1 дечáрца руку1-дé !»
44.И [хьахийнарг] къайлахчу хабарех ду , Óха шá хьоьга хьоьхуш . Хьо цáрца вáцара , цáра шайн [палтосу] къóламаш [пхерчий хи чу] кхуьйсучу хéнахь , Марьйаман дóла шайха хьá дийр ду [хьовсуш] , хьо цáрца вáцара цáра къуьйсучу хéнахь .
45.Малийкаша элира :»Х1ай Марьйам ! Баккъалла а Аллах1а кхаъ боккху хьоьга Шéгарчу дашца , цуьнан ц1е «Масийхь» — Марьйаман к1ант 1ийсá ю , дуьнéнахь а , эхартахь юхьк1áмé волуш , [Дáла Шéна] гергаоьзначáрех волуш ,
46.И вист хир ву нáхе áганахь волуш а , воккха волуш а , диканáхах [цхьаъ] хир волуш».
47.Цó элира :»Х1ай сан Дéла ! Мýха хуьлу сан бéра , соьх [цхьá] стаг хьакхавеллá ца хилча ?» Цó элира :»Иштта , Аллах1а кхуллу Шéна [кхолла] луург . Шá [цхьана] белхан сацам бича , баккъалла а Цó óлу цунга :»Хила !» — т1аккха и хуьлу .
48.Цó цуна 1áмор ду йóзá а , кхéтамаллá а , Таврат а , Инжийл а .
49.Исрáилан к1енташка элчá а [вийр ву цунах , шá óлуш] :»Баккъалла а со шоьга веана шун Дéлéра билгалонца — баккъалла а асa шуна поппарх олхазаран санна кеп йийр ю , т1аккха цу чу 1а тýхур ю , т1аккха цунах олхазар хир ду Аллах1ан пурбанца . Асa тóвийр ву б1аьрзéниг а , «прокáза» [цамгар] ерг а , денбийр бу белларш а Аллах1ан пурбанца . Асa шуна дуьйцур ду ашa юучух а , шайн х1усамашкахь ашa хьулдечух а дерг , Баккъалла а цу [хьахийна] чохь , шуна билгалó ма ю , шу маъманáх делахь .
50.[иштта , со шуна веана] Сайл хьалха Таврáтах деанарг бакъдан а , [хьáлха] шуна хьáрам дина [хилла] цхьадерг шуна хьáнал дан а . Со шуна веана шун Дéлéра билгалонца . Аллах1ах кхéра , сýна муьт1ахь хила !
51.Баккъалла а Аллах1 — сан Дéлá а , шун Дéлá а ву , Цунна 1ибáдат-дé . Х1ара бу [шуна] нийса некъ».
52.[шéна] Цáргара [билггала] керстаналла хааделча 1ийсáс элира :»Муьлш бу сан г1оьнчий Аллах1ан т1е [боьдучу новкъахь] ?» [1ийсáн] Нáкъосташа элира :»Тхо ду-кх Аллах1ан [динан] г1оьнчий . Тхо тешна Аллах1ах , тоьшалла дéхьа баккъалла а тхо бусулбанаш [Дáлла муьт1ахь] хиларца !
53.Х1ай тхан Дéла ! Тхо тешна Ахьа доссийначух , тхо т1аьхьадаьзна [Хьан] элчанна [1ийсáна] , д1айаздéхьа тхо [Хьó цхьаъ хиларца] тоьшалла дечáрца [цхьана] !»
54.[1ийсáна] Х1илла дира цáра , Аллах1а [дуьхьал] х1илла дира [цáрна] . Аллах1 ву х1илланчех уггар говзаниг .
55.Аллах1а элира :»Баккъалла а Асa хьо д1акхалхор ву , Сайга хьо хьалавоккхур ву , шаьш [Соьх] цатешначáрех хьо ц1анвийр ву , шаьш хьýна т1аьхьах1иттинарш къéматде дáллалц шаьш [Соьх] цатешначáрна т1ехула бийр бу . Цул т1аьхьа Соьга ду шун дерзар , т1аккха Асa кхел йийр ю шуна юккъехь , шу шéгахь дéкъалуш хиллачунгахь .
56.Амма шаьш [Соьх] цатешнарш , Асa цáрна 1áзап дийр ду ч1óг1ачу 1áзапца дуьнéнахь а , эхартахь а , бáц цéран [и юхатóха] г1оьнчий .
57.Амма шаьш [Соьх] тешнарш , диканаш динарш , Цó цáрна кхоччуш д1алур ю шайн éлаш . Аллах1ана цабéза зуламхой .
58.И [хьахийнарг] , Óха и доьшу хьýна áяташна т1éрá а , кхéтамéчу хьéхамна т1éрá а .
59.Баккъалла а 1ийсан [кхолларан] масал Аллах1ан гергахь Áдаман масалах тера ду . Цó и [Áдаман чáрх] кхоьллира лáттах , цул т1аьхьа элира :»[дийна] Хила» — т1аккха и хилира .
60.[и хьахийнарг] Бакъдерг ду хьан Дéлéра , хьо ма хилалахь [цунах] шекболчáрех .
61.Шá хьоьца цу [1ийсáн] хьокъехь къевсинарг [милла велахь] , хьоьга [цунах дерг] хаар деанчул т1аьхьа , ахьa [цáрга] áла :»Схьадуьйла , кхойкхур бу вай тхан к1ентий а , шун к1ентий а , тхан зударий а , шун зударий а , тхан дог1маш а , шун дог1маш а [пхьоьхане] , цул т1аьхьа [не1алт] доьхур ду вай [харцлуьйчунна] , т1аккха [и] Аллах1ан не1алт [вайха] харцлуьйчáрна хьажор ду вай».
62.Баккъалла а х1ара [хьахийнарг , шéгахь шéко йóцуш] бакъ хабар ма ду , [кхин] дéла [ма] вац Аллах1 бен , баккъалла а Аллах1 — Иза сийлахь , кхéтамé ма ву .
63.Ткъа уьш [иймáнах] д1аберазахь , баккъалла а Аллах1 [и] бóхaмхой бевзаш [ма] ву .
64.Ахь áла :»Х1ай жайнан ох1лу ! Схьадуьйла тхýнá а , шунá а юккъехь цхьатерра долчу дашé — [и ду] Аллах1ана бен вай 1ибадат дийр дац , Цунна цхьá х1ума дéкъахó йийр йац , вайха цхьаболчáра вуьйш дéланаш лоьцур бац Аллах1 [1адда] витина . Ткъа уьш [Дéла цхьаъ варх] д1абирзанехь , т1аккха аш áла :»Тоьшалла-дé баккъалла а тхо [Дéла цхьаъ веш] бусулбанаш хиларца».
65.Х1ай жайнан ох1лу ! Х1унда къуьйсу аш Ибрáх1иман хьокъехь , цул т1аьхьá бен доссийнá [ма] дац Таврат а , Инжийл а ? Шу ца кхéта [шаьш харцлуьйш хилар] ?!
66.Шу ду х1орш шаьш къевсинарш , шайгахь шéца хаар долчунгахь ! Ткъа ашa х1унда къуьйсу шайгахь шéца хаар дóцучунгахь ? Аллах1 [цунах дерг] хууш ву , шу хууш дац .
67.Ибрáх1им ца хилла жугтийн динехь а , ца [хилла] ж1áран динехь а , амма и хилла бакъдинé туьйжуш [Дáлла] муьт1ахь [бусулба] , и ца хилла [Дáлла] дéкъахóвечáрех .
68.Ибрáх1имца [хила] сов хьакъ болу нáх , шаьш [цу зáманахь] цунна т1аьхьабаьзнарш а , х1ара [Мухьаммад] пайхамар а , [цуьнан умматах] шаьш [Дéлах] тешнарш а бу . Аллах1 ву муъманéхан 1уналча .
69.Жайнан ох1лунах [цхьана] тóбана дийзира шаьш шу тилóр , [амма] цáра тила ца до шайн дог1маш бен , [делахь] цáрна [и] хаацало .
70.Х1ай жайнан ох1лу ! Х1унда цатéша шу Аллах1ан áятех , шаьш [уьш бакъ хилар] теш долушехь ?!
71.Х1ай жайнан ох1лу ! Х1унда эдо ашa бакъдерг харц долчунца ? Бакъдерг хьулдо ашa , шайна [и бакъ хилар] хууш долушехь .
72.Жайнан ох1лунах [цхьана] тóбанó элира :»Тéша шá имдиллинчáрна т1е доссийначух де дóлалуш , керстаналла-дé цунца и [де] чекхдóлуш ! Уьш бухаберза тарло .
73.Шу ма тéшалуш шайн динна т1аьхьаваьзнaчуннá бен ! — Ахь áла :»Баккъалла а нийса некъ — Аллах1ан некъ бу» — Шоьга [жайнах] делларг саннарг цхьанна даларна , йа цáра шоьца къийсарна шун Дáлла гергахь». Ахь áла :»Баккъалла а комаьршалла Аллах1ан карахь [дóлахь] ю . Цó и ло Шéна луучунна». Аллах1 шортó йолуш , хууш ву .
74.Цó къаставо Шен къинхетамца Шéна лууш верг . Аллах1 [вунó] йоккха комаьршалла йолуш ву .
75.Жайнан ох1лунах ву шéх тешна ахьa шорта даьхни дитча , шá и [тéшамца] хьоьга духадерзóш верг , [амма] цáрех ву шех тешна ахьа [деккъа] цхьа сом [дийнáр] дитча , [шен ямартлонна] хьо шéна т1ех1оьттина мел ву бен шá и хьоьга духа ца дерзош верг , иза — баккъалла а цáра áларна ду :»Тхýна т1еххьа-м бац бóдане [1арбойн] нéхан хьокъехь [къа хила] некъ». Аллах1ан т1ехь харцо óлу [йуьйцу] цáра , шайна [шаьш харцлуьй] хуушехь .
76.Х1аъ бу [царна т1ехь къа хила некъ] . Шá шен ч1áг1ó кхочуш йинарг , [Дéлах] кхийринарг [милла велахь] , баккъалла а Аллах1 [Шех] кхоьрурш дукхабéзаш ву .
77.Баккъалла а шаьш Аллах1ан [шаьш йина] ч1áг1óнах а , шайн дуйнех а [бохкабаларца] к1еззиг мах оьцурш , уьш — цáрна эхартахь [цхьá] дáкъá дац , [цéран дог оьцуш] Аллах1 вистхир вац цáрга , къéмат дийнахь [Шен къинхéтамца] цáрга хьожур вац , уьш [къиношха] ц1анбийр бац . Цáрна лазош [долу] 1áзап [хир] ду .
78.Баккъалла а цáрех [цхьа] тóба ма ю , жайница [цуьнан маь1на талхорхьама] шайн меттанаш керчош [хьийзош] , шуна и жайнара ду моттийта . И [ма] дац жайнара . Цáра óлу [йуьйцу] Аллах1ан т1ехь харцó , шайна [шаьш харц хилар] хуушехь .
79.[цхьанá] Стагца дóг1уш ца хилла , Аллах1а шéга жайнá , кхéтамаллá , пайхамараллá делча , т1аккха цó нáхé áлар :»Шу хила сан лайш Аллах1 [1адда] витина !», делахь а [цунца дóг1уш ду цó áлар] :»Шу хила [даккхий] устáзаш [к1орггéра 1éламнáх , суьпанáх] , шу жайна хьоьхуш хиларнá а , шу доьшуш хиларнá а».
80.Цó шоьга омар дийр дац аша малийкаш а , пайхамараш а дéланаш лéцарца . Цó шоьга керстаналлийца омар [мýха] до тов , шу бусалбанаш хиллачул т1аьхьа ?
81.Аллах1а пайхамарашкара ч1áг1ó ийцира :»Х1ара Аса шоьга жайнах а , кхéтамаллах а луш дерг ду . Т1аккха шуна вóг1ур ву элча , шоьгахь дерг бакъдеш . Шу цунах [шéкó йóцуш] тéшар ма ду , аша цуна г1ó дийр ма ду . Цó элира :»Дарé [мук1арло] диний аша , цу т1ехь сан ч1áг1ó къóбал йиний аша ?» Цáра элира :»Дарéдина óха». Цó элира :»Т1аккха тоьшалла-дé , Сó [хир] ву шоьца тоьшалладечáрех».
82.Ткъа шá цул т1аьхьа [иймáнах] д1авирзинарг [милла велахь] , уьш — пéсакънáх бу уьш .
83.Аллах1ан дóцу дин лоьху тов цáра ? Цунна муьт1ахь [ма] хилла шá стигланашкахь , лаьттахь [мел] дерг [бертахь] лаамцá а , [бертаза] лаамзá а . Цунга боьрзур [болуш ма] бу уьш .
84.Ахь áла :»Тхо тешна Аллах1ах а , тхайна т1е доссийначух а , Ибрáх1имна , Исмá1илнá , Исхьáкъанá , Я1къýбанá т1едоссийначух а , Мýсáгá , 1ийсáгá , пайхамарашка шайн Дéлéра деллачух а . Óха цáрех цхьанненнá юккъехь къестамаш ца бо . Тхо Цунна муьт1ахь ду».
85.Шá Ислам дóцуш [кхи] дин лууш верг [милла велахь] , и [цкъá а] цунгара къóбал дийр ма дац . Иза эхартахь эшначáрех [хир] ву .
86.Мýха нисбийр бу [тов] Аллах1а шайн иймáнал т1аьхьа керстаналла дина нáх , баккъалла а элча бакъ хиларца шаьш тоьшалла дина [болу] , шайга билгалóнаш йаьхкина [болу] ?! Аллах1а нис [ма] ца бо зуламé [болу] нáх .
87.Уьш — цéран бекхам — баккъалла а шайна т1ехь Аллах1ан а , малийкин а , массó адамин а не1алт хилар бу .
88.[шаьш] Гуттар цу [не1алт] чохь лаьтташ . Цáрна 1áзап дайдийр дац , уьш т1аьхьáтоттур бац .
89.Шаьш цул т1аьхьа дохкóбевлларш а , дика 1амалш йинарш а бóцурш . Баккъалла а Аллах1 гечдеш , къинхéтамé ву .
90.Баккъалла а шаьш , шайн иймáнал т1аьхьа керстаналлá дина , цул т1аьхьа керстаналлехь сов бевлларш , цéран дохкóбовлар [цкъá а] къóбал дийр ма дац . Уьш бу уьш тилларш .
91.Баккъалла а шаьш керстаналлá а дина , шаьш керстá болуш белларш , цáрех цхьанггéрá [цкъá а] къóбал дийр ма дац латта дуьззина деши , цó и [шен дéг1ана] махийна даларх . Уьш — лазош [долу] 1áзап ду цáрна . Цéран бац [и духатóха] г1оьнчий .
92.Шу [цкъá а] дикаллé кхóчур ма дац , шайна дукхадéзачух аша харж йаллац . Аша цхьанá х1уманца харж йийр [ма] яц , баккъалла а Аллах1ана и хууш долуш бен .
93.Массó юург [йаа] хьáнал хилла Исрáилан к1енташна , Исрáила [Я1къýба] шен дéг1ана хьáрам динарг дóцург , [Дáла] Таврат доссóрал хьалха . Ахь áла :»Cхьадá [и] Таврат , дéша и , [нагахь] шу бакълуьйш делахь».
94.Цул т1аьхьа Аллах1ан т1ехь шá харцó кхоьллинарг [милла велахь] , уьш бу уьш зуламхой .
95.Ахь áла :»Бакълийна Аллах1 . Т1аьхьадáза [бакъóнé] тевжаш волчу Ибрáх1иман динна ! Иза ца хилла [Дáлла] дéкъахóвечáрех».
96.Баккъалла а нáхана [1ибáдатна] доьг1на [долу] дуьххьарлéра ц1а , шá Маккахь [доьг1на] дерг ду , беркатé а , 1áламашна нийса некъ а [хилла] долу .
97.Цу чохь б1аьрла [къеггина] билгалóнаш ю — [цáрех ю] Ибрáх1им [х1оьттина] меттиг . Шá цу чуваьлларг , маьрша хилла . Нáхана т1ехь ду Аллах1ан дуьхьа [хьаж] ц1а бахар — [цáрех] цига ваха нéкъаца ницкъ кхаьчначунна . Шá керстаналла динарг [мила велахь] , баккъалла а Аллах1 хьашт вац 1áламашка .
98.Ахь áла :»Х1ай жайнан ох1лу ! Шу х1унда цатéша Аллах1ан áятех , [И] Аллах1 теш ма ву аша дечунна т1ехь ?»
99.Ахь áла :»Х1ай жайнан ох1лу ! Х1унда юхаветта аш Аллах1ан некъах шá [Цунах] тешнарг , шайна и [некъ] гамбан лууш , шу ма ду [и нийса хилар] теш ? Аллах1 [ма] вац аша дечух чидамза [тергамза]».
100.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! [нагахь] Шу муьт1ахь хилахь , шайна жайна деллачáрех [йолчу цхьана] тóбанна , [т1аккха] цáра шу дерзор [ма] ду шун иймáнал т1аьхьа керстанаш хилла .
101.Ашa керстаналла мýха до [тов] , шайна т1ехь доьшуш Аллах1ан áяташ долуш , шайна юкъахь Цуьнан элчá волуш ? Шá Аллах1ах [тéшарх] тасалург [милла велахь] , бакъдолуш нийсачу новкъа нисвина [Цó] иза .
102.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Аллах1ах кхéра , Цунах кхéра ма-дезза , шу дала ма лойла шаьш бусалбанаш долуш бен !
103.Шу тасалó Аллах1ан [динан] муьшах дерригé , къеста ма лó [динехь] , ашa хьахадé шайна т1éра Аллах1ан зовкх ; мостаг1ий дара шу , т1аккха Цó [динца] барт бира шун дегнашна юкъахь , т1аккха шу хилира Цуьнан къинхéтамца [дина] вежарий . Шу дара [жоьжахатин] ц1еран óран йистехь [цу чуэгга дохкуш] , т1аккха Цó [ийманца] к1елхьара дéхира шу цунах . Иштта , Аллах1а шуна билгалдо Шен áяташ . Шу нисдала тарло .
104.Шоьх [цхьа] тóба хулийла , [нах] диканé кхойкхуш , диканца девзинчунца [цáрга] омар деш , вóчух [уьш] юхатýхуш . Уьш бу уьш дéкъалдай .
105.Шу ма хилалуш шаьш [динехь] къаьстинарш а , шайга билгалóнаш йаьхкинчул т1аьхьа бéкъабелларш а санна ! Уьш — цáрна доккха 1áзап [хир] ду .
106.Цу [къéмата] дийнахь [цхьаболчéран] яххьаш к1айлур ю , [вýкхеран] яххьаш 1аржлур ю . Амма шайн яххьаш 1аржйелларш [цáрга эра ду] :»Керстаналла [х1унда] дира ашa шайн иймáнал т1аьхьа ? 1овша [х1инца] 1áзап , шаьш керстаналла деш хиларна !»
107.Амма шайн яххьаш к1аййелларш , Аллах1ан къинхéтам чохь [хир] бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .
108.Уьш [х1орш] Аллах1ан áяташ ду , Óха доьшу уьш хьýна бакъонца . Аллах1 [ма] вац , 1áламашна зулам [харцó] лууш .
109.Аллах1ан [дóлахь] ду шá стигланашкахь [мел] дерг а , шá лаьттахь [мел] дерг а . Аллах1éга дерзор ду [массó] г1уллакхаш .
110.Уггар тоьлуш [долу] уммат дара шу , шá нáхана [диканна] гучудаьккхина [долу] , диканца девзинчунца омар деш , [массó] вóчух [нах] юхатýхуш , Аллах1ах тéшаш . Жайнан ох1лу [тéша ма-дезза] тешнехь , цáрна и г1óли [хилла] хир ма дара . Цáрех бу муъманáх а , [амма] цáрех дукхах берш пéсакънáх бу .
111.Шуна цхьá зен дийр ма дац цáра [маттаца] вас яр дóцург . Шоьх летча [эшна] баккъаш берзор бу цáра , т1аккха цáрна [цхьаммó] г1о дийр дац .
112.[Дáла] Сийсаза бина уьш , миччахьá [бéхаш] белахь а , Аллах1éра [эцна] ч1áг1онцá а , нáхéра [эцна] ч1áг1онцá а бен [к1елхьара бевра бóцуш] . Аллах1éра оьг1азлó [хьакъ] хилира царна , [Дáла] мискалла т1еяийтира цáрна . Иза — баккъалла а уьш Аллах1ан áятех цатéшаш а , [цхьá] бакъó йóцуш пайхамараш бойъуш а хиларна ду . Иза — уьш [Дáлла] 1éса хиларнá а , [Цуьнан дóзанел] т1ехбуьйлуш хиларнá а ду .
113.[делахь] Цхьатерра бац уьш . Жайнан ох1лунах [цхьайолу] тóба ю , [бакъонна т1ехь] нисйелла , буьйсан хéнашкахь Аллах1ан áяташ доьшуш шаьш сужудехь болуш .
114.Уьш тéша Аллах1ах а , т1аьхьарчу дийнах а , цáра омар до диканца девзинчунца , вóчух [нах] юхатýху , цáра сихó йо диканашкахь . Уьш — диканáхах бу .
115.Цáра деш долу [цхьá] дика , [Дáла] цéран и [ял йóцуш] хьулдийр [дойъур] дац . Аллах1ан бевзаш бу [Шех] кхоьруш берш .
116.Баккъалла а шаьш [Дéлах] цатешнарш , уьш Дéлах [Цуьнан 1áзапах] х1уммá а хьалха бóхур ма бац цéран даьхнеш а , цéран доьзалш а . Уьш — [жоьжахатин] ц1еран дай бу , шаьш цу чохь гуттар лаьттар болуш .
117.Цáра х1окху дуьнéнан дáхарехь ечу харжан масал , шéна чохь [вáгош] шéлó йолчу [я шакарéчу] махé тера ду , шайн дог1машна зуламé хиллачу нéхан ялтийна шá т1ебеана и х1аллак динчу . Аллах1а [и х1аллак дарца] зулам ца дина цáрна , делахь а [1éса хиларца] шайн дог1машна зулам до цáра .
118.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Аша ма лéца шаьш дóцучáрех [болу] хьéший ! Цáра ледарлó ца йо шуна новкъарлó ярехь . Цáрна лиара шуна халó хилар . Бакъдолуш цабéзам гучубаьлла цéран батóшех , ткъа цéран кийранаш хьулдийриг [цул] доккха ду . Бакъдолуш Óха шуна билгалдина áяташ , шу хьéкъалé хиллехь .
119.Шу ду х1орш шаьш уьш бéзаш , цáрна шу-м ца дéза . Шу ду дуьззина жайнах тéшаш [уьшша-м ца тéша шун жайнах] . Шаьш шуна духьал кхетча , цáра óлу :»Тхо тешна». Ткъа шаьшша бисча , шоьга [йолчу] оьг1азлонна [шайн] п1елгех кадетта цáра . Ахь áла :»Лé шайн оьг1азлонца . Баккъалла а Аллах1 хууш ву [шу] кийранаш чохь дерг».
120.Шоьх [цхьа] дика хьакхалахь , цó г1айг1анé бо уьш . Ткъа шуна [цхьа] вóн т1едáг1ахь , цунах баккхийбоь уьш . Ашa [цéран новкъарлонна] сатóхахь , шу [Дéлах] кхéрахь , цéран мéкарлóнó х1уммá а зен дийр дац шуна . Баккъалла а Аллах1 цáра дечунна [хаарца] гóбина ву .
121.[дагадаийта] 1уьррé хьан доьзал болчура áравéлира хьо , муъманáх т1амна меттигашка д1ах1иттош . Аллах1 [шун къамéлаш] хезаш , [шун хьéлаш] хууш ву .
122.[т1амах óзаелла] Юхайáлар дагчу дуьйжира шоьх [йолчу] шина тóбанна , Аллах1 ву цéран г1оьнча . Аллах1ана т1е товжийла муъманáх .
123.[Дéлóра] Бакъдолуш Аллах1а г1о ма дина шуна «Бадрехь» , шу г1ийла долуш . Кхéра Аллах1ах . Баркалла áла тарло ашa .
124.Муъманáхé óлу ахьa :»Шуна ца тоьу ткъа , шун Дáла шуна кхо эзар малик доссош г1одар ?!»
125.Х1аъ [дéра тоьу] , ашa [мостаг1на] сáтóхахь , шу [Дéлах] кхéрахь , уьш шуна х1окху сохьтехь бáг1ахь , шун Дáла шуна г1одийр [ма] ду [шайна] билгалонаш йинчу пхé эзар маликца .
126.Аллах1а и [г1о] ца дина шуна [тóламца] кхаъ хилийтá а , цунца шун дегнаш д1атейтá а бен . Тóлам [ма] бац , Аллах1ана гергара бен , Сийлахь , Кхéтамé волчу .
127.Шаьш [Дéлах] цатешначáрех [цхьа] áг1ó д1ахáдорхьама , йа уьш сийсаза бархьама , т1аккха уьш [цхьá] кхиам бóцуш юхабоьрзур бу .
128.Хьан карахь дац [цéран] балхах х1уммá , йа гечдийр Цó цáрна , йа 1áзап дийр цáрна . Баккъалла а уьш зуламхой бу .
129.Аллах1ан [дóлахь] ду шá стигланашкахь [мел] дерг а , шá лаьттахь [мел] дерг а . Шéна луучунна гечдо Цó , Шéна луучунна 1áзап до . Аллах1 гечдеш , къинхéтамé ву .
130.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Ма йаа ял дукхазза шалха . Кхéра Аллах1ах . Дéкъалхила тарло шу .
131.Кхéра шá керстанашна кечйинчу ц1ерах .
132.Муьт1ахь хила Аллах1анá а , элчаннá а . Шоьх къинхéтам бан тарло .
133.Сихлó шайн Дéлéра гечдарé а , ялсаманé а , шен шóралла стигланаш а , лáттá а [санна шуьйра] йолчу , шá [Дéлах] кхоьручáрна кечйина йолчу .
134.Шаьш аттóнехь а , халóнехь а харжйеш болу , оьг1азлó сéцош болу , нáхана къинт1éра бовлуш болу , Аллах1ана дукха бéза дикадийраш .
135.Шаьш [цхьа] дастамéниг дича , йа шайн дог1машна [цхьа] зулам дича , Аллах1 хьахийна , шайн къиношна гечдар дехна болу . Хьá гечдийр ду къиношна Аллах1а бен ? Шаьш динчунна т1ехь ч1аг1 ца белла болу , шайна [и вон дуй] хууш .
136.Уьш — цéран бéкхам шайн Дéлéра гечдар а , шайна к1елахула тáтóлаш лéла [ялсаманин] бошмаш а ю , [шаьш] цу чохь гуттар лаьтташ . Ма хаза ю-кх [дика] 1амал ечéран ял .
137.Бакъдолуш , шоьл хьалха д1адахна нéкъаш . Лаьттахула дуьйлалой хьовса мýха хилла [элчанаш] харцбечéран чаккхé .
138.Х1ара нáхана кхéтор а , [цáрех Дéлах] кхоьручáрна нийса некъ а , а [хаза] хьéхам а бу .
139.Г1ел ма лó , г1айг1анé ма хила , уггар лакхарнаш шу [хир] ду шу [баккъал] муъманáх делахь .
140.Шоьх чов хьакхаеллехь , бакъдолуш [керста] нáхах ма хьакхаелла и санна чов . И дéнош — Óха уьш [муьрашкахь] хуьйцу нáхана юккъехь , Аллах1ана шаьш [Шех] тешнарш бовзархьамá а , шоьх [цхьаберш] «шахúдаш» [г1áзотехь] бархьамá а . Аллах1ана ца бéза зуламхой .
141.Шаьш [Шех] тешнарш Аллах1а [къинойх] ц1анбархьамá а , керстанаш х1аллакбархьамá а .
142.Ткъа шаьш ялсамани г1ур ду моьттинéра шуна , Аллах1ана шоьх шаьш г1áзот динарш а , [халóнашна] сатоьхнарш а бевзинá [билгалбевллá] бóцуш ?!
143.[Дéлóра] Бакъдолуш , [г1áзóтехь] даларé сатуьйсуш дара шу шаьш цунна дуьхьал кхéталé . Бакъдолуш [х1инца] ги-кх шуна и [далар] , шаьш хьоьжуш долуш [дé х1инца г1áзот].
144.Мухьаммад [ма] вац , элчá бен , бакъдолуш шел хьалха элчанаш д1абахана волу . Ткъа и [хан кхаьчна] велча , йа [мостаг1ó] вийча , шайн к1áжашка [юха керстаналлé] духадоьрзур ду шу ? Ткъа шá шен к1áжашка вухавирзинарг [милла велахь] , Аллах1ана х1уммá зен дийра ма дац цó . Аллах1а [диканца] бéкхам бийр [ма] бу баркаллéчáрна .
145.[цхьá] Са далар ца хилла , Аллах1ан пурбанца бен , язйина тоьхначу хéнахь . Шá [шен 1амалца] дуьнéнан ял éзарг [милла велахь] , Óха цунна лур ю цунах . Шá [шен 1амалца] эхартан ял éзарг [милла велахь] , Óха цунна лур ю цунах . Óха [диканца] бéкхам бийр бу баркаллéчáрна .
146.Хийла пайхамар ву шéца цхьана [мостаг1чух] шорта тóбанаш летта . [амма] Аллах1ан нéкъахь [къахьоьгуш] шайна [халóнех] т1едеанчунна г1ел ца белира уьш , ледара ца хилира уьш , къар ца белира . Аллах1ана дукхабéза сóбарéнаш .
147.Цéран дош дáцара цáра áлар бен :»Х1ай тхан Дéла ! Гечдéхьа тхýна тхан къинош а , тхан г1уллакхехь тхо т1ехдийлар а , [г1áзотана] ч1аг1бéхьа тхан кóгаш , тóладéхьа тхо керста нáхана т1ехь !»
148.Аллах1а цáрна елира дуьнéнан ял а , эхартан хаза ял а . Аллах1ана дукхабéза дикадийраш .
149.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шаьш [Дéлах] цатешначáрна шу муьт1ахь хилахь , цáра шу духадерзор ду шун к1áжашка [керстаналлé] , т1аккха шу доьрзур ду эшна [долуш].
150.Мелхó а , Аллах1 шун вéрас [1уналхó] ву , Иза г1оьнчийх уггар диканиг ву .
151.Шаьш [Дéлах] цатéшачéран дегнашчу кхéрам тосур [ма] бу Óха , цáра Аллах1ана дéкъахó ярна шéца [боьзна] Цó боссийна [цхьá] бух бóцург . Цéран чуг1ойла [жоьжахатин] ц1е ю . Ма вон ю-кх [и] зуламхойн х1усам .
152.[Дéлóра] Бакъдолуш , Аллах1а шуна бакъйира Шен ч1áг1ó , аш уьш Цуьнан пурбанца бойъучу хéна , шаьш к1иллó довллалц а , [пайхамаран] г1уллакхехь шу [шайлахь] къовсадаллалц а , шуна дéзарг Цó шайна гайтинчул т1аьхьа шу [цунна] 1éсадовллалц а . Шá дуьнé дéзаш верг ву шоьх , шá эхарт дéзаш верг ву шоьх . Т1аккха [кхéрамтесна] д1ахьовзийра Цó шу цáрех , шу зерхьама . [Дéлóра] Бакъдолуш , шуна къинт1éра ваьлла Иза . Аллах1 комаьршалла йолуш [ма] ву муъманáхана т1ехь .
153.Шу д1ахьаьвдира цхьанггá а юха ца хьовсуш , шоьх [бухабисина] вýкхáрна юкъахь [волу] элча шайга кхойкхуш волуш . Т1аккха сингаттамна т1е сингаттам белира [Дáла] шуна , шу шайха [х1онсах] д1атиллачуннá а , шайна [эшамах] т1едеанчуннá а г1айг1анé ца хилийта . Аллах1 [вунó дика] девзаш ву аша дийриг .
154.Т1аккха [цу] сингаттамал т1аьхьа Цó шуна т1е тесира синтем беш йолу наб , шá шоьх [цхьа] тóба хьулйеш . [важа] Тóба шайн дог1маша [деккъа] шайна сагатдойтуш ю . Шáйна [мотта] хьакъ дóцург Аллах1аца моьттуш — сонталлин [зáманан бáхархойн] моттар , шаьш óлуш :»Х1уммá [хир долуш] дуй ткъа тхýна [цу тóламан] г1уллакхах ?» Ахь áла [цáрга] :»Баккъалла а , и дерригé г1уллакх Аллах1ан [карахь] ду». Цáра хьулдо шайн дегнашкахь , шаьш хьýна гучу ца доккхург . Цáра óлу :»Тхан [карахь] хиллехь [цу] г1уллакхах [цхьа] х1ума , х1оккхузахь дайъина хир дáцара тхо». Ахь áла [цáрга] :»Шу [т1амна áрá ца довлуш] шайн х1усамашкахь [1ийна] хиллехь а , [шоьх] шайна [Дáла] кхалхар яздинарш áрабевра ма бара шайн 1илларшка [кхалха бéза меттигашка]». Аллах1а шун кийранашкахь дерг зерхьамá а , шун дегнашкахь дерг ц1андархьамá а . Аллах1 хууш ву кийранашкахь дерг .
155.Баккъалла а ши тóба дуьхь-дуьхьала кхетначу дийнахь шоьх шаьш [т1амах] бухабевлларш , баккъалла а шайт1анó бóхийна [галбаьхна] уьш цхьадолчу [къинойх] цáра гулдинчунца . [Дéлóра] Бакъдолуш Аллах1 къинт1éра ма ваьлла цáрна . Баккъалла а Аллах1 гечдеш , сóбарé [ма] ву .
156.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шу ма хила шаьш [Дéлах] цатешна , шайн вежарех [лаьцна] шаьш аьлларш санна , уьш лаьттахула [совдéгарна] д1асхьабахача , йа г1áзóтехь хилча :»Уьш тхýна гергахь [ц1ахь 1ийна] хиллехь , [нéкъаца] беллá хир [ма] бáцара , [я т1ам т1ехь] байъинá хир [ма] бáцара». Аллах1а цунах цéран дегнашкахь бáла бархьама . Аллах1 ву [уьш] денбеш верг а , болуьйтуш верг а [кхи х1уммá дац] . Аллах1 аша дийриг гуш ву .
157.[Дéлóра] Шу Аллах1ан нéкъахь [къахьоьгуш] дайъахь , йа лахь , Аллах1éра гечдар а , къинхéтам а цáра [дуьнéнан даьхнех] гулдечул а [вунó] тоьлуш ма ду .
158.[Дéлóра] Шу лахь , йа дайъахь Аллах1é д1агулдийр [долуш] ма ду .
159.Аллахéра къинхéтамца к1éда-мерза хили хьо цáрца . Хьо [дашна] к1оршамé [шóга] , буьрса [къиза] дог долуш хиллехь , хьýна гóнахьáра [хьо д1атесна] д1асабевлла хир ма бара уьш . Цáрна къинт1éра вáла , цáрна гечдар дéха , [хьан] г1уллакхехь цáрца дагавáла . Ткъа ахьа сацам бинехь , Аллах1ана т1е товжа . Баккъалла а Аллах1ана дукхабéза [Шéна] т1етевжарш .
160.Аллах1а шуна г1о дахь , шуна т1ехь [цхьá] тóламхó [хир] вац . Ткъа Цó шу д1атасахь , [т1аккха] мила ву и шá шуна г1одийр дерг Цул т1аьхьа ?! [веккъа] Аллах1ана т1е товжийла муъманáх !
161.Пайхамарца дóг1уш [ма] дац [шен асхьáбашна] йáмарт хилар . Шá йáмарт верг [милла велахь] , и вóг1ур ву къéмат дийнахь шá йинчу йáмартлонца . Т1аккха х1óра дéг1ана шá [гул] динарг [кхоччуш] д1алур ду , цáрна зулам дийр дац .
162.Шá Аллах1 рéзахиларна т1аьхьаваьлларг , шá Аллах1éра оьг1азлонца вухавирзинарг санна ву ткъа ? Цуьнан чуг1ойла жоьжахати ю . Ма вон воьрзийла ю-кх [и].
163.Уьш Аллах1ан гергахь [тайп-тайпана] даржаш [долуш] бу . Аллах1 гуш ву цáра дийриг .
164.[Дéлóра] Аллах1а [боккха] дика болх ма бина муъманáхана , цáрна юккъехь шайха [волу] элча ваийтинчу хéна , цáрна Шен áяташ доьшуш , уьш [къинойх] ц1анбеш , цáрна жайнá а , [суннатан] кхéтамаллá а 1áмадеш , баккъалла а уьш [цул] хьáлха билгалчу тиларехь бара .
165.Шайна т1е [цхьа] сингаттам [эшам] беанчу хéна — бакъдолуш и санна ши сингаттам бинéра аша [хьáлха цáрна] — аша элира :»Мичхьáра [баьлла] бу [тхýна] х1ара [сингаттам , тхо бусалба ма дара] ?» Ахь áла :»Иза шух шайха [баьлла] бу-кх». Баккъалла а Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .
166.Ши тóба дуьхь-дуьхьал кхетначу дийнахь шуна т1е беана сингаттам [эшам] , Аллах1ан пурбанца бу , Цуна муъманáх бовзархьамá а ,
167.шаьш мунéпикъалла динарш бовзархьамá а . Цáрга элира :»Схьадуьйла т1ом бé [мостаг1ца] Аллах1ан новкъахь , йа бухатóха [уьш] !» Цáра элира :»Тхо т1ом бан хууш делхьáра , шуна т1аьхьах1иттана хир ма дара». Уьш цу дийнахь керстаналлийна герга бу , шаьш иймáнна [герга] хиллачул а . Цáра óлу шайн батошца шайн дегнаш чохь дóцург . Аллах1 [вунó] дика хууш ву цáра [мунéпикъаллах] хьулдеш дерг .
168.Шаьш — [т1аман áрабовларх] ц1ахь 1ийна — шайн [динан] вежаршка аьлла [болу] :»Уьш тхýна муьт1ахь [хилла óха бóхург дина] хиллехь , уьш байъина хир [ма] бáцара». Ахь áла [цáрга] :»Юхатóха шайха далар , шу бакълуьйш делахь».
169.Ахьа лáра ма лóрийла шаьш Аллах1ан новкъахь кхелхинарш белла . Мелхó а дийна бу [уьш] , шайн Дáлла гергахь шайна [ялсаманин] рицкъá долуш .
170.Аллах1а Шен комаьршаллах шайна деллачух баккхийбеш , шайла т1аьхьа [т1емалойх дийна бисина] шайха д1ацакхетначáрга кхаьънаш бóхуш , цáрна [цигахь] кхéрам [хирг] ца хиларцá а , уьш г1айг1анé [хирг] ца хиларцá а .
171.Цáра кхаьънаш бóху Аллах1éра зовкхацá а , комаьршаллийцá а , баккъалла а Аллах1а муъманéхан ял йойъуш ца хиларцá а .
172.Шаьш Аллах1анá а , элчаннá а [кхайкхамна] жоп делла болу , шайна [г1áзóтехь] чов хиллачул т1аьхьа . Цáрех дикадинчáрнá а , кхийринчáрнá а йоккха ял [хир] ю .
173.Нáха шайга аьлла [болу] :»Баккъалла а , нáх гулбелла шуна [дуьхьал] , цáрех кхéралуш !» Цó ийманехь сов бéхира уьш . Цáра элира :»Аллах1 тоьуш ву тхýна , ма дика векал ву-кх Иза».
174.Аллах1éра зовкхацá а , комаьршаллийцá а бухабирзира уьш , шайха [цхьá] вон ца хьакхалуш , Аллах1 рéзахиларна т1аьхьабевлира уьш . Аллах1 йоккхачу комаьршаллин Дá ву .
175.Баккъалла а и [дуьйцург , адам] йилбаз ду шуна , шен гергарнаш [долу шу] кхéрош . Шу цáрех ма кхéра Соьх кхéра , шу муъманах делахь .
176.Хьо г1айг1анé ма войла шаьш [Дéлах] цатéшарехь сихó ечáра . Баккъалла а цáра Аллах1ана цхьá зен дийр ма дац . Аллах1ана лаьа цáрна [цхьá] дáкъа ца дан эхартахь , цáрна доккха 1áзап [хир] ду .
177.Баккъалла а шаьш иймáнах керстаналла эцнарш , цáра Аллах1ана цхьá зен дийр ма дац , цáрна лазош [долу] 1áзап [хир] ду .
178.Шаьш [Дéлах] цатешначáрна мотта ма моттийла , баккъаллá а Óха шайн оьмар яхйар шайна дика ду . Баккъалла а Óха цéран оьмар яхйо уьш къилахь сов бовлийтархьама , цáрна [шаьш] сийсаза [бен] 1áзап [хир] ду .
179.Аллах1 ма ца хилла муъманáх [1адда] буьтур болуш , шу долчу [хьóла] т1ехь , Шá боьханиг ц1еначух къаставаллалц . Аллах1 ма ца хилла Шá цáрна къайлé йовзуьйтур йолуш . Дéлахь а , Аллах1а хоржу Шен элчанех Шéна [къайлé йовзийта] луург . Шу тéша Аллах1ах а , Цуьнан элчанех а . Шу тéшахь , кхéрахь , т1аккха шуна йоккха ял [хир] ю .
180.Аллах1а Шен комаьршаллах шайна деллачунна шаьш б1аьрмециг болчáрна мотта ма моттийла , и [б1аьрмецигалла] шайна дика ду . Мелхó а и цáрна вон ду . Уьш шéца б1аьрмециг хиллачух кóчарш ухкур ду цáрна [логах] къéмат дийнахь . Аллах1ан ду стигланашин а , лаьттан а ирс . Аллах1 аша дийриг девзаш ву .
181.[Дéлóра] Бакъдолуш , Аллах1ана хезна , шаьш :»Баккъалла а Аллах1 къé ву , тхо тарó йолуш ду» — аьллачéран дош . Óха д1аяздийр ду цáра аьлларг а , цхьá бакъó йóцуш цáра пайхамарш байъар а . Óха эра ду :»1овша [жоьжахатин] ц1еран 1áзап !»
182.И [1áзап] шун куьйгаш динчунна [дуьхьал] а , баккъалла а Аллах1 лайшна зуламхó ца хилар а ду .
183.Шаьш аьлла [болу] :»Баккъалла а Аллах1а тхýна т1едиллина тхо [цхьанá] элчанах цатéшар , иза тхýна вáллалц шá ц1арó дууш долчу г1урбанца». Ахь áла [цáрга] :»Бакъдолуш элчанаш [ма] баьхкира шуна соьл хьáлха билгалóнашцá а , аш аьллачунца а , т1áккха уьш [мукъанé а] х1унда байъира аша шаьш бакълуьйш хилча ?»
184.Цáра хьо хáрцвинехь , бакъдолуш хьоьл хьалхá харц [ма] бина цáра элчанаш , шаьш билгалóнашцá а , [Ибрáх1иман санна] тептаршцá а , нуьрéчу жайнийцá а баьхкина болу .
185.Х1óр дег1 валар 1овшур долуш ду . Баккъалла а шуна [кхоччуш] д1алур ю шун éлаш къéмат дийнахь . Шá жоьжахатна гéнаваьккхина , ялсамани чувахийтинарг [милла велахь] , бакъдолуш [боккха] кхиам [тóлам] баьккхина цó . Дуьнéнан дáхар ма дац , 1éхаваларан зовкх бен .
186.[Дéлóра] Шу зуьйр ма ду шайн даьхнешкахь а , шайн дог1машкахь а . [Дéлóра] Шуна хезара ма бу , шоьл хьалха шайга жайна деллачáргарá а , шаьш [Дáлла] дéкъахóвинчáргарá а дуккхá цатам . Аша [цунна] сатóхахь , шу [Дéлах] кхéрахь , баккъалла а и ду-кх доьналлах [Дáлла лиънарг].
187.Аллах1а ч1áг1ó ийцира шайга жайна деллачáргара :»[Дéлóра] Аш и [жайна] нáхана билгалдийр ма ду , аш и хьулдийр ма дац» — [аьлла] . [амма] Цáра [йóхá йина] шайн баккъаш т1éхьá кхоьссира и [ч1аг1ó] . Цáра цунах ийцира к1еззиг мáх . Ма вон ду-кх [и] цáра оьцург .
188.Хьýна мотта ма моттийла — шаьш динчух баккхийбуьйш берш а , шаьш ца динчунца шаьш хестó лууш берш а — уьш 1áзапах к1елхьара бевлла ма моттийла хьýна . Цáрна лазош 1áзап [хир] ду .
189.Аллах1ан ду стигланашин а , лаьттан а óлалла [дóлалла] . Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .
190.Баккъалла а стигланаш , латтá кхолларехь а , буьйса , де хийцадаларехь а [Дéлан ницкъан] билгалóнаш ма ю хьéкъалдолчáрна ,
191.шаьш Аллах1 хьахош болу ирахь а , охьахевшинá а , шайн áг1óнашна т1ехь [áг1орбевллá] а , шаьш ойланаш еш стигланаш а , латтá а [инзарé] кхолларехь , [шаьш óлуш] :»Х1ай тхан Дéла ! Ахьа ца кхоьллина х1ара эрна [бéгашна] . Ц1ена ву-кх Хьо [цунах] . Лардéхьа тхо [жоьжахатин] ц1еран 1áзапах !
192.Х1ай тхан Дéла ! Баккъалла а , Айхьа [жоьжахатин] ц1ерга вохуьйтург , бакъдолуш сийсазвина Ахь иза . Зуламхошна [ма] бац [цхьá] г1оьнчий .
193.Х1ай тхан Дéла ! Баккъалла а , тхýна хезира кхайкхорхó [нáх] иймáнé кхойкхуш :»Шайн Дéлах тéша !» [áларца] , т1аккха тхо тийшира . Х1ай тхан Дéла ! Гечдéхьа тхýна тхан къинош , ц1андéхьа тхо тхан вóнех , далийтахь тхо дикачáрца цхьана !
194.Х1ай тхан Дéла ! Лóхьа тхуна Ахьа хьан элчанашкахула тхýна ч1áг1ó йинарг , cийсаза ма дéхьа тхо къемат дийнахь ! Баккъалла а Ахьа йóха ца йо [Хьан] ч1áг1ó».
195.Жоп делира цáрна цéран Дáла :»Баккъалла а Аса [эрна] йойъур [ма] яц шоьх 1амал еш волчун 1амал — боьршачуни [яц] , стечуни [яц] . Шоьх цхьаберш вýкхáрех [схьабевлла] бу . Шаьш махкахбевлларш а , шайн х1усамашкара áрабаьхнарш а , Сан новкъахь хьийзийнарш а , т1ом бинарш , байъинарш а [Дéлóра] Аса цáрна гечдийр ма ду цéран вóнаш , [Дéлóра] Ас уьш бохуьтур ма бу шайна к1елахула тáтóлаш лéлачу [ялсаманин] бошмашка — Аллах1ана гергара мéлана . Аллах1 Шéна гергахь дика мéла болуш ву».
196.Хьó 1éха ма войла , шаьш [Дéлах] цатешначéран махкахула [дика хьоьгуш] лéларó .
197.К1еззиг зовкх ду [и] . Цул т1аьхьа цéран боьрзийла жоьжахати ю . Ма вон товжийла ю-кх [и].
198.Амма шаьш шайн Дéлах кхийринарш , цáрна шайна к1елахула тáтóлаш лéлаш [ялсаманин] бошмаш ю , цу чохь [шаьш] гуттар лаьтташ . Аллах1ана гергара [хьéшан бо] кéчам бу [и] . Аллах1ан гергахь дерг [дуьнéнан зовкхал] тоьлуш ду дикачáрна .
199.Баккъалла а жайнан ох1лунах ма бу шаьш Аллах1ах а , шоьга доссийначух а , шайга доссийначух а тéшарш , Аллах1ана муьт1ахь болуш . Цáра ца оьцу Аллах1ан áятех к1еззиг [болу] мáх . Уьш — цáрна шайн ял ю шайн Дáлла гергахь . Баккъалла а Аллах1 чехка хьéсап долуш ву .
200.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Сóбарé хилалуш , [халóнашна] сатóхалуш , [Дéлан дуьхьа] г1одаюкъ ехкалуш , Аллах1ах кхéралуш . Шу дéкъал хила тарло .
2 — Сýрат Албакъара [Етт]
[Мадинатехь доьссина ‚ 286 аят ду]
Аллах1а ц1арца къинхéтаме , къинхéтам беш волчу .
1. Алиф-лáм-мúм.
2. Х1ара жайна [шá Дéлéра хилар] шéгахь шéкó йóцуш нийса некъ бу [Дéлах] кхоьручáрна,
3. шаьш къайлéнах тéшаш, лáмаз [х1отта] деш, Óха шайна деллачух харжйеш болу,
4. шаьш [Дáла] хьоьга доссийначух а, хьоьл хьалха [баьхкинчáрга] доссийначух а тéшаш, эхартах шаьш догтешна болу.
5. Уьш шайн Дéлéра нийсачу новкъа т1ехь бу. Уьш бу уьш дéкъал хилларш.
6. Баккъалла а шаьш [Дéлах] цатешнарш — цáрна цхьатерра ду [хьýна] ахьа шайна [и] д1ахьéдичá [кхерамтесчá] а, я ахьа шайна [и] д1ацахьéдичá а — [цуьнах] тéшаш бац уьш.
7. Аллах1а мух1ар тоьхна цéран дегнашнá а, хазарнá а т1е, цéран б1аьргашна дуьхьал пардó ду. Цáрна доккха 1áзап [хир] ду.
8. Нáхах бу шаьш óлурш: «Тхо тешна Аллах1ах а, эхарт дийнах а». [амма] Уьш бац муъманáх.
9. Аллах1 а, шаьш [Цунах] тешнарш а 1éхó г1ерта уьш , [амма] цáра ца 1éхадо шайн дог1маш бен, шайна хаá ца луш.
10. Цамгар ю цéран дегнаш чохь. Аллах1а сов бéхира уьш [шайн] цамгарехь. Лазош 1áзап [хир] ду цáрна, уьш харцлуьйш хиларна.
11. Шайга аьлча: «Ма лéлабé лаьтта т1ехь бóхамаш!» — цáра элира: «Баккъалла а тхо [хьал] тóдеш [ма] ду».
12. Вá [нах], баккъалла а уьш ма бу уьш бóхамхой, делахь цáрна ца хаало [и].
13. Шайга аьлча: «Тéша нах ма-тешшара!» — цáра элира: «Тхо тешар дар ткъа сонтанаш ма-тешшара?» Вá, баккъалла а уьш ма бу уьш сонтанаш , делахь цáрна ца хаа [и].
14. Шаьш [Дéлах] тешначáрна дуьхьал кхетча цáра óлу: «Тхо [Дéлах] тешна». Шайн шайт1анашца цхьана бисча цара óлу: «Баккъалла а тхо шоьца ду . Баккъалла а тхо [цáрех] кхаьрдаш ду».
15. Аллах1 кхаьрдар ву цáрех, Цó бахбийр бу уьш шайн т1ехбийларехь боьхна хьийзаш.
16. Уьш шаьш нийсачу новкъах тилар эцнарш бу. Сáнé ца хилла цéран совдéгар. Уьш ца хилла [нийсачу новкъа] нисбелларш.
17. Цéран масал шá ц1е латийначун масалх тера ду, цó цуна гóнаха [мел] дерг серладаьккхинчу хéна, Аллах1а шайн серлó д1атилийна бóданашкахь битира уьш, шайна [х1уммá] ца гуш.
18. Къора, мотт ца хууш, б1арзé бу [уьш]. [тиларх] Юхацабоьрзу уьш.
19. Йа стиглара [дог1ан] мархах тера ду [цéран масал], шéна чохь бóданаш, [стигал] къовкъар, ткъес долчу. Шайн п1елгаш шайн лергаш чу духку цáра стéлахаьштигех баларна кхоьруш, Аллах1 гóбина ву керстанашна.
20. Ткъес герга ду цéран б1аьрсаш д1аэца. Цó серлó елча цу чохь д1абуьйлало уьш, цó шайна т1ехь бóда бича совцу уьш. Аллах1ана лиъча Цó д1атилор ма дара цéран хазар а, цéран б1аьрсаш а. Баккъалла а Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву.
21. Х1ай нáх! Шайн Дáлла 1ибáдат-дé , Шá шý а, шоьл хьалхарнаш а кхоьллина волчу. Шу [та1зарх] кхéра тарло.
22. Шá шуна лаьттах мотт бина, стигалх тхов [бина], стиглара [дог1ан] хи даийтина, цунца Шá стоьмех шуна рицкъа хьаладáлийтина [волчу]. Ма бé Аллах1ана дéкъахой [теранаш], шайна [мегаш дóций] хуушехь!
23. Óха Тхан лайна т1е доссийначух шу шекон чохь делахь, т1аккха аша дáладé и санна долу [цхьа] сýрат, кхайкха Аллах1 [1аддá] витина шайн тéшашка, шу бакълуьйш делахь!
24. [нагахь] Аша [и] ца дахь, [ткъа] аша [и] дийр дац цкъá а, шу кхéра ц1ерах, шá латóран г1ирс адамаш а, т1улгаш а болу. И кечйина [Дéлах] цатéшачáрна.
25. Кхаъ баккха шаьш [Дéлах] тешначáргá а, диканаш динчáргá а, баккъалла а цáрна бошмаш хиларца, шайна к1елахула татóлаш лéлаш йолу. Шайна цу [бошмаш] чуьра стоьмах рицкъа мел дели, цáра óлу: «Х1ара хьалха [дуьненчохь] тхýна делларг [санна] ду-кх». Цáрна деллéра и терадолуш. Цáрна цу чохь ц1ена зударий [хир] бу, уьш цу чохь гуттар 1ийр бу.
26. Баккъалла а Аллах1ана эхь ца хéта масална чуьрк а, [я] цул доккха дерг а дáладан. Амма шаьш [Дéлах] тешнарш хууш бу баккъалла а и [масал] шайн Дéлéра бакъдерг хилар. Амма шаьш [Дéлах] цатешнарш, цáра óлу: «Х1ун лиъна Аллах1ана х1окху масалца?» Цó тилáбо цунца дуккхá а [нáх], нисбо цунца дуккхá а. Цó тила ца бо цунца пéсакънáх бен,
27. шаьш [жайнашкара] Аллах1ан весет дóхош болу, и [шайна т1ехь] ч1аг1динчул т1аьхьа, шá д1атасарца [х1оттарца] Аллах1а омар динарг д1ахáдош болу, лаьттахь бóхамаш беш болу. Уьш бу уьш эшамехь [хир] берш.
28. Шу мýха цатéша Аллах1ах? Шу делла дара, Цó дендира шу. Цул т1аьхьа Цó долуьйтур ду шу, юха дендийр ду шу, т1аккха Цунга дерзор ду шу.
29. Иза ву Шá шуна кхоьллинарг лаьттахь мел дерг дерригé, юха стигал т1евирзина ворх1 стигал йира Цó уьш. Иза массó х1ума хууш ву.
30. Хьан Дáла малийкашка элира: «Баккъалла а Со воллу лаьтта т1ехь cардал [вéрас] ван». Цáра элира: «Ахьа во ткъа цу т1ехь, шá цу [латта] т1ехь бóхамаш бийр берг, ц1ий 1éнор дерг, тхо Хьо хасторца Хьýна теспахь деш а, Хьо ц1анвеш а долуш?» Цó элира: «Баккъалла а Сýна хаа шуна ца хуург».
31. Áдамна массó [дийнатин] ц1ераш 1áмийра Цó, юха уьш малийкашна гайтина Цó элира: «Йийца Соьга х1окхéран ц1ераш, шаьш бакълуьйш делахь!»
32. Цáра элира: «Ц1ена ву-кх Хьо. Тхан хаар [ма] дац, Ахьа тхýна 1áмийнарг бен. Баккъалла а Хьо ма ву хуург, кхéтамéниг».
33. Цó элира: «Х1ай Áдам! Йийца цáрга цéран ц1ераш!» Цó цáрга цéран ц1ераш йийцича, Цó [Дáла] элира: «Асa шоьга ца элира [ткъа], баккъалла а Сýна хаа стигланашин а, лаьттан а къайлé, [иштта] Сýна хаа аша гучудоккхуш а, хьулдеш а хилларг?»
34. Óха малийкашка элира: «Охьата1а Áдамна!» Т1аккха охьатаь1ира уьш Иблис дóцург. Ца тигира и [охьата1а], куралла йира цó, [Дéлах] цатéшачáрех хилира и.
35. Óха элира: «Х1ай Áдам! Вáха хьó а, хьан зудá а ялсамани чохь. Аша шимма даа цу чуьра шорта [даарш] шаьшшина луучура [схьаоьцуш , ткъа] х1окху диттана [т1екховда] герга ма г1óлаш, т1аккха шу шиъ зуламхойх хир ду».
36. Шайт1анó д1ахилийра и шиъ цунах, цó áрадаьккхира и шиъ шаьш хилла чура. Óха элира: «Óхьадисса, шоьх цхьаберш вукхéран мостаг1ий болуш, шуна лаьттахь дáха меттиг а, цхьана хáнна зовкх а ду».
37. Áдама т1еийцира шен Дéлéра дешнаш, Цó цуьнан тóба къóбал дира. Баккъалла а Иза тóба къóбалдийриг, къинхéтам бийриг ву.
38. Óха элира: «Охьадисса цу чуьра массó! Шоьга Соьгара нийса некъ бáг1ахь , ткъа шá Сан нийсачу новкъана т1аьхьаваьзнарг [милла велахь], цáрна т1ехь [цхьá] кхéрам [хир] бац, уьш г1áйг1анé [хир] бац.
39. Шаьш [Тхоьх] цатешнарш, Тхан áяташ харцдинарш, уьш [жоьжахатин] ц1еран дай бу, уьш цу чохь гуттар лаьттар [болуш] бу».
40. Х1ай Исрáилан к1ентий! Дагадаийта Асa шайна делла [хилла] долу Сан зовкх , кхóчуш йé [шаьш] Соьца йина [йолу] ч1áг1ó, т1аккха Асa кхóчуш йийра ю [Аса] шоьца йина ч1áг1ó, Соьх [цхьаннах] кхéралаш!
41. Шу тéша шоьгахь дерг бакъдеш Аса [шá] доссийначух. Шу ма хила дуьххьарлéра цунах цатешнарш. Аша ма эца Сан áятех к1еззиг [болу] мáх, Соьх кхéралаш!
42. Ма эдé бакъдерг харцдолчунца, [ма] хьулдé бакъдерг, шайна [и бакъхилар] хуушехь!
43. Лáмаз [х1отта] дé, закат лó, руку1 дечáрца руку1-дé!
44.Нáхана диканца омар [мýха] до аша, шайн дог1маш дисдеш, шу [ма] ду жайна доьшуш? Шу ца кхéта [и вон хилар]?
45. Аша г1о лаха [шайн хьашташкахь] сóбарцá а, лáмазцá а. Баккъаллá а и [лáмаз] дéза [хала] ма ду, [Дáлла] муьт1ахь бóцучáрна.
46.Шаьш догтешна болу, баккъалла а шаьш шайн Дáлла дуьхьалкхéтар хиларх а, [иштта] баккъалла а шаьш Цунга доьрзур хиларх а.
47. Х1ай Исрáилан к1ентий! Дагадаийта Аса шайна делла [хилла] долу Сан зовкх а, [иштта] баккъаллá а Аса шу 1áламашна т1ехь даздар а.
48. Шу кхéра дийнах, [шéна чохь цхьанá] дéг1ó [кхéчу] дéг1ах х1уммá хьалхадоккхур дóцучу, шéгара [цхьанна] т1ех1оттар къóбал дийр дóцучу, шéгара маха оьцур бóцучу, [шéна чохь] шайна г1одийр доцучу.
49. Óха к1елхьардéхира шу [шун дай] Фир1авнан ох1лунах, цáра шоьга вон 1áзап 1овшуьйтучу хéна; шаьш шун бóжабéраш бойъуш, шун зудбéраш дийна дуьтуш. Баккъалла а шун Дéлéра доккха зер [ма] ду шуна цунгахь .
50. Óха бийкъира шоьца х1орд [шина дéкъé], шу к1елхьардéхира Óха, Фир1авнан ох1лу хи буха дахийтира, шу хьоьжуш долуш.
51.Шовзткъа буьйса хан йиллира Óха Мýсáна , т1аккха цул [Мýсá ваханчул] т1аьхьа [1ибáдатна] эса лéцира ашa [цунах дéла вина] , шаьш зуламхой долуш .
52.Т1аккха цул т1аьхьа къинт1éра девлира Тхо шуна . Шу баркаллé хила мега .
53.Оха делира Мýсáга жайнá а , [бакъ-харц] къастор а . Нисдала мега шу .
54.Мýсáс шен къóмé элира :»Х1ай сан къáм ! Баккъаллá а аша зулам дина шайн дог1машна [шех дéла вина 1ибáдатна] эса лáцарца , тóба дé шаьш Кхоьллинчунга , дайъа шайн дог1маш , и тоьлуш ду шуна шу Кхоьллинчунна гергахь . Т1аккха [аш и дича] Цó къóбал дийра шун тóба . Баккъалла а Иза тóба къóбалдийриг , къинхéтамéниг [ма] ву».
55.Ашa элира :»Х1ай Мýсá ! Тхо хьоьх тéшар ма дац , тхайна Аллах1 б1аьра [хьалхá] галлалц». Т1аккха стéлахаьштигó лéцира шу , шу хьоьжуш долуш .
56.Т1аккха Óха шу дендира шу деллачул т1аьхьа . Ашa баркалла áла тарло .
57.Мархашца 1индаг1 дира Óха шуна , «Манна» [олу даар] а , лекъ [олхазар] а доссийра шуна т1е . Даа Óха шайна рицкъанах делла ц1енадерг . Зулам Тхýна ца дира цáра , амма шайн дог1машна зулам деш бара уьш .
58.Óха элира :»Чудуьйла х1окху юьрта , даа цу чуьра шорта [даарш] шайа луучура [схьаоьцуш] , не1арéхула чудовла [шаьш] охьатаь1на [долуш] , аш áла :»[тхан 1áлашó] Гечдар [дéхар ю]» — т1аккха Óха гечдийр ду шуна шун г1áлаташ , Óха [мéлехь] сов бóхур бу дикадийраш».
59.Шаьш зуламдинчáра хийцира [Дéлан] дош шайга аьлла дóцучунца . [т1аккха] Шаьш зулам динчáрна т1е стиглара та1зар доссийра Óха , уьш пéсакъ [нáх] хиларна .
60.Мýсáс [хьагделлачу] шен къóмана [молу] хи дийхира [Дéлé] , т1аккха Óха [цунга] элира :»Тóха хьан 1áса т1улгах !» Шийтта шовда [хьала] туьйхира [дéлира] цунах , бакъдолуш х1óраннá хиира шайн хи молу меттиг [муьлхарг ю] . «Даа , мала Аллах1ан рицкъанах , ма лéла лаьттахула бóхамаш беш !»
61.Аша элира :»Х1ай Мýсá ! Óха сатýхур ма дац цхьана [кéпара] даар т1ехь . Дéха тхýна хьан Дéлé , Цó тхýна áрадоккхийла латтó хьаладóлуьйтучух — цуьнан хасстоьмех а , цуьнан наьрсех а , цуьнан саьрамсéкхех а , цуьнан кхоьашех а , цуьнан хóхех а». Цó [Мýсáс] элира :»Аша [мýха] хуьйцу ткъа шá [мéхана] уггар лахара долчух шá [шуна] г1óлú дерг ? Дисса «Мисара» [г1áла] , баккъалла а шуна [цу чохь] аша дехнарг [хир] ду». Цáрна т1ехь йира [хилийтира Дáла] сийсазаллá а , мискаллá а . Уьш бухабирзира Аллах1éра оьг1азлонца . Иза , баккъалла а уьш Аллах1ан áятех ца тéшаш а , [цхьá] бакъó йóцуш пайхамараш бойъуш а хиларна ду . Иза уьш 1éса хиларнá а , [дóзанел] т1ехбуьйлуш хиларнá а ду .
62.Баккъаллá а шаьш [Дéлах] тешнарш а , жуьгтийн динехь берш а , [1ийсáн динéра] «насáрáш» а , [иштта] «Сáбиýнаш» [óлу динах йаьлла тóбá] а , [цáрех] шá Аллах1ах а , т1аьхьарчу [эхарт] дийнах а тешна , дика 1амал йинарг [милла велахь] , шайн ял ю цáрна шайн Дáлла гергахь, цáрна т1ехь [эхартахь] цхьá кхéрам [хир] бáц , [я] уьш г1айг1анé [хир] бáц .
63.Óха ийцира шун ч1áг1ó , шуна т1ехула лам айбира [Тхаьш óлуш] «Cхьаэца Óха шайга делларг нуьцкъах . Хьахадé цу чохь дерг ! Шу кхéра тарло».
64.Т1аккха [ч1áг1óнах] д1адирзира шу цул т1аьхьа . [ткъа] Шуна т1éра Аллах1ан комаьршаллá а , Цуьнан къинхéтам а ца хиллехь , эшначáрех хилла хир ма дара шу .
65.[Дéлóра] Бакъдолуш , шуна [бовза] ма бевзира шайха шоьтан дийнахь [дóзанел] шаьш т1ехбевлларш . Óха элира цáрга :»Хила маймалш , сийсаза !»
66.Óха дира и [та1зар] цуьнан зáманарчáрнá , цул т1аьхьарчáрнá масалнá а , [Дéлах] кхоьручáрна хьéхамнá а .
67.Мýсáс шен къóмé элира :»Баккъалла а Аллах1а шоьга омар до аш áттана урс хьакхарца». Цáра элира :»Тхоьх кхаьрдаш ву хьо ?» Цó [Мýсáс] элира :»Аллах1а ларвойла со [кхардарца] сонтачáрех хиларх».
68.Цáра элира :»Кхайкха тхýна хьан Дéлé , Цó тхýна билгалдийр дара х1у [етт] бу и». Цó элира :»Баккъалла а Цó бóху :»Баккъалла а и бу , [дукха] къéнá бóцуш , къóнá [шинара хéнарá] бóцуш , цу юккъéрачу хéнара етт». Дé Цó шайга бóхург !»
69.Цáра элира :»Кхайкха тхýна хьан Дéлé , Цó тхýна билгалдийр дара х1у бу цуьнан бос». Цó элира :»Баккъалла а Цó бóху :»Баккъалла а иза мóжа етт бу , шен бос къéгина болуш , [шéга] хьоьжурш [шен хазаллах] баккхийбеш [тáмашбеш]».
70.Цáра элира :»Кхайкха тхýна хьан Дéлé , Цó тхýна билгалдийр дара х1у [етт] бу и . Баккъалла а [и] хьéлий [дукха долуш] вовшех тараделла тхýна . Баккъалла а тхо , Аллах1ан лаахь , нийсачу новкъахь [хир] ма ду».
71.Цó элира :»Баккъалла а Цó бóху :»Баккъалла а и етт , латтана óхана дан а , óханна хи диллá а 1áмийна бац , уьнахц1ена бу , шéца таммаг1анаш дац». Цáра элира :»Х1инца бакъонца веа-кх хьо». Т1аккха урс хьаькхира цáра цунна , герга бáцара уьш [и] дан .
72.[цхьа] Са [адам] дийра аша , цу хьокъехь къийсаделира шу . Аллах1а áра [гучу] доккхур ду аша хьулдеш хилларг .
73.Óха [цáрга] элира :»Ашп цунна [веллачунна] тóха цунах [àттах] цхьа талх !» Иштта Аллах1а белларш денбо , шуна Шен билгалóнаш гойту . Шу кхéта мега .
74.Т1аккха , цул т1аьхьа ч1аг1делира шун дегнаш , [шайн ч1áг1аллехь] т1улгех тера ду уьш , я ч1áг1аллехь [цáрел] сов ду . Баккъалла а т1улгех ма бу шех шовданаш дуьйлург а , баккъалла а цáрех ма бу ша бéкъабелла шех хи дóлург а , баккъалла а цáрех ма бу шá Аллах1ах кхéрабелла охьабýжург а . Аллах1 [ма] вац , аша дечух чидам [тергам] бóцуш .
75.Аша догдóху ткъа уьш шайха тéшарé , бакъдолуш цáрех [цхьа] тóба йара Аллах1ан къамелé лáдýг1уш , т1аккха и хуьйцуш шаьш цунах кхеттачул т1аьхьа , шайна [и] хуушехь ?
76.Шаьш [Дéлах] тешначáрна дуьхьал кхетча цáра óлу :»Тхо [Дéлах] тешна». [ткъа] Цáрех цхьаберш вýкхарца [цхьана] бисча [т1аккха] цáра óлу :»Аша цáрга [х1унда] дуьйцу ткъа Аллах1а шайна [бакъóнах] схьадиллинарг [довзийтинарг] , цáра шоьца къуьйсур ма ду цунца шун Дáлла гергахь ? Шу ца кхéта [цунах] ?»
77.Цáрна ца хаа [тов] , баккъалла а Аллах1ана цáра хьулдийриг а , гучудоккхург а хууш дуй ?
78.Йóзацахуурш бу цáрех , шайна жайна ца хууш болу , [Дéлé болу шайн] сатийсамаш бен [ца боьвзу цáрна] . Уьш [ма] бац , шаьш моьттуш бен .
79.Ма бáла бу-кх , шайн куьйгашца [шайгара] жайнá яздеш , т1аккха óлучáрна :»Х1ара Аллах1ан гергара ду» — цунах к1еззиг [болу] мáх эцархьама . Ма бáла [хир] бу-кх цáрна шайн куьйгаша яздинчух . Ма бáла [хир] бу-кх цáрна шаьш [хьáрам] гулдечух .
80.Цáра элира :»Тхоьх [жоьжахатин] ц1е хьакхалур ма яц , лéринчу [к1еззигчу] дéношкахь бен». Ахь áла :»Аша эцна тов Аллах1ан гергахь ч1áг1о , Аллах1а [и] Шен ч1áг1ó йóхор йóцуш , я аша óлу тов Аллах1ан т1ехь шайна ца хуург ?»
81.Х1аъ . Шá вóниг гулдинарг а , шен г1áлатлóнó шéна гó бинарг а , уьш жоьжахатин дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .
82.Шаьш [Дéлах] тешнарш а , диканаш динарш а , уьш ялсаманин дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .
83.Óха ч1áг1ó ийцира Исрáилан к1енташкара :»Аллах1ана бен аша 1ибáдат дийра дац , дéца-нéнаца , гергарчáрца , байшца , мисканашца дикахила , нáхé диканиг áла , лáмаз [х1отта] дé , закат лó !» Т1аккха духадевлира шу , шоьх к1еззиг [берш] бóцурш , шаьш [и кхóчуш дарха] д1адизинá долуш .
84.Óха шун ч1áг1ó ийцира :»Шайн ц1ийш 1éнор дац аша , шаьш шайн х1усамашкара áрáдóхур дац аша». Т1аккха аша мук1арлó дира , шаьш [цу т1ехь] теш долуш .
85.Т1аккха , шу ду-кх х1орш , [цул т1аьхьа] шайн дог1маш дойъуш , шайха цхьаберш шайн х1усамашкара áрабóхуш , цáрна дуьхьал вовшашна г1о деш къа латорцá , мостаг1аллийцá , [ткъа] уьш шайна т1е баьхкича йийсарш хилла , [уьш к1елхьара бáха] цáрех мах ло аша , и шуна дихкина долушехь — уьш áрабáхар . Жайнан цхьадолчух тéша шу , вýкханах ца тéша шу ? И дечунан бéкхам [ма] бац , дуьнéнан дáхарехь сийсазаллá бен . Къéмата дийнахь уьш берзор бу вунó ч1óг1ачу 1áзапé . Аллах1 чидам [тергам] бóцуш [ма] вац аша дечух .
86.Уьш шаьш эхартах дуьнéнан дáхар эцнарш бу , цáрна [цхьаммó] 1áзап дайдийр дац , [я] цáрна г1ó дийр дац .
87.[Дéлóра] Бакъдолуш , Óха делира Мýсáга [Таврáт] жайна , цул т1аьхьа элчанаш бахкийтира т1аьххьé , елира Марйаман к1ентé 1ийсáга билгалóнаш , ч1аг1вира и [Жабрáилан] сийлахьчу сица . Шайна элча мел вóг1у , шун дог1машна [бакъóнах] ца дéзачунца , [цуна т1аьхьдáза] куралла йира аша ? Цхьаберш харцбина аша , цхьаберш бойъу аша .
88.Цáра элира :»Тхан дегнаш [пардóца] къевлина ду». Мелхó а , Аллах1а не1алт аьлла цáрна уьш [Шех] цатéшарна . Ма к1еззиг ду-кх цéран тéшар .
89.Шайга Аллах1ана гергара жайна деача , [шá] царгахь дерг бакъдеш долу — уьш бара [цул] хьалха [Дéлах] цатешначáрна т1ехь г1о доьхуш — ткъа шайна [бакъонца] девзинарг шайна деанчу хéна , цунах цатийшира уьш . Аллах1ан не1алт хуьлда керстанашна .
90.Ма вон ду-кх цáра шéца шайн дог1маш доьхкинарг , уьш Аллах1а доссийначух цатéшар , [цáра лаьцначу] хьог1анна Аллах1а Шен комаьршаллех Шéн лешха Шéна луучунна т1е [жайна] доссорна , Уьш бирзира [Дéлан] оьг1азлонца [хьалхалéрачу] оьг1азлонна т1е . Керстанашна [уьш] сийсаза [бен] 1áзап [хир] ду .
91.Шайга аьлча :»Тéша Аллах1а [Къуръáнах] доссийначух !» , цáра элира :»Тхо тéша тхайна [Таврáтах] доссийначух» , уьш цатéша цул т1аьхьарчух , иза бакъдерг долушехь , цáргахь дерг [шá] бакъдеш . Ахь áла [цáрга] :»Хьалха Аллах1ан пайхамараш х1унда бойъура аша шу [Таврáтах] тéшаш-нáх хилча ?»
92.[Дéлóра] Бакъдолуш , Мýсá веара шуна билгалóнашца , т1аккха цул т1аьхьа эса лéцира аша [1ибáдатна] , шаьш [и лáцарц] зуламхой долушехь .
93.Óха шун ч1áг1ó ийцира , айъира шуна т1ехула лам [т1аккха элира] :»Схьалáца Óха шайга делларг нуьцкъала , ладóг1а [шайга дечу омре] !» Цáра элира :»Ладоьг1на , 1éса хилла тхо». Эса дéзар д1аийра цéран дегнех уьш [Дéлах] цатéшарна . Ахь áла :»Ма вон ду-кх [и] шун иймáнó шоьга шéца омар дийриг , шу муъманáх хиллехь».
94.Ахь áла [цáрга] :»[нагахь] Аллах1ан гергахь эхарт х1усам еккъа шуна [хир йолуш] елахь , [бисинчу] нáхана йóцуш , т1аккха аша [шаьш] даларé сатаса шу бакълуьйш делахь».
95.Цáра цунга сатосур ма дац цкъá а , шайн куьйгаш хьалха динарг бахьанехь . Аллах1 зуламхой бевзаш ву .
96.[Дéлóра] Хьýна уьш карор ма бу дáхарна т1ехь нáхал уггар сутара , [иштта] шаьш [Дáлла] дéкъахóвинчáрел а [сутара болуш] . Цáрех цхьаволчунна лаьа шá эзар шарахь вáха , и [ма] вац вáхарó 1áзапах шá гéнавоккхур волуш . Аллах1 гуш ву цáра дийриг .
97.Ахь áла [цáрга] :»Шá Жабрáилан мостаг1 верг [милла велахь , халахетна лойла и]». Баккъалла а цó доссийна и [Къуръáн] хьан даг т1е Аллах1ан лаамца , шел хьалхарниг бакъдеш , [шá] муъманáхана нийса некъ а , кхаъ а хилла .
98.Шá Аллах1ан а , Цуьнан малийкашин а , Цуьнан элчанашин а , Жабрáилан а , Минкáилан а мостаг1 хилларг [милла велахь а] , баккъалла а Аллах1 керстанашин мостаг1 [ма] ву .
99.[Дéлóра] Бакъдолуш , Óха диссийна хьоьга билгала [долу] áяташ , цáрца керстаналла ца до , пéсакънáха бен .
100.Шаьш ч1áг1ó мел йи , [йóхийна] д1атеси и цáрех [цхьана] тóбанó ? Мелхó а цáрех дукхах берш ца тéша [Таврáтах] .
101.Шайна Аллах1ан гергара элча веача , цáргахь дерг [шá] бакъдеш волу , шайга жайна деллачáрех [цхьана] тóбанó д1атесира Аллах1ан [Таврат] жайна шайн баккъаш т1éхьá , баккъалла а шаьш [И Дéлéра хилар] ца хууш [ца кхéташ] болуш санна .
102.Уьш т1аьхьах1иттира , шайт1анаша Сулайман паччахьаллехь [палтосчу нáхана] дуьйцуш [хьоьхуш] хиллачунна . Сулаймáнас ца дина керстаналла , делахь а шайт1анаша дина керстаналла , шаьш нáхана 1áмош бозбуанчаллá а , «Бáбилехь» шина малийкана — Х1áрýтанá а , Мáрýтанá а т1едоссийнарг а . Цáршимма цхьá 1áма ца вóра , шаьшшимма [цунга] áллалц :»Баккъалла а тхо зер [питан] ду [хьýна] , ма дé керстаналла !» Цáра 1áмадо цáршингара шéца стаг а , цуьнан зудá а эг1óриг . Уьш бац цуьнца цхьанá [дéна] зéдийр долуш Аллах1ан пурбанца бен , цáра 1áмадо шайна зéдийриг , шайна пайда ца бийриг . [Дéлóра] Бакъдолуш , цáрна хиъна шá и эцнарг [хаьржинарг милла велахь] , цуна дац эхартахь [цхьá] дáкъа . Ма вон ду-кх и цáра шех шайн дог1маш доьхкинарг , уьш [шайна хиндерг] хууш хиллехь !
103.Баккъалла а уьш [Дéлах] тешнéхьáра , [Цуьнан 1áзапах] кхийранéхьáра [цáрна мéл хир ма бара] . Аллах1ан гергара [болу] мéл тоьлуш бу [цáрна] . Уьш [и] хууш хиллéхьáра [цáрна г1óлú хир дара и] .
104.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Аша ма áла [пайхамарéга] :»Дóладé тхан !» , аша áла :»Хьажа тхоьга !» , аша ладóг1а [шайга бóхучунга] . Кéрстанашна лазош [долу] 1áзап [хир] ду .
105.[шоьца йолчу хьог1анна] Ца дéза , шаьш жайнан ох1лунах [болу Дéлах] цатешначáрнá а , [Дáлла] дéкъахóвечáрнá а , шуна т1е шун Дéлéра дика доссор . Аллах1а Шен къинхéтамца къаставо Шéна луург . Аллах1 йоккха комаьршалла йолуш ву .
106.Óха [цхьа] áят [Къуръанчура шен хьукманцá а , шен йóзанцá а , йа деккъа хьукманца] д1адаьккхича [хийцича] , йа [шуна] и дицдалийтича , цул тоьлуш дерг , йа [йóлехь] и санна дерг дáладо Óха [шуна] . Хьýна ца хиъна [тов] , баккъалла а Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш вуй ?
107.Хьýна ца хиъна , баккъалла а Аллах1 — стигланашин а , лаьттан а паччахьалла [óлалла] Цуьнан дуй ? Шун [ма] вац Аллах1 вóцург вéрас [1уналчá] , вац г1оьнчá .
108.Йа шу лууш ду шайн элчанé дéха , хьалха Мýсáга [цуьнан къóмó] ма-деххара ? Шá керстаналлах иймáн хуьйцург [милла велахь] , бакъдолуш тилла иза нийсачу новкъах .
109.Жайнан ох1лунах дукхахболчáрна дийзира , шаьш шу юхадерзор шун иймáнал т1аьхьа керстанаш долуш , шайн дог1машкарчу хьог1анна , бакъдерг шайна билгалдаьллачул т1аьхьа . Гечдé , къинт1éра довла [цáрна] , Аллах1 вáллалц Шен омарца . Баккъалла а Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .
110.Лáмаз [х1отта] дé , закат лó ! Аша диканах шайн дог1машна хьалха [мел] даьккхинарг , шуна и карор ду Аллах1ан гергахь . Баккъалла а Аллах1 аша дийриг гуш ву .
111.Цáра элира :»Ялсамани г1ýр ма бац шаьш жуьгтийн динехь , йа [1ийсáн динéра] насáрáш хилларш бен». Уьш — цéран сатийсамаш бу . Ахь áла [цáрга] :»Cхьабá шайн бух , шаьш бакълуьйш хилча !»
112.Х1аъ [г1ýр ву] . Шá шен юьхь [доггаха] Аллах1ана муьт1ахь йинарг [милла велахь] , шá [шар1ó ма-бохху] дикадеш волуш , цуна шен ял [хир] ю шен Дáлла гергахь , [эхартахь] цáрна [цхьá] кхéрам [хир] бац , [йа] уьш г1айг1анé [хир] бац .
113.Жуьгташа элира :»[1ийсáн динехь болу] «Насáрáш» бац [цхьанá] х1уманна [бух] т1ехь». [1ийсáн динехь болу] «Насáрáш» элира :»Жуьгтий бац [цхьанá] х1уманна [бух] т1ехь». [ткъа] Уьш [ма] бу [шайна т1е доьссина] жайна доьшуш [бакъдерг девзаш] . Иштта цáра ма-áллара элира , шаьш ца хууш [сонта] болчáрá а . Аллах1а кхел йийр ю цáрна юккъехь къéмат дийнахь , уьш шéгахь бéкъалуш хиллачунгахь .
114.Мила ву сов зуламе , шá Аллах1ан маьждигаш шайна чохь Цуьнан ц1е яккхарх духатоьхначул а , уьш дóхó [д1акъовлa] г1ерташ къахьегначул а ?
Уьш — цéран [йиш] ца хилла цу [маьждигаш] чубахар кхоьруш бен . Дуьнéнахь сийсазалла ю цáрна , [ткъа] эхартахь доккха 1áзап ду цáрна .
115.Аллах1ан ю малхбáлéнаш а , малхбузéнаш а . Шу миччахьá дирзичá а , цигахь Аллах1ан юьхь ю . Баккъалла а Аллах1 [массó дика] чулóцуш , хууш ву .
116.Цáра элира :»Аллах1а [Шéна] доьзалхó эцна [лаьцна]». Ц1ена ву-кх Иза . Мелхó а , Цуьнан [дóлахь] ду стигланашкахь а , лаьттахь а [мел] дерг . Массó [х1ума] Цунна муьт1ахь ду .
117.Стигланаш а , лáттá а кхоьллинарг ву [Иза] . Шá цхьана белхан сацам бича , баккъалла а Цó óлу цунга :»Хила !» — т1аккха и хуьлу .
118.Шаьш ца хууш болчáра элира :»Аллах1 тхоьга вистхилахьáра , йа тхýна [цхьа] билгалó йáг1ахьáра». Иштта цáра ма-áллара элира , шаьш цáрел хьалхарчáрá а . [цатéшарехь] Вовшех тарделла цéран дегнаш . Бакъдолуш , Óха билгалдина [Тхан] áяташ [доггах] тéшачу нáхана .
119.Баккъалла а Óха бакъонца [х1оттавелла] ваийтина хьо [нáхана ялсаманица] кхаъбоккхуш , [жоьжахати хирг хилар] д1áхьéдеш . Хьоьга жоп доьхур дац жоьжахатин дайх .
120.Хьýна рéза хир ма бац жуьгтий а , [1ийсан динéра] «насáрáш» а хьо шайн динна т1аьхьах1отталц . Ахь áла :»Баккъалла а Аллах1ан некъ бу и нийса некъ». [Дéлóра] Хьо цéран [дéг1ан] лаамашна т1аьхьах1оттахь , хьайга 1илманах дерг деанчул т1аьхьа , Аллах1éра вéрас [1уналчá хир ма] вац хьýна , [йа] г1оьнчá [хир ма] вац [хьýна] .
121.Óха шайга жайна деллачáра доьшу и , шá дéша ма-дезза . Уьш цунах тéшаш бу . Шá цунах цатéшарг [милла велахь] , уьш бу уьш эшнарш .
122.Х1ай Исрáилан к1ентий ! Дагадаийта Асa шá шуна делла [долу] Сан зовкх а , баккъалла а Асa шу 1áламашна т1ехь даздар а .
123.Шу кхéра [шéна чохь цхьанá] дéг1ó [кхéчу] дéг1ах х1уммá хьалхадоккур дóцучу , цунгара [цó шен дег1 хьалхадаккха] махийна делларг къóбул дийр доцучу , [цхьаъ шафá1атца] т1ех1оттарó цунна пайда бийр бóцучу , цáрна [цхьаммó] г1о дийр дóцучу дийнах .
124.Ибрáх1им зийра цуьнан Дáла дешнашца [дéкхаршца , т1аккха] цó кхóчуш дира уьш . Цó [Дáла] элира :»Баккъалла а Аса хьо [нáхана] имам вийр ву». Цó [Ибрáх1ма] элира :»Сан т1аьхьéнах а [бéхьа имáмаш]». Цó [Дáла] элира :»Сан ч1áг1ó ца кхóчу зуламхошна».
125.Óха дина [и хьаж] ц1а нáхана [юх-юха гулбала] боьрзийлá а , маьрша меттиг а . Аша йé Ибрáх1им [хьаж-ц1а дуóг1а] х1оьттинчу меттигах лáмаз [ден] меттиг . Óха весет [омар] дира Ибрáх1мé а , Исмá1илé а :»Ц1андé Сан [хьаж] ц1а [т1аваф деш] гуóбоккхучáрнá а , [цигахь] 1ечáрнá а , [рукý1ана] охьатé1ачáрнá [сужýдана] гóрабоьлхучáрнá а».
126.Ибрáх1има элира :»Х1ай [сан] Дéла ! Хилийтахь х1ара мохк маьрша , стоьмех рицкъа лóхьа цуьнан бáхархошна — цáрех шá Аллах1ах а , т1аьхьарчу [къéмат] дийнах а тешначунна». Цó [Дáла] элира :»Шá [Соьх] цатешнарг [милла велахь] , Аса жимма [ханна] зовкх хьоьгуьйтур ду цунга , т1аккха [жоьжахатин] ц1еран 1áзапé вуьгур ву . Ма вон воьрзийла ю-кх [и]».
127.Ибрáх1имá а , Исмá1илá а хьаладоьттира [хьаж] ц1ийнах баххаш [шаьшшимма óлуш] :»Х1ай тхан Дéла ! Къóбал дéхьа тхоьгара [х1ара] , баккъалла а Хьо [цхьаъ] ву-кх хезаш , хууш верг .
128.Х1ай тхан Дéла ! Хьайна муьт1ахь вéхьа тхой шиъ , тхан т1аьхьéнех а [éхьа] Хьайна муьт1ахь тóба . Гайтахь тхýна тхан [хьаж даран] белхаш , тхан тóба къóбал дéхьа , баккъалла а Хьо [цхьаъ] ву-кх тóба къóбал дийриг , къинхéтам бийриг .
129.Х1ай тхан Дéла ! Ваийтахь цáрна шайха [волу] элча , шá цáрна Хьан áяташ доьшур долуш , цáрна жайнá а , кхéтамаллá а 1áмор долуш , уьш [керстаналлех] ц1анбийр болуш [волу] , баккъалла а Хьо [цхьаъ] ву-кх сийлахь , кхéтамé верг».
130.Мила ву Ибрáх1иман дин цадéзаш верг , шен дéг1ана сонта хилларг бен ? [Дéлóра] Бакъдолуш Óха [гергарлонца] дуьнéнахь хаьржина иза , баккъалла а эхартахь дикачáрех ма ву иза .
131.Цуьнан Дáла элира цуьнга :»Муьт1ахь хила ! Цó элира :»Cо муьт1ахь ву 1áламийн Дáлла».
132.Цуьнца весет дира шен к1енташка Ибрáх1имá а , [иштта] Я1къýбá а [Ибрáх1има элира] :»Х1ай сан к1ентий ! Баккъалла а Аллах1а шуна хаьржина [х1ара] дин . Шу дала ма лойла шаьш бусулба долуш бен».
133.Шу теш дара-тов Я1къýбана т1е валар деанчу хéна ? Цó шен к1енташка :»Аша соьл т1аьхьа 1ибáдат хьáнна дийр ду ?» — аьллачу хéна . Цáра элира :»Óха 1ибáдат дийр ду хьан Дáллá а , хьан дайшин — Ибрáх1иман а , Исмá1илан а , Исхьáкъан а Дáллá а — цхьана Дáлла , тхо Цунна муьт1ахь ду».
134.Иза — бакъдолуш д1адахана [д1атилла] уммат ду . Цунна шá гулдинарг [хир] ду , шуна аша гулдинарг ду , шоьга [жоп] хоттур дац цáра деш хиллачух .
135.Цáра элира :»Шу хила жуьгтийн динехь , йа [1ийсáн динéра] «насáрáш» , т1аккха [нийсачу новкъа] нислур ду шу». Ахь áла :»Мелхó а , [тхо т1аьхьадóзур ду] Ибрáх1иман динна [шá бакъóнга] туьйжуш [волчу] . Иза ца хилла [Дáлла] дéкъахóвечáрех».
136.Аш áла :»Тхо тешна Аллах1ах а , [Цó] тхайга доссийначух а , Ибрáх1имéгá а , Исмá1илéгá а , Исхьáкъéгá а , Я1къýбéгá а , [цуьнан] т1аьхьéнашкá а доссийначух а , Мýсáгá а , 1ийсáгá а деллачух а , пайхамарашка шайн Дéлéра деллачух а . Óха къаста ца во цáрна юккъéра цхьá а . Тхо Цуна [цхьáнна] муьт1ахь ду».
137.Ткъа уьш цунах шу ма-тешшара тешнехь , т1аккха бакъдолуш [нийсачу новкъа] нисбелла уьш . Ткъа уьш [цунах] д1абирзинехь , т1аккха баккъалла а уьш [шоьца] ийг1ина [барт боьхна] бу . Аллах1а 1áлашвийр ву хьо цáрех . Иза хезаш , хууш ву .
138.Аллах1ан [динан] хазаллийна [т1аьхьадáза] . Мила ву ткъа [динан] хазаллехь Аллах1ал тоьлуш верг ? Тхо Цунна 1ибáдат деш ду .
139.Ахь áла [цáрга] :»Ткъа шу тхоьца [мýха] къийсало , Иза тхан Дéлá а , шун а Дéлá а [ма] ву , тхýна тхан 1амалш ю , шуна шун 1амалш [ма] ю , тхо Цунна доггах [лéлаш ма] ду ?»
140.[мелхó а] Аша óлу ткъа :»Баккъалла а Ибрáх1им а , Исмá1ил а , Исхьáкъ а , Я1къýб а , [цуьнан] таьхьéнаш а жуьгтийн динехь , я [1ийсáн динéра] «насáрáш» хилла ?» Ахь áла [цáрга] :»Шу ду г1óли хууш , я Аллах1 ву ? Мила ву [ткъа] т1ех зуламé , Аллах1éра [доьссина долу] шéгара тéшалла хьулдинчул а ? Аллах1 [ма] вац аша дечух чидам [тергам] бóцуш».
141.Иза [шен хан текхна] д1адахана уммат ду . Цунна шá [гул] динарг [хир] ду , шуна аша [гул] динаг [хир] ду . Шоьга [жоп] хоттур дац цáра деш хиллачух .
142.Нáхах сонтачáра эра ду :»Стé д1аберзийна уьш , шаьш шéна т1ехь хиллачу , шайн къилбех ?» Ахь áла :»Аллах1ан [дóлахь] ю малхбáлé а , малхбузé а . Цó [цхьамма] нисво Шéна луург нийсачу новкъа».
143.Иштта , Óха шу дина тоьлуш [долу] уммат , [къéмат дийнахь] шу нáхана т1ехь теш хилийтá а , элча шуна т1ехь теш хилийтá а . Óха ца йина хьо шéна т1ехь [хила лууш] волу къилба , шá элчанна т1аьхьах1уттург шен шина к1áжанé [керстаналлé] воьрзучух Тхайна вовзархьамá бен . Баккъалла а доккха [деза] хилла и [къилба хийцар , цáрех] Аллах1а шаьш нисбинарш бóцучáрна т1ехь . Аллах1 [ма] вац , Шá шун иймáн [лáмаз эрна] дойъур долуш . Баккъалла а Аллах1 адамех къахéташ , [цáрех] къинхéтам беш ма ву .
144.Бакъдолуш Тхýна го , хьан юьхьан [Дéлéра хаамé сатуьйсуш] стигалхула д1асхьакерчар . [Дéлóра] Óха хьо верзор ма ву хьо шéна рéза волчу къилбéхьа . Ерзайé хьан юьхь [шéна чохь вóниг дар] дихкинчу [Маккара] маьждиг áг1óр ! Шаьш миччахьа хилчá а аша ерзайé шайн яххьаш цуьнан áг1óр . Баккъалла а шайна [Дáла] жайна делларш , хууш ма бу баккъалла а и шайн Дéлéра бакъдерг хилар . Аллах1 [ма] вац , аша дечух чидам [тергам] бóцуш .
145.[Дéлóра] Хьо веача , [Дáла] шайна жайна деллачáрна , массó билгалонца , уьш т1аьхьах1уьттур ма бац хьан къилбанна , [я] хьó [ма] вац т1аьхьах1уттур волуш цéран къилбанна . Цáрех цхьаберш [ма] бац т1аьхьах1уьттур болуш вýкхáрна . [Дéлóра] Хьо цéран [дéг1ан] лаамашна т1аьхьах1оттахь , хьайга [Дéлера] хаар деанчул т1аьхьа , т1аккха баккъалла а хьо зуламхойх [хир] ма ву .
146.Óха шайна жайна деллачáрна войзу и [Мухьаммад] , шайна шайн к1ентий бовзарх терра . Баккъалла а цáрех [цхьана] тóбанó [цуьнах лаьцна] бакъдерг хьул [ма] до шайна [и] хууш долушехь .
147.Хьан Дéлéра бакъдерг ду [и] . Хьо ма хулийла [цу т1ехь] шекболчáрех !
148.Х1óраннá ю т1евоьрзийла [къилба] , иза шéна т1евоьрзуш [йолу] . Къовсалó диканашкахь . Шу миччахьа хилчá , Аллах1а шу [бéкхамна] схьадáлор [схьагулдийр] ду дерригé . Баккъалла а Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .
149.Хьо миччарá а [новкъа] áраваьлча , ахьа ерзайé хьан юьхь [шéна чохь вóниг дар] дихкинчу [Маккара] маьждиг áг1óр . Баккъалла а и хьан Дéлéра бакъдерг ду . Аллах1 [ма] вац , аша дечух чидам [тергам] бóцуш .
150. Хьо миччарá а [новкъа] áраваьлча , ахьа ерзайé хьан юьхь [шéна чохь вóниг дар] дихкинчу [Маккара] маьждиг áг1óр . Шаьш миччахьá хилчá , аш ерзайé шайн яххьаш цуьнан áг1óр . Нáхана шуна дуьхьал [бáккха] бух ца хилийтархьамá а . Цáрех шаьш зулам динарш бóцурш , шу ма кхéра цáрех , Соьх кхéра . Шуна т1éра Сан зовкх кхóчушдархьамá а . Шу [бакъонга] нисдала тарло .
151.Óха шуна юкъахь шоьх [волу] элча ваийтарх терра , шá шуна Тхан áяташ доьшуш , шу [вóчух] ц1андеш , шуна жайнá а , кхéтамаллá а 1áмош , шуна [хьалха] хууш ца хилларг 1áмош .
152.Хьахавé Со , [т1аккха] Аса шý хьахор ду . Баркалла áла Сýна , керста ма хила Сýна .
153.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! [эхарт дáккхарехь] Аша г1о лаха сóбарцá а , лáмазцá а . Баккъалла а Аллах1 сóбарéчáрца ву [шуна] .
154.Аша ма áла Аллах1ан новкъахь вуьйчунна :»[уьш] Белла». Мелхó а , дийна бу [уьш] , делахь а шуна хаа ца ло [и]».
155.[Дéлóра] Óха шу зуьйр ма ду кхéрамах [долчу] х1уманцá а , мацаллийцá а , даьхнех а , синошхá а , стоьмех а [болчу] эшамцá а . Ахьа кхаъбаккха сóбарéчарна [ялсаманийца] ,
156.шаьш — шайна т1е цхьа бáла беача — óлуш болу :»Баккъалла а тхо Аллах1ан [дóлахь лай] ду , баккъалла а тхо Цунга доьрзур [долуш] ду».
157.Уьш — цáрна т1ехь шайн Дéлéра гечдарш а , къинхéтам а бу . Уьш бу уьш [нийсачу новкъа] нисбелларш .
158.Баккъалла а «Сафá» [лáм] а , «Марват» [лам] а Аллах1ан билгалóнех бу . Шá хьаж-ц1а вахнарг , я 1умрат динарг [милла велахь] , цунна т1ехь къа дац цó царшинна гó баккхарехь . Шá шен лаамца дика динарг [милла велахь] , баккъалла а Аллах1 [цуна] баркаллé , [и] хууш ву .
159.Баккъалла а Óха билгалóнех а , нийсóнах а доссийнарг шаьш хьулдийраш , Óха и нáхана жайнахь билгалдинчул т1аьхьа , уьш — цáрна Аллах1á наь1алт эра ду , [массó] наь1алт óлучáрá наь1алт эра ду цáрна .
160.Шаьш дохкóбоьвлларш а , [шайн 1амалш] туóйинарш а , [хьулдинарг] билгалдинарш а бóцурш . [ткъа] Уьш — Аса къóбул дийра ду цéран тóба , Со тóба къóбул дийриг , къинхéтамéниг ву .
161.Баккъалла а шаьш керстаналла динарш а , шаьш керстанаш болуш белларш а , уьш — цáрна т1ехь Аллах1ан а , малийкин а , массо нéхан а наь1алт [хир] ду ,
162.[шаьш] гуттар цу чохь лаьтташ , цáрна 1áзап дайдийра дац , [я] уьш т1аьхьатоттур бац .
163.Шун Дéла — [веккъа] цхьа Дéла ву , кхин дéла вац Иза вóцург , [шоьх] къахеташ , къинхéтам беш волу .
164.Баккъалла а стигланаш а , лáттá а кхолларехь а , буьйсá а , дé а хийцадаларехь а , нáхана пайден долчунца х1ордахула лéлачу х1орд-кéманашкахь а , [дог1ан] хинехь а Аллах1а [шá] стиглара даийтина , шéца лáтта дендина и [дакъа] деллачул т1аьхьа , шéна чохь Цó массó дийнат даржийна [долу] , мехаш [хуьйцуш] дáхкийтарехь а , стигланá а , лáттанá а юккъехь [Дéлан омарца] лéлачу мархашкахь а [Дéла цхьаъ хиларан] билгалóнаш ма ю хьéкъалéчу [ойлаечу] нáхана .
165.Нáхах [цхьа нах] бу шаьш Аллах1 [1адда] витина [ц1уйх] дéлий лоьцурш , шайна уьш бéзаш Аллах1 вéзарх терра . [ткъа] Шаьш [Дéлах] тешнарш [ц1уй лоьцучáрел сов] ч1óг1а бу Аллах1 вéзарехь . Шаьш зуламдинчáрна хиънéхьáра , шайна 1áзап гучу хéнахь , баккъалла а ницкъ [цáра лецначу дéлийн бóцуш] берригé Аллах1ан буйлá а , баккъалла а Аллах1 1áзап ч1óг1а долуш вуйлá а [цáра уьш лецна хир ма бáцара] .
166.[дуьненчохь] Шайна т1аьхьа [нáх] х1иттина хилларш [шайна] т1аьхьах1иттина хиллачáрех [къéмат дийнахь] д1акъаьстар бу , [бакъдолуш] 1áзап гур ду цáрна , [юкъара] уьйраш хéдар ю цéран .
167.Шаьш [цáрна] т1аьхьах1иттина хиллачáра эра ду :»Баккъалла а тхан цкъа [дуьненчу] юхадоьрзийла делхьáра , тхо д1акъаьстара [ма] дара цáрех , уьш [тахана] тхоьх д1акъастарх терра». Иштта , Аллах1а цáрна гойтур ю цéран 1амалаш [шайха] бáланаш [хилла] . Уьш [ма] бац , жоьжахати чуьра áрабевра болуш .
168.Х1ай нáх ! Даа лаьттахь долчух хьáнала , ц1éна дерг ! Шу т1аьхьа ма х1итта шайт1ан г1улчашна [ларашна] , баккъалла а иза шуна билггала мостаг1 [ма] ду .
169.Баккъалла а цó шуна омар до вóчунцá а , маьттазачунцá а , Аллах1ана т1ехь шайна ца хуург ашa áларцá а .
170.Шайга аьлча :»Аллах1а доссийначунна т1аьхьадáза !» , цáра óлу :»Мелхó а , тхýна тхан дай шéна т1ехь карийначунна т1аьхьадóзур ду-кх тхо». Шайн дай [динах цхьанá] х1уманах ца кхеташ а , [бакъонга] нис ца луш хиллехь а [т1аьхьабóзур бу уьш] ?
171.Шаьш [Дéлах] цатешначéран масал , [шайга] кхайкхар а , мохь [беттар] а бен [кхин х1умма] ца хезачунга [ца кхéтачунга] мохь беттачун масалх тера ду . Къора , мотт ца хууш , б1аьрзé бу [уьш , хьéхамах] кхéташ бац уьш .
172.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Даа Óха шайна деллачу рицкъанах ц1енадерш , баркалла áла Аллах1ана , шу делахь [веккъа] Цунна [цхьанна] 1ибáдат деш !
173.Баккъалла а Цó хьáрам йина шуна къиэйелларг а , ц1ий а , хьакхин жижиг а , Аллах1 вóцучунна [ц1е йоккхуш] шá йийнарг а . Ткъа шá [хьаштóнó гатвина] ца ваьлла [цó кхаьллинехь , и] éзаш вóцуш , [хьаштóнан дóзанал] т1ехвóлуш вóцуш , т1аккха цунна т1ехь къа дац . Баккъалла а Аллах1 гечдеш , къинхéтамé ву .
174.Баккъалла а Аллах1а жайнах доссийнарг шаьш хьулдийраш а , цунах к1еззиг [болу] мáх оьцурш а , уьш — цáра юур яц шайн гайнашкахь [жоьжахатин] ц1é бен , Аллах1 вистхир вац цáрга къéмат дийнахь , [къинойх] уьш ц1анбийр бац Цó , цáрна лазош [долу] 1áзап [хир] ду .
175.Уьш шаьш нийсачу новкъах тилар а , гечдарх 1áзап а эцнарш бу . Ма ч1ог1а сóбарé хилла-кх уьш [жоьжахатин] ц1éр [ох1лун 1амал] т1ехь !
176.Иза , баккъалла а Аллах1а [Шен] жайна бакъонца доссорна ду . Баккъалла а шаьш жайнан хьокъехь бéкъабелларш , гéнарчу эг1арехь ма бу .
177.Дикалла — аша шайн яххьаш малхбáлéхьá а , малхбузéхьá а ерзор яц , амма дикаверг — шá Аллах1ах , т1аьхьарчу [эхарт] дийнах , малийкех , жайнех , пайхамарех тешнарг а , шéна дéзашехь гергарчáрнá , байшнá , маскачáрнá , нéкъахóчуннá , [сáг1а] доьхучáрнá , [лайш] азатбарнá [маьршабáхарнá] даьхни делларг а , лáмаз [х1отта] динарг а , закат делларг а , шаьш ч1áг1ó йинчу хéнахь [и] шайн ч1аг1ó кхóчуш йийраш а , къоьллехь а , сиркхóнехь а , сингаттам болчу хéнахь а сóбарé берш а бу . Уьш шаьш [шайн ийманехь] бакъ-хилларш бу , уьш бу уьш [Дéлах] кхоьрурш .
178.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! [Дáла] Шуна [яздина] т1едиллина байъанчáрна т1éра [нийсонца] ч1ир эцар . Маьршачунна дуьхьал маьршаниг , лайна дуьхьал лай , стéна дуьхьал стé . Шен [бусалба] вашас шéна цхьа х1ума гечдинарг [милла велахь] , т1аккха [цунна т1ехь г1иллакхца] девзинчунца т1аьхьавáзар а , диканца [нийсонца] цунга [г1ýда] д1адалар а ду . И [кхел] шун Дéлéра дайдар а , къинхéтам а бу . Цул т1аьхьа [шар1ал] т1ехваьлларг [милла велахь] , цунна лазош [долу] 1áзап ду .
179.Ч1ир эцарехь дáхар ду шуна х1ай хьéкъал дерш . Шу кхéра тарло .
180.[Дáла] Шуна [яздина] т1едиллина , шоьх цхьанна т1е валар деача — нагахь цó [шел т1аьхьа] даьхни дитанехь — дéна-нáннá а , гергарчáрнá а , [шар1аца] девзинчунца весет дар , [Дéлах] кхоьручáрна т1ехь хьакъ долуш .
181.Шá и [весет] хийцанарг [милла велахь] , шéна и хезначул [хиъначул] т1аьхьа , баккъалла а цуьнан къа шаьш и хуьйцучáрна т1ехь ду . Баккъалла а Аллах1 хезаш , хууш ву .
182.Весет дечунгара харцó , йа къа дáларна шá кхийрина , цáрна юкъахь масла1ат динарг [милла велахь] , цунна т1ехь къа дац . Баккъалла а Аллах1 гечдеш , къинхéтамé ву .
183.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! [Дáла] Шуна [яздина] т1едиллина марха кхáбар , шоьл хьалхарчáрна [Шá] т1едилларх терра . Шу кхéра тарло [1áсаллех] .
184.[мáрханаш кхáба] Лéрина [долчу] деношкахь . Ткъа шоьх шá цомгуш , йа нéкъаца хилларг [милла велахь] , т1аккха [цунна т1ехь] кхéчу дéношха масех [кхáбар] ду . И ца кхáбалочáрна т1ехь [цáра балабéзаш] мáх бу — мискачунна [цхьаъ] кхáча балар . Шен лаамца [шеггара] дика динарг [милла велахь] , иза цунна дика ду . Аша мáрхакхáбар шуна дика ду , шуна [и] хууш делахь .
185.Мáрхин бутт , шéна чохь Къуръáн доссийна [бутт] бу , нáхана нийса некъ а , нийсачу новкъах [йолу] билгалóнаш а хилла [долу] . Шоьх [цу] баттана шá т1екхаьчначó кхóбийла и . Ткъа шá цомгуш , йа нéкъаца хилларг [милла велахь] , т1аккха [цунна т1ехь] кхéчу дéношха масех [кхáбар] ду . Аллах1ана шуна атталла лаьа , шуна халó [ян] ца лаьа . Аша кхóчуш дойла [и] масех [де , Аллах1у акбар áларца] вазвойла Аллах1 , Цó шаьш [бакъонна т1е] нисдарна . Шу баркаллé хила тарло .
186.Сан лайш хьоьга Соьх [лаьцна] хаттахь , баккъалла а Со гергахь [юххехь] ву , Аса жоп лур ду кхойкхучун до1анна цó [Сайга] кхайкхича . Сýна [муьт1ахьаллийца] жоп лойла цáра , Соьх тéшийла уьш . Уьш нисбала тарло .
187.[Дáла] Шуна магийна мархин [беттан] буьйсанна [шу] шайн зударшна [эвхьаза] т1ег1ортар . Уьш шун дýхар ду , шу цéран дýхар ду . Аллах1ана хиъна , баккъалла а аша шайн дог1маш лéдеш хиллий , т1аккха шуна гечдина Цó , шуна къинт1éра ваьлла . Х1инца [эвхьаза] хьакхалó шу цáрех [меттахь] , аша лаха [цáрца] Аллах1а шайна яздинарг . Йаа , мала 1уьйранна к1ай тай 1аьржачу тайх [сá-бóда] къáстталц , т1аккха кхóчуш де [шайн] марха буьйса йоллалц . Шу цáрех [шайн зударех эвхьаза] хьакха ма лó шаьш маьждигехь [1ибáдат деш] 1еш долуш . Уьш Аллах1ан [шар1а] дóзанаш ду . Шу герга ма г1ó цáрна . Иштта , билгалдо Аллах1а нáхана Шен áяташ . Уьш [хьáрамчух] кхера тарло .
188.Аша ма даа вовшийн даьхнеш шайна юккъехь хáрцонца , ма кховдадé уьш кхéлахошка , нéхан даьхнех цхьадерг зуламца даархьама , шайна [и хьáрам дуй] хуушехь .
189.Цáра хьоьга хоьтту беттан [хийцабаларан] хьóлех , ахь áла [цáрга] :»Уьш нáханá а , хьаждехкарнá а хéнаш ю». Дикалла — шу х1усамашка — цáрна т1éхьахула дáхкар яц , амма дикаверг шá [Дéлах] кхийринарг ву . Шу дуьйла х1усамашка цéран не1аршкахула . Аллах1ах кхéра . Шу дéкъалхила тарло .
190.Лата [т1ом-бé] Аллах1ан [дин айдаран] новкъахь [мостаг1ех] шайха летачáрех , [амма дóзанел] т1ех ма довла . Баккъалла а Аллах1ана ца бéза т1ехбуьйлурш .
191.Байъа уьш шаьш цáрна т1екхаьчначохь , áрабáха уьш шаьш цáра áрадаьхначура . [Дéлаца декъахóваран] Питана [Дáлла гергахь] ч1óг1а [доккха] ду [цáра стаг] вéрал а . Шу ма лата цáрех [шéна чохь хьáрамниг дар] дихкина [долчу Маккара] маьждигна гергахь , уьш цу чохь шоьх латталц . Ткъа уьш [цу чохь] шоьх латахь , т1аккха аша байъа уьш [цу чохь] . Иштта бу [Дéлах] цатéшачéран бéкхам .
192.Ткъа уьш [летачур] совцахь , т1аккха [шý совца] баккъалла а Аллах1 гечдеш , къинхéтамé [ма] ву .
193.Лата цáрех [Дéлаца декъахóваран] питан ца хилийтархьама , дин [лелор деккъа] Аллах1ана хилийтархьама . Ткъа уьш совцахь , т1аккха мостаг1алла дац зуламхошца бен .
194.Бихкина бутт — бихкинчу беттан дуьхьал бу . Бехкамаш [ларцабича] ч1ир-оьцуш бу . Шá шуна т1елеттарг [милла велахь] , шу цунна т1елата , иза шайна т1елатарх терра . Аллах1ах кхéра , шуна хаа баккъалла а Аллах1 [Шех] кхоьручáрца вуйла .
195.Харжйе Аллах1ан [дин айдаран] нéкъахь , шайн куьйгашца [шайн дог1маш] х1аллак хиларе ма кхийса . Дикадé , баккъалла а Аллах1ана дикадийраш [ма] бéза .
196.Кхóчуш-дé Аллах1ан [доьхьа] хьадж а , 1умрат а . Ткъа шу [цхьана бахьанó цунах] духатоьхнехь , т1аккха [шуна т1ехь ду] хьайбанах [шайн] йиш ерг [цига дахьийтар] . Аша ма дáша шайн кортош [шаьш дахьийтана] хьайба шен [урс хьокхучу] меттиге кхáччалц . Ткъа шоьх шá цомгуш , я шен коьртаца лазар [хиларна корта баьшна] хилларг [милла велахь , цунна т1ехь кхо де] марха кхáбаран , я [ялх мисканна] сáг1а даларан , я хьайба дéран мáх бу . Ткъа шу [кхéрамах , новкъарлóнах] маьрша доьвлча , шá хьадж дехккалц 1умрат дарца зовкх хьегнарг [милла велахь , цунна т1ехь ду] хьайбанах [шен] йиш ерг [дер] . Шéна [ден и] ца карийнарг [милла велахь , цунна т1ехь ду] хьадж дихкина волуш кхоъ мáрха кхáбар , шаьш [цигара] ц1адирзича ворх1 [мáрха] кхáбар . Уьш — дуьззина итт [де] ду . Иза — шен ох1лу [хьáрамчух] дихкина [долчу Маккара] маьждиг гóнаха [дéхаш] ца хиллачáрна ду . Кхéра Аллах1ах , хаалуш баккъалла а Аллах1 г1ýда ч1óг1а долуш вуйла .
197.Хьадж [даран хан] — девзаш [долу] беттанаш ду . Шá цу [беттанаш] чохь хьадж дихкинарг [милла велахь , зудчунна эвхьаза] т1ег1ортар а , песакъаллá а , къовсам а [хила йиш йолуш] бац [цунгара] хьадж деш . Аша диканах [долу цхьаъ] дича , Аллах1ана и хаа [цунна бéкхам бо] . [эхартан] Кéчам-бé , баккъалла а тоьлуш [болу] кéчам — [Дéлах] кхéрар бу . Кхéра Cоьх , х1ай хьéкъалш дерш !
198.Шуна т1ехь къа дáц , аша [совдéгарца] шайн Дéлéра [рицкъан] комаьршалла лахар [éхар] . «1арафат» лóмара шу меттахдоьвлча [чудиссича] , Аллах1 хьахавé [шéна т1ехь 1éсалла] йихкина [«Маш1арулхьарáм» — олучу] меттигехь . Аша хьахавé Иза , шаьш Цó [хаза] нисдарх терра [хаза] . Баккъалла а шу дара цул хьалха тиллачáрех .
199.Т1аккха шу меттахдовла [кхи болу] нáх меттахбоьвлачура . Аллах1é гечдар дéха . Баккъалла а Аллах1 [цáрна] гечдеш , къинхéтамé [ма] ву .
200.Шаьш [хьадж даран] г1уллакхаш [1ибáдаташ] кхочушдича , Аллах1 хьахавé , шайн дай аша хьахóрах терра , я [цул] ч1óг1а хьахош . Нáхах ву шá óлург :»Х1ай тхан Дéла ! Лóхьа тхýна [тхан дáкъа] дуьнéнахь !» , эхартахь шен [цхьá] дáкъа доцушехь .
201.Цáрех ву шá óлург :»Х1ай тхан Дéла ! Лóхьа тхýна дуьнéнахь дика , эхартахь дика . Лардéхьа тхо [жоьжахатин] ц1еран 1áзапах !»
202.Уьш — царна шаьш [гул] динчух дáкъа [хир] ду . Аллах1 хьéсап чехка долуш ву .
203.Хьахавé Аллах1 лéринчу дийношкахь . Шá шина дийнахь [вáла] сихвелларг [милла велахь] , цунна т1ехь къа дац . Ткъа шá [кхоалг1ачу дийнах] т1аьхьависинарг [милла велахь] , къа дац цунна т1ехь , шá [Дéлах] кхийранчунна . Кхéра Аллах1ах , хаалуш баккъалла а шу Цунга д1агулдийр дуй .
204.[мунéпикъ] Нáхах ву , шен [хазчу] къамелó дуьнéнан дáхарехь хьо цецвоккхург [хьоьга тáмаш бойтург] а , шен дагчохь долчунна т1ехь Аллах1 теш х1иттóриг а , шá [хьан] луьра довхó волушехь .
205.Шá [хьоьх] д1авирзича , лаьттахула лийлира иза , цу т1ехь бóхамаш бархьамá а , ялтá а , дийнат а х1аллакдархьамá а . Аллах1ана ца бéза бóхам .
206.Шéга [цхьамма] :»Аллах1ах кхéра !» — аьлча , [мелхó а] къа дарца дазалла дарó д1алéцира иза . Цунна тоьур ю жоьжахати . Ма вон [кечбина] мотт бу-кх [и] .
207.[муъма] Нáхах ву , Аллах1 рéзахилар лоьхуш шен са шá [Дéлан новкъахь] духкуш [д1алуш] верг . Аллах1 [ч1óг1а] эсала ву [Шен] лайшца .
208.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Дерригé а [Дáлла] муьт1ахьаллин чудуьйла , шайт1анан ларашна т1аьхьа ма х1итта . Баккъалла а иза шуна билгала мостаг1 [ма] ду.
209.Ткъа шу [цу чудáхкарх] д1ашаршахь , шайна билгалóнаш йаьхкинчул т1аьхьа , шуна хаийла баккъалла а Аллах1 сийлахь , кхéтамé вуйла .
210.Мархашин 1индаг1ашкахь шайна Аллах1 а , малийкаш а даьхкина , [шайн] белхан кхел ярé бен хьоьжий уьш ?! Аллах1é дерза до [дерригé] г1уллакхаш .
211.Хáтта Исрáилан к1енташка :»Маса билгала [йолу] билгалó елла Óха цáрна ?» Шá Аллах1ан зовкх хийцанарг [милла велахь] , шéна и деанчул т1аьхьа , баккъалла а Аллах1 та1зар ч1óг1а долуш [ма] ву .
212.Шаьш [Дéлах] цатешначáрна хаздина дуьнéнан дáхар . Уьш кхаьрда шаьш [Дéлах] тешначáрех . [амма] Шаьш [Дéлах] кхийранарш къéмат дийнахь цáрна т1ехула [хир] бу . Аллах1а рицкъа ло Шéна луучунна [цхьá] хьéсап дóцуш .
213.Цхьа уммат хилла нáх [амма бéкъабелира уьш , т1áккха] Аллах1а пайхамараш бахкийтира [цáрна шаьш] кхаъ боккхуш а , кхéрам тосуш а . Цó доссийра цáрца бакъдолчунца [долу] жайна , нáхана юккъехь цунга кхел йайтархьама уьш шéгахь бéкъабеллачунгахь . Цунгахь бéкъа [ма] ца белира шайга и [жайна] делларш бен , шайга билгалóнаш йаьхкинчул т1аьхьа , шайна юккъерчу хьаг1-гáмонна . Аллах1а шаьш [Шех] тешнарш Шен пурбанца нисбира бакъóнах уьш шéгахь бéкъабеллачунга . Аллах1а нисво Шéна луург нийсачу новкъа .
214.Шуна моьттинéра ткъа шаьш ялсамани г1ýр ду , шоьл хьалха шаьш хиллачéран [масалх] масал [хьал] шайна т1е деанá дóцуш ?! Цáрех хьакхаелира къоьллá а , сиркхó а . Лестийра уьш , элчанó а , шаьш цунца тешначáрá а áллалц :»Маца [хир долуш] ду [тéхьа] Аллах1éра г1о ?» Вá [нáх] ! Баккъалла а Аллах1ан г1о герга ду [шуна] .
215.Цáра хоьтту хьоьга шаьш х1ун харж ян éза . Ахь áла :»Аша диканах йина харж — дéна-нáннá а , гергарчáрнá а , байшнá а , мискачáрнá а , нéкъахóчуннá а [хилар г1óлий ду] . Аша диканах мел дийриг , баккъалла а Аллах1 хууш ву и».
216.[Дáла] Яздина [т1едиллина] шуна [мостаг1ца] т1ом бар , [амма] и шуна ца дéза . Шуна [цхьа] х1ума цадéза герга ду , и шайна дика долушехь . [иштта] Шуна [цхьа] х1ума дéза герга ду , и шайна вон долушехь . Аллах1ана хаа [шуна г1óли дерг] , шуна [и] ца хаа .
217.Цáра хоьтту хьоьга бихкинчу баттах — цу чохь т1ом барх . Ахь áла :»Цу чохь т1ом бар доккха [къа] ду . [амма] Аллах1ан новкъах [нáх] бухатóхар а , Цунах цатéшар а , дихкинчу [Маккара] маьждигах [нáх бухатóхар] а , цуьнан ох1лу цу чуьра áрадáккхар а кхин доккха [къа] ду Аллах1ана гергахь . [динах вóхош долу] Питана [стаг] вéрал доккха ду [къилахь] . Уьш совцур [ма] бац шоьца т1ом бечура , шу шайн динах шаьш духадáххалц , шайн ницкъ кхáчахь . Шоьх шен динах вухáваьлла , шá керстá волуш велларг [милла велахь] , уьш — цéран [дика] 1амалш [эрна] йайна дуьнéнахь , эхартахь . Уьш жоьжахатин дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .
218.Баккъалла а шаьш [Дéлах] тешнарш , шаьш махках боьвлларш , Аллах1ан новкъахь [т1ом беш] къахьегнарш , уьш Аллах1ан къинхéтамé догдóхуш бу . Аллах1 гечдеш , къинхéтамé ву .
219.Цáра хоьтту хьоьга къаркъанах а , [юкъа ахча дуьллу] шовкъé ловзарх а [лаьцна] . Ахь áла :»Цу чохь доккха къá ду , нáхана пайданаш ду . [амма] Цаьршинан къа дуккхá доккха ду цаьршинан пайданал а». Цáра хоьтту хьоьга шаьш х1ун харжйан éза . Ахь áла :»Совдаьлларг [лó]». Иштта , Аллах1а билгала до шуна [Шен] áйаташ . Аш ойла ян тарло ,
220.дуьнéнан а , эхартан а [хьокъехь] . Цáра хоьтту хьоьга бóбéрех [лаьцна] . Ахь áла :»[цéран хьéлаш] Тóдар г1óли ду цáрна». Нагахь шу цáрех д1аэхь , шун вежарий бу-кх [уьш] . Аллах1ана хаа талхóриг тóдечух [къастó] . Аллах1ана лиънéхьáра , Цó шуна гатто йина хир ма яра . Баккъалла а Аллах1 сийлахь , кхéтамé ву .
221.Аша ма бáлабé [Дáлла] дéкъахóвеш болу зударий , уьш [Дéлах] тешшалц . Муъма лай г1óли ю [Дáлла] дéкъахóвечул а , цó шу даккхийдéдахь а . Аша ма бахийта [зударий Дáлла] дéкъахóвечу бóжаршка , уьш [Дéлах] тешшалц . Муъма лай г1óли ву [Дáлла] дéкъахóвечул а , цó шу даккхийдéдахь а . Цáра жоьжахате кхойкху , Аллах1а ялсамане , гечдарé кхойкху Шен лаамца , нáхана Шен áйаташ билгалдо . Цáра ойлайан тарло .
222.Цáра хоьтту хьоьга [зудчун] ц1анó йóхарх [лаьцна] . Ахь áла :»Иза тáмбóцург ду». [цундéла] Шу гéнадовла зударшна [цéран] ц1анó йоьхначу хéнахь , уьш ц1анбаллалц . Ткъа уьш ц1анбелча , т1аккха дуьйла шу цáрна [евхьаза герга] , Аллах1а шайга омар динчухула . Баккъалла а Аллах1ана [дукха] бéза дохкóбуьйлурш , бéза ц1анóйийраш .
223.Шун зударий шуна óхана ду , шу дуьйла шайн óханна т1е шайна ма-луъу . Хьалхадáккха [кечдé] шайн дог1машна [дика мел дерг] . Аллах1ах кхéра . Хаалуш баккъалла а шаьш Цунца цхьанакхéтар дуй . Кхаъбáккха муъманáхé .
224.Аша ма дé Аллах1ах шайн дуйнашна г1акх , диканиг ца дархьамá а , [Дéлах] ца кхéрархьамá а , нáхана юкъахь масла1ат ца дархьама а . Аллах1 хезаш , хууш ву .
225.Аллах1а шоьгара бехк-боккхур бац шун дуйнех эрна [лаамза] хиллачух , амма Цó шоьгара бехк-боккхур бу шун дегнаша [гул] динчух . Аллах1 гечдеш , эсала [к1éда] ву .
226.Шайн зударех [меттахь хербала] шаьш дуй буучáрна [т1ехь] , биъ баттахь [цáрна юххé ца г1уш] хьéжар [сóбар дар] ду . Нагахь [цул т1аьхьа] уьш [шайн зударшка] бухаберзахь , баккъалла а Аллах1 гечдеш , къинхéтамé ву .
227.Ткъа цáра [уьш] бита сацам бинехь , [т1аккха буьтийла цáра уьш] баккъалла а Аллах1 [цéран къамéлаш] хезаш , [лаамаш] хууш ву .
228.Битина зударий шаьш [мáрé ца г1уш] хьоьжур [1ийр] бу [ц1анóнан , йа ц1анó йóхаран] кхá муьрехь. Цáрна ца мега шайн кийрахь Аллах1а кхоьллинарг хьулдар , шаьш Аллах1ах а , т1аьхьарчу [эхарт] дийнах а тéшаш хиллехь . Цéран мáрóшин бакъó ю уьш цу [хéна] чохь юхаберзó, шайна [юккъéра хьал] тáдар лиънехь . [хьаккъех] Шайна т1ехь долчух терра [бакъóнаш] ю цéран [шá диканца] девзинчунца . [х1еттé] Бóжаршна [цхьа] дарж ду цáрна т1ехь . Аллах1 сийлахь , кхéтамé ву .
229.[зуда] Йитар шозза [хуьлуш] ду , т1аккха [йа диканца] девзинчунца [юхáерзийна иза] лáттор [сацор] ду [шуна т1ехь] , йа диканца парг1ат [маьрша] йитар ду . Шуна ца мега аша [зударий битча] цáрна деллачух [урдóнах , тóмах] х1уммá схьаэца , шаьшшимма Аллах1ан дóзанаш д1а ца х1итторна и шиъ кхéрахь бен . Ткъа шу кхийранехь цáршимма Аллах1ан дóзанаш д1а ца х1итторна , т1аккха цáршинна т1ехь къа дац цó [зудчó шá йуьтург] махийна деллачунгахь . Уьш — Аллах1ан дóзанаш ду , шу цáрел т1ех ма довлалуш . Шá Аллах1ан дóзанел т1ехвуьйлург [милла велахь] , уьш бу уьш зуламхой .
230.Ткъа цó иза [кхузза] йитанехь , цул т1аьхьа цунна хьáнал яц иза , и вóцучу [кхéчу] стагé иза мáрé яххалц . Ткъа цó [шолг1ачó] иза йитанехь , т1аккха цáршинна т1ехь къа дац и шиъ [зáхалóнга] юхадерзарехь , нагахь цáршинна хеттехь шаьшшимма Аллах1ан дóзанаш д1ах1иттор [лардийр] ду [аьлла] . Уьш — Аллах1ан дóзанаш ду , Цó шаьш билгалдеш хуучу [ойлаечу] нáхана .
231.Аша [шайн] зударий [цкъа-шозза] битина , уьш шайн [муьран] хéнé кхаьчча , т1áккха аш уьш [диканца] девзинчунца [чохь] совцабé , йа [диканца] девзинчунца парг1ат [маьрша] бита . Аш уьш совца ма бé [цáрна] зéдеш , шаьш [цáрна] зуламдархьама . Шá и деш верг [милла велахь] , бакъдолуш шен дéг1ана зулам дина цó . Аша ма лéца Аллах1ан áйаташ кхардамé . Дагадаийта шайна т1éра Аллах1ан зовкх а , Шá шéца хьéхам беш шуна жайнах , кхéтамах доссийнарг а . Кхéра Аллах1ах , хаалуш баккъалла а Аллах1 массó х1ума хууш вуй .
232.Аша [шайн] зударий [цкъа-шозза] битина , уьш шайн [муьран] хéнé кхаьчча , т1áккха аша новкъарлó ма йé цáрна шайн майранашка [буха] бáрехь , уьш шайна юккъехь [диканца] девзинчунца [вовшашна] рéзахиллехь . Иза шéца хьéхам беш ду , шоьх шá Аллах1ах а , т1аьхьарчу дийнах а тéшачунна . Иза шуна тоьлуш а , ц1енá а ду . Аллах1ана хаа [и] , шуна ца хаа .
233.Нáнóша дакхор ду шайн бéраш дуьззина шина шарахь , дакхор кхóчуш [дуьззина] дар лууш волчунна . Шéна бéр динчунна [дéна] т1ехь ду [1áдатехь диканца] девзинчунца цáрна [зударшна] даар-малар а , цáрна дýхар а лáттор . [цхьанá] Синна [Дáла] т1ецадуьллу цуьнан ницкъ кхóчург бен . Нáннá зéн ма дойла шен бéраца , шéна бера динчуннá [дéнá] а [зéн ма дойла шен бéраца . Вéрасна т1ехь ду цунга терраниг . Цáршинна [бéр дакхóчур] д1адáккхар лиънехь , шаьшшиъ рéзáдолуш , [вовшех] дагадаьлла долуш , т1аккха цáршинна т1ехь къа дац . Шуна лиънехь шайн бераш [кхéчунга] дакхадайтар , т1аккха шуна т1ехь къа дац , аша д1аделча шаьш [цáрна] луш дерг [1áдатехь диканца] девзинчунца . Кхéра Аллах1ах , хаалуш баккъалла а Аллах1 аша дийриг гуш вуй .
234.Шоьх шаьш кхелхарш [шайн] зударий бухáбуьтуш , [цéран зударий] хьоьжур бу [мáрé ца г1уш] беа баттахь итт дийнахь . Ткъа уьш шайн [муьран] хéнé кхаьчча , т1áккха шуна т1ехь къа дац , цáра [1áдатехь диканца] девзинчунца шайн дог1машца динчунгахь . Аллах1 аша дийриг хууш ву .
235.Шуна т1ехь къа дац аша [бисина 1éчу] зударшка зáхалó къадóрехь а , йа аша [и дéзар] шайна чохь хьулдарехь а . Аллах1ана хиъна баккъалла а аш уьш [зáхалонца] хьахор буй , делахь а [биъ бутт итт дé дáллалц , бáлор бу аьлла] ч1áг1ó ма éлуш цáрна къайлах , [диканца] девзина [зáхалó къадош] дош áлар дóцург . Ялóран сацам ма бéлуш , [Дáла] яздинарг [тоьхна хан] шен хéнé кхáччалц . Хаалуш баккъалла а Аллах1 гечдеш , эсала [сóбарé] вуй .
236.Шуна т1ехь къа дац , аша [шайн] зударий битча , шаьш цáрех [эвхьаза] хьакхаделлá дóцуш , йа цáрна х1оттийна урдó дóцуш . Аша тáм бé цáрна , тарó йолчунна т1ехь шен бáрам бу , къéчунна т1ехь шен бáрам бу [диканца] девзинчунца [цáрна] тóмана , дикадечарна т1ехь хьакъ долуш .
237.Нагахь аш уьш битнехь , шаьш цáрех [эвхьаза] хьакхадалалé , шаьш цáрна х1оттийна урдó долуш , т1аккха [шуна т1ехь] аша х1оттийначух áх [дáкъа] ду , цáра [гечдина] дитича бен , йа йáлоран бакъó шен карахь йолчó дитича бен [т1éра ца долуш] . Аша [и] дитар [Дéлах] кхерарна герга ду . Аша йиц ма йé шайна юккъéра комаьршалла . Баккъалла а Аллах1 аша дийриг гуш ву .
238.Лардé лáмазаш а , юккъера [хéна] ламаз а . Д1ах1итта [лáмазна] Аллах1ана муьт1ахь долуш .
239.Шу [цхьаннах] кхийранехь , т1аккха г1ашлой долуш , йа [хьайбанна] т1ехевшина долуш [дé лáмаз] . Ткъа шу маьршадоьвллехь , т1аккха аш Аллах1 хьахавé Цó шайна 1áма ма-дарра шуна ца хууш хилларг .
240.Шоьх шаьш кхелхарш [шайн] зударий бухáбуьтуш , [цáра] весет [дийр] ду шайн зударшна [царга] зовкх хьéгийтарца шо кхáччалц , áрáбáхар дóцуш . Нагахь уьш áрабоьвллехь , шуна къа дац цáра шайн дог1машкахь динчунгахь . Аллах1 сийлахь , кхéтамé ву .
241.Битинчу зударшна тáм [бóг1уш] бу [диканца] девзинчунца [Дéлах] кхоьручáрна т1ехь хьакъ долуш .
242.Иштта , Аллах1а билгалдо шуна Шен áяташ . Шу хьекъалé хила тарло .
243.Хьýна ца гина [тов] шаьш баларх кхéрарна эзарнашкахь шайн х1усамашкара
áрабоьвлларш ?! Аллах1а цáрга элира :»Лé !» Т1аккха денбира Цó уьш . Баккъалла а Аллах1 , нáхана т1ехь комаьршалла йолуш ву , делахь а дукхах болчу нáха баркалла ца óлу .
244.Т1ом бé Аллах1ан [дин айдаран] новкъахь , хаалуш баккъалла а Аллах1 хезаш , хууш вуй .
245.Мила ву и шá юхалург Аллах1ана [доьхьа] хаза дéкхар лур дерг , Цо и [дика] дéбор [совдоккхур] ду цунна дукхазза ? Аллах1а [шу зуьйш рицкъа] гаттáдо , д1áхоьцу , [эхартахь] Цунга дерзор ду шу [бéкхамна] .
246.Хьýна ца гина [ца хиъна] Мýсáл т1аьхьа Исрáилан к1ентех [хилла болу] элий [хьокъехь деанарг] ? Цáра элира шайн пайхамарé :»Тхýна паччахь ваийта , [т1аккха] тхо летар ду [цуьнца] Аллах1ан новкъахь». Цó элира :»Шу герга дуй тé — шайна [мостаг1ах] латар [яздина] т1едиллича — шаьш ца лата ?» Цáра элира :»Тхо х1унда ца леташ ду [цáрех] Аллах1ан новкъахь , тхо тхан х1усамашкарá а , доьзалшна юкъарá а бакъдолуш [цáра] áрадаьхча ?» Ткъа шайна [цáрех] латар [Дáла яздина] т1едиллича , [кхéрабелла] бухабевлира уьш , цáрех к1еззиг бóцурш . Аллах1 бевзаш ву зуламхой .
247.Цéран пайхамара цáрга элира :»Баккъалла а Аллах1а , Т1áлут паччахь ваийтина шуна». Цáра элира :»Тхýна т1ехь паччахьалла цунна мýха хуьлу , паччахьаллехь тхо цул хьакъ долуш , цунна [Дáла] даьхнех елла шортó йóцуш ?» Цó элира :»Баккъалла а Аллах1а иза [паччахьаллийца] шуна т1ехь [хáржá а] хаьржина , 1илман шортóнгахь а , дéг1ехь а [шоьл] сов а ваьккхина иза . Аллах1а Шен паччахьалла Шéна луучунна ло». Аллах1 [комаьршалла] шорта [йолуш] , [и хьан йóг1у] хууш ву .
248.Цéран пайхамара цáрга элира :»Баккъалла а цуьнан паччахьаллин билгало , шуна т1орказ дáр ю , шéна чохь шун Дéлéра синтем а , Мýсáн доьзалó а , Х1áрýнан доьзалó а дитинчух бухадиснарг а долу . Маликаш дохьу и». Баккъалла а цу чохь шуна билгалó ма ю , шу муъманáх хиллехь .
249.Т1áлýт [шен] эскаршца [т1амна] áраваьллачу хéна [йовхонна хьагбелира уьш , т1аккха] цó [цáрга] элира :»Баккъалла а Аллах1а зуьйш ду шу тáтóлца . Шá цу чуьра [хи] мелларг [милла велахь] , соьх вац [шуна] иза , шен куьйга шá [беккъа] цхьа кáна эцнарг вóцург , ткъа шá цуьнан чам ца баьккхинарг [милла велахь] баккъалла а иза соьх ву [шуна] . Цáра [шортта хи] мелира цунах , цáрех к1еззиг бóцучáра . Цунах т1ехваьлча изá а , шаьш цунах тешнарш а , вýкхáра элира :»Вайгахь ницкъ бац тахана Джáлýтацá а , цуьнан эскаршцá а [лата]». Шаьш баккъалла а Аллах1ана дуьхьалкхéтарх догтéшачáра элира :»Хийла к1еззигчу тóбанó эшийна йоккха тóба Аллах1ан пубанца». Аллах1 сóбарéчáрца ву .
250.Джáлýтанá а , цуьнан эскаршнá а дуьхьалх1иттича цáра элира :»Х1ай тхан Дéла ! Доссадéхьа тхýна т1е сóбар , ч1аг1дéхьа тхан кóгаш , г1одéхьа тхýна керста нáхана т1ехь !»
251.Эшийра цáра уьш Аллах1ан пурбанца . Дáвýда вийра Джáлýт . Аллах1а цунна делира паччахьаллá а , кхéтамаллá [пайхамараллá] а , 1áмийра цунна Шéна луучух [говзаллá а] . Аллах1а нáх — цáрех цхьаберш вýкхáрца ларбеш бáцахьáра лáтта телхина [хир] ма дара . Амма Аллах1 1áламашна т1ехь комаьршалла йолуш [ма] ву .
252.Уьш Аллах1ан áяташ ду , Óха доьшу уьш хьýна бакъонца . Баккъалла а хьо гéланчех ма ву .
253.И элчанаш , Óха базбина цáрех цхьаберш вýкхáрна т1ехь . Цáрех Аллах1 [шéга] вистхилларг ву , Цó цáрех цхьаберш даржашкахь айбина . Óха елира Марйаман к1антé 1ийсáга билгалóнаш , Óха и ч1аг1вира сийлахьчу [Жабрáилан] сица . Аллах1ана лиънехь , цáрел [элчанел] т1аьхьа берш [вовшех] летта хир бáцара , шайна билгалóнаш йаьхкинчул т1аьхьа . Делахь а бекъабелира уьш , цáрех шá [Дéлах] тешнарг ву , цáрех шá цатешнарг ву . Аллах1ана лиънехь [вовшех] летта хир ма бáцара уьш . Амма Аллах1а Шéна луург до .
254.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Харжйé Óха шайна деллачу рицкъанах , шéна чохь cовдéгар дóцуш , доттаг1аллá дóцуш , [вовшашна] т1ех1оттар дóцуш долу де [шайна] т1едáлé . Керстанаш бу уьш зуламхой .
255.Аллах1 — [кхин] дéла вац , И вóцург , [гуттар] дийна волу , [хьашташна] д1ах1оьттина волу , И ца лóцу нáб-óзóрó а , нáбарó а , Цуьнан [дóлахь] ду шá стигланашкахь [мел] дерг а , лаьттахь [мел] дерг а . Мила ву и шá Цунна гергахь [цхьанна] т1ех1уттур верг , Цуьнан пурбанца бен ?! Цунна хаа цáрел хьалхарниг а , цáрел т1аьхьарниг а . Цуьнан 1илманах [долчу] х1уманна [и довзарца] гуó ца буьллу цáра , Цунна [шá довзийта] лиъначуннá бен . Цуьнан «курсийнó» чулаьцна стигланаш а , лáттá а . Даз ца ло Цунна и шиъ лардар . Иза лекханиг , везаниг ву .
256.[адам нуьцкъала дин] Т1етé1ор дац [бусулба] динехь . Бакъдолуш д1акъаьстина нийса некъ тиларх . Шá Т1áг1ýтах [шайт1анах , ц1уйх] цатéшаш , Аллах1ах тéшарг [милла велахь] , бакъдолуш и тасавелла шá хéдар бóцучу ондачу муьшах . Аллах1 хезаш , хууш ву .
257.Аллах1 шаьш тешначéран вéрас [г1оьнчá] ву , Цó уьш áрабóху [керстаналлин] бóданашкара [úмáнан] серлонга . Шаьш [Дéлах] цатешнарш , цéран вéрасаш Т1áг1ýташ [ц1уй] бу , цáра уьш áрабóху серлонгара бóданашка . Уьш [жоьжахатин] ц1еран дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .
258.Хьýна ца гина Ибрáх1имца , цуьнан Дéлан хьокъехь къевсинарг [саннарг] , Аллах1а шéна паччахьалла даларна ? Ибрáх1има [цунга] элира :»Сан Дéла Шá [синош] дендийриг а , долуьйтург а ву». Цó [къуьйсучо] элира :»Сó ву-кх дендеш , долуьйтуш». Ибрáх1има элира :»Баккъалла а Аллах1а мáлх бáлабо мáлхбáлéхьáра , ахь и бáлабé мáлхбузéхьáра». Т1áккха вуьйхира шá [Дéлах] цатешнарг . Аллах1а ца нисбо зуламé нáх .
259.Йа шá [цхьана] юьрта уллéхула т1ехваьлларг саннарг , и шен тхевнаш т1е йоьжнá [йоьхнá] йолуш . Цó элира :»Аллах1а х1ара ден мýха йийр ю [тé] и еллачул т1аьхьа ?» Аллах1а валийтира иза б1é шарна , т1аккха денвира . Цó [Аллах1а цунга] элира [хаьттира] :»Мел [хéнахь] лаьттира хьо [кхузахь] ?» Цó элира [жоплуш] :»Со лаьттира цхьана дийнахь , йа дийнан [цхьана] дéкъехь . [Дáла] Элира :»Мелхó а , хьо лаьттира б1é шарахь . Хьажа хьан даарé а , хьан маларé а , хийца ца делла [и] , хьажа хьан [еллачу] вирé а . [Óха и дина] Хьоьх нáхана [денваран] билгалó ярхьама . Хьажа [хьан виран] даь1ахкашка , Óха уьш вовшех мýха тосý а , т1аккха цáрна т1е дилха [мýха] дуьллý а». Шéна [и] билгалдаьлча , цó элира :»Сýна хаа , баккъалла а Аллах1 массó а х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш вуй».
260.Ибрáх1има элира :»Х1ай сан Дéла ! Гайтахь сýна , Ахьа ден мýха бо белларш !» [Дáла] Элира :»Хьо ца тешна ткъа [Сан ницкъах] ?» [Ибрáх1има] Элира :»Х1аъ [тешна] , х1еттé а [асa доьху] сан дог [и гарца] тейтархьама». [Дáла] Элира :»[х1ета] Олхазарех [тайп-тайпана долу] диъ [олхазар] лáцé , уьш хьайгá товжадай [цáрех дáкъош дина кéгадé уьш] , т1аккха х1óр лóма т1е [цхьацца] дáкъа дилла цáрех , т1аккха кхайкха цáрга , уьш дóг1ур ду хьýна т1е чехка . Хьýна хаийла , баккъалла а Аллах1 сийлахь , кхéтамé вуй».
261.Шаьш шайн даьхнеш Аллах1ан новкъахь дойъучéран масал , буьртиган масалх тера ду , шá ворх1 кан хьалбáлийтинчу , х1ор кéнахь б1é буьртиг болуш . Аллах1а [дика] дéбадо Шéна луучунна . Аллах1 [комаьршалла] шорта [йолуш , хьанна яла éза] хууш ву .
262.Шаьш шайн даьхнеш Аллах1ан новкъахь дойъурш , т1аккха шаьш дайъиначунна т1аьхьа т1ехтóхам а , цатам а ца бийраш , цáрна шайн мел [хир] бу шайн Дáлла гергахь , кхéрам [хир] бац цáрна т1ехь , г1айг1анé [хир] бац уьш .
263.[диканца] Девзина дош а , [Дéлéра] гечдар а г1óли ду , шéна т1аьхьа цатам бóг1учу сáг1анал а . Аллах1 тарó йолуш , к1éда-мерзá [сóбарé] ву .
264.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Ма дайъа [эрна] шайн сáг1анаш т1ехтóхамцá а , цатамцá а , шен даьхни нáхана гайтамна шá дойъучó санна , шá Аллах1ах а , т1аьхьарчу дийнах а цатéшаш . Цуьнан масал шагат1улгах тера ду , шéна т1ехь лáтта долу , ч1óг1а [доккха] дог1а деара цунна т1е , [т1аккха] цó и битира [т1ехь х1уммá дóцуш] берзина . [иштта] Шаьш [дуьнéнахь] гулдинчух цхьанá х1уманна т1ехь ницкъ ца кхóчу цéран [эхартахь] . Аллах1а ца нисбо керста нáх .
265.Шайн даьхнеш Аллах1 рéзахилар лоьхуш а , шайн дог1маш ч1аг1деш а шаьш дойъучéран масал , áкъарин [áренан] т1éра бéшах тера ду , шéна т1е ч1óг1а [доккха] дог1а деана , т1аккха шен стоьмаш делира цо шалха [дукха] . Шéна т1е доккха дог1а ца деача , т1аккха дерз [йа тхи тоьу цуна] . Аллах1 аша дийриг гуш ву .
266.Шоьх цхьаннá дéзар дарий ткъа шен хилар хурманин а , кемсийн а беш , шéна к1елахула лéлаш тáтóлаш долуш , цу чохь шéна массó стоьмех [стом] болуш , [т1áккха] шéна т1е къáналла еача , [бухайуьсуш] шен г1ийла т1аьхьé йолуш , шéна чохь ц1е йолу йилбазмох шéна т1е а беана и йаьгна д1айáла ? Иштта билгалдо Аллах1а шуна [Шен] áяташ . Аш ойлайан тарло .
267.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Харжйé шаьш [рицкъанех] гулдинчух а , Óха шайна лаьттах хьаладáлийтинчух а уггар ц1еначáрца [дикачáрца] , боьханиг [вóниг дала] ма г1ерта , шаьш цунах харжйеш , шу [шаьш ма] дац [шайна] и [делча] схьаоьцур долуш шаьш [эхь хéтарна] б1аьргаш хьаббийнá бен . Хаалуш , баккъалла а Аллах1 тарóйерг , хастамéниг вуй .
268.Шайт1анó къоьллийца [кхéрам туьйсуш] ч1áг1ó йо шуна , вóчунца омар до шоьга . [амма] Аллах1а Шéгара гечдарцá а , комаьршаллийцá а [кхаъ боккхуш] ч1áг1ó йо шуна . Аллах1 [комаьршалла] шорта [йолуш , и хьанна йóг1у] хууш ву .
269.Шéна луучунна кхéтамалла ло Цó . Шéна [Цó] кхéтамалла луш верг [милла велахь] , бакъдолуш дуккхá дика ду цунна луш дерг . [амма х1окху áятех] Хьéхам ца оьцу хьéкъалан дайшá бен .
270.Аша муьлхха харжйичá а , йа [диканиг дан] нигат дичá а , баккъалла а Аллах1ана и хууш [ма] ду . Зуламхошна ма бац г1оьнчий .
271.Аша [шайн] сáг1анаш гучудáхахь , дика [х1ума] ду и . Нагахь аш уьш хьулдахь , пéкъаршна уьш д1алахь , и шуна тоьлуш ду , цó шоьх шун вóнаш д1aдóхур ду . Аллах1 аша дийриг хууш ву .
272.Хьýна т1ехь дац уьш нисбар , амма Аллах1а нисво Шéна луург . Аша [муьлххачу] диканах харжйича , [иза] шун дог1машна [мéлана] ду . Аша харж ца йо Аллах1ан юьхь [Цуьнгара мел] лууш бен . Аша [муьлххачу] диканах харжйича , кхоччуш шуна д1ало и [цуьнан ял] , шайна зулам ца хуьлуш .
273.Аллах1ан новкъахь [къахьéгарó] д1алецначу пекъаршнá а , лаьттахула [шайн хьашташна] д1асхьабахá ца лáрош болу , сонтачунна уьш хьал долуш хéта [сáг1а дéхарх] юхаóзабаларна . Хьýна бевза уьш цéран билгалóнашца . Цáра нáхé [сáг1а] ца доьху къарцалуш . Аша [муьлххачу] диканах харжйича , баккъалла а Аллах1 и хууш ву .
274.Шаьш шайн даьхнех буьйсанá а , дийнахь а , къайлах а , гуш а харж йийраш — цáрна цéран мéл бу шайн Дáлла гергахь , цáрна [цхьá] кхéрам [хир] бац , цáра г1айг1á йийр яц .
275.Шаьш [дуьненахь] ял [процент] юуш [хилла] берш [къемат дийнахь] г1овтур [ма] бац , шайт1анó [шен хьýца] шá вóжóриг [цу] хьýх г1аттарх терра бен . И [та1зар] , баккъалла а цáра :»Баккъалла а махлéлор ду-кх ял [процент] йаккхарх терра» — áларна ду . Аллах1а махлéлор магийна , ял [процент] йаккхар хьáрам дина . Шéга шен Дéлéра хьéхам кхаьчна , шá [ял йаарх] юхаваьлларг [милла велахь] , цунна [х1окху хьéхамал] хьалхадахнарг [гечдеш] ду . Цуьнан болх Аллах1é бу . [ткъа] Шá [цунга] юхавирзинарг [милла велахь] , уьш [жоьжахатин] ц1еран дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .
276.Аллах1а ял йаккхар [пайдаэцарх] д1атиладо , сáг1анаш [мéлехь] кхиадо .
Аллах1ана ца вéза [и магорца Дéлах] вунó [ч1óг1а] цатéшарг , [и йаарца] къа латóриг .
277.Баккъалла а шаьш [Дéлах] тешнарш , диканаш динарш , лáмаз х1оттийнарш , закат делларш , цáрна цéран мéл бу шайн Дáлла гергахь , цáрна [цхьá] кхéрам [хир] бац , цáра г1айг1á йийр яц .
278.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Кхéра Аллах1ах , дита ял [процент] йаккхарх [схьаэцанза] дисинарг , шаьш муъманáх делахь .
279.Аш [и] ца дахь , шуна хаалуш Аллах1éрá а , Цуьнан элчанéрá а [шайна кхайкхийна] т1ом хилар . Шу дохкóдовлахь , т1аккха шуна шайн даьхнийн корта [кхóчур] бу , шаьш зулам ца деш , шайна зулам ца хуьлуш .
280.Нагахь и [дéкхархó] халонгахь велахь , т1аккха [и] парг1атонга [вáллалц] т1аьхьататтар ду [шуна т1ехь] . Аш [и дéкхар цунна] сáг1адар шуна дика ду , шу хууш хиллехь .
281.Кхéра , шéна чохь шаьш Аллах1é дерзор долчу [къéмат] дийнах . Т1аккха [цу чохь] х1óр дéг1ана кхоччуш д1алур ду , цó шá динарг , шайна зулам ца хуьлуш .
282.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шаьш вовшакара дéкхар даьккхича ц1етоьхначу [билгалчу] хáнна , д1аяздéлуш и . Яздойла шуна юккъехь яздечó нийсонца . Яздийриг дуьхьал ма вóлийла , Аллах1а шéна и 1áма ма-дарра , д1аяздарх . Цó яздойла , шéна т1ехь хьакъ долчó дуьйцийла , шен Дéлах — Аллах1ах кхоьрийла и , цуьнах х1уммá эша ма дойла цó . Шéна т1ехь хьакъ дерг сонта [т1аламза] , йа заь1ап [г1ийла] велахь , йа иза дийца ницкъ кхóчуш вáцахь , цуьнан вéрасó дуьйцийла нийсонца . Шайн бóжарех шиъ теш х1оттаве , ткъа [теш х1оттó] шиъ стаг вáцахь , т1аккха тéшех шаьш рéза долчарех [волу цхьа] стаг а , шиъ зудá а [тоьур] ду [шуна] , цаьршиннах цхьаъ тилалахь [йиц лахь] цаьршиннах цхьамма вýкхунна дагадоуьйтур ду . Тéшаш дуьхьала ма бовлийла шаьш [тоьшалла дан] кхайкхича , аша малó ма йойла шаьш и яздан , жима делахь , доккха делахь шен хáнна . Иза Аллах1ана гергахь нийсá ду , тоьшаллийна г1онé ду , шу шек ца довла гергá ду , аша шайна юккъехь лéлош долу карара совдéгаралла делахь бен . Шуна т1ехь къа дац аш и д1а ца яздарехь . Аша тéшаш х1иттабé шаьш [вовшашца] махлéлийча . [цхьаммó а] Зéн ма дойла яздечуннá а , тéшанá а . Аш [и] дахь , т1аккха баккъалла а иза шоьца [йолу] пéсакъалла ю . Кхéра Аллах1ах . Цó шуна 1áмадо [диканаг] . Аллах1 массó х1ума хууш [девзаш] ву .
283.[дéкхар доккхуш] Шу нéкъаца хилла , яздан цхьаъ шуна ца карийнехь , т1аккха закъалтана схьаэцнарг [тоьур ю шуна] . Ткъа шоьх цхьаберш вýкхáрах тешнехь , т1аккха [яздан , тешх1оттó ца оьшу] шех тешначó д1алойла шех тешнайитинарг , шен Дéлах — Аллах1ах кхоьрийла иза . Аша ма хьулдé тоьшалла . Шá и хьулдинарг [милла велахь] , баккъалла а иза шен дагó къа латóриг ву . Аллах1 аша дийриг хууш ву .
284.Аллах1ан [дóлахь] ду стигланашкахь а , лаьттахь а [мел] дерг . Аша шайн дог1машкахь [кийрахь] дерг гучудаккхахь а , йа аш и хьулдахь а , Аллах1а шуна хьéсап дийр ду цуьнца , т1аккха Шéна луучунна гечдийр ду , Шéна луучунна 1áзап дийр ду . Аллах1 массó а х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .
285.Шен Дéлéра шéга доссийначух тийшира элчá а , муъманáх а . Массó а тийшира Аллах1ах а , Цуьнан малийкех а , Цуьнан жайнех а , Цуьнан элчанех а . [цáра óлу] «Óха къаста ца во Цуьнан элчанех цхьá а». Цáра элира :»Óха лáдоьг1на , тхо муьт1ахь хилла , Хьан гечдар [доьху Óха] х1ай тхан Дéла , Хьоьга ду [тхан] дерзар».
286.Аллах1а [цхьанá] дéг1ана т1е ца дуьллу цуьнан ницкъ кхóчург бен . Цуна цó [диканах] гулдинарг ду , цуна т1ехь цó [вóнах] гулдинарг ду . «Х1ай тхан Дéла ! Тхо бехкé ма лéцахь нагахь тхо дицделлехь , йа г1áлатдоьвллехь ! Х1ай тхан Дéла ! Ма йиллахь тхýна т1е халó , Ахьа тхоьл хьалхарачáрна т1е и ма-йиллара . Х1ай тхан Дéла ! Ма диллахь тхýна т1е шéца тхан ницкъ [кхóчур] бóцург . Къинт1éра вáлахь тхýна , гечдéхьа тхýна , къинхéтам бéхьа тхоьх , Хьо ву тхан эла . Г1о дéхьа тхýна керста нáхана т1ехь !»
1 — Сýрат Алфáтихьа [Схьадоьллург]
[Маккахь доьссина 7 аят ду]
1.Аллáх1а ц1арца Къинхетаме, Къинхетам беш волчу.
2.Хáстам бу Аллах1ана — 1áламийн Дáлла.
3.[Шá] Къинхéтамé а, Къинхéтам беш а волчу.
4.Бéкхаман дийнан паччахь волчу.
5.Хьýна [цхьанна] 1ибáдат [лолла] до όха.
6.Хьоьга [цхьанга] г1о [орца] доьху όха.
7.Ахьа тхо нисдéхьа [Хьан] нийсачу новкъа, Ахьа шайна ни1мат [зовкх хьéгар] деллачéран новкъа, шайна [Хьо] оьг1азваханчéран а, [шаьш] тиллачеран а [некъ] бόцуш.
Ан-Нахьвул вáдихь: Шардарш 1-ра дакъа — تمرينات — скачать
Яхкаеллачу кхелано уллера кхела талхош хиларе терра, галваьллачу доттагIчо уллераниг а талхаво.
Ибнул Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Дукхах болчу нехан хьолан ахьа ойла йича, АллахIа шайна дала дезаш долчу хьокъе хьоьжуш хуьлу уьш, амма, шаьш АллахIана дIадала дезаш долу хьокъе хьоьжуш ца хуьлу».
ИгIáсатул-лахIфани фи масáидиш-шайтIáни, 1/89.
Уггар деза итт де а, гIурбан хьукманаш а (Рузбан хьехам, 26.08.2016) — скачать
Мунафикъ нах 5 (Рузбан хьехам, 19.08.2016) — скачать
«Дукхах долу нехан къамел цхьатера хуьлу, амма, нехан дегнаш чохь цунах юьсуш йолу лар тайп-тайпана хуьлу. ХIунда аьлча, хьехам багахь бинарг бац, амма хьена дуьхьа бина хилар ду. АллахIан дуьхьа бина я АллахI воцчунна кхечунна дуьхьа бина».
Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфий (АллахIа Iалашвойла иза).
Мунафикъ нах 4 (Рузбан хьехам, 12.08.2016) — скачать
|
Хьехаме дешнаш «Веллачул тIаьхьа шен Iамал дIахада ца луучо, Iилма даржадойла».
|