button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Харжам хьохь бу

Бакъдерг дIаала хьо ницкъ кхочуш вацахь, харцонна тIараш мукъна а ма детта.
Шайх Мухьаммад Мутаваллий аш-ШаIравий

Вайн хьал

Хьалха заманахь наха шайн де АллахI хьехаварций, ламаз дарций дIадолош хилла. Ткъа хIинца, цхьа а дIавуьжуш вац-кх шен керахь телпо йолуш бен, юха ша самаволлушехь, сихха вацапан я фейсбукан тIе хьоду! Ткъа хIоранна а ша диннарг карор ду!

Шайх Мухьаммад Салихь ал-Мунажжид

Доьзале хьажар

Iамран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна), дийцина, АллахIан элчано (ﷺ), элира аьлла: «Стагана ша кхача латто безачарна кхача ца латторан къа а тоьур ма дара, кхин цхьа а къа цо ца латийча а». Абу Давуд, 1692.

Нана харжар

Бусулба стагана тIехь ду, шен берашна бусулба йолу нана харжар, шен Делан хьакъ а, шен майрчун хакъ а, берийн хьакъ а девзаш (хууш) йолу. Шен динна а, пайхамаран (ﷺ) суннатана а бала болу нана харжар.

АллахIан элчано (ﷺ) аьлла: «Шух хIоранне а хуьлийла баркалле (шукур деш) дог а, АллахI хьехон мотт а, шен майрчуьнан эхарт тодарехь гIо деш йолу бусалба зуда а» Сахьийхьул-жамиI, 4409.

Шайх Нажийб Жалвáхь ал-Жазáирий

Дегнийн кхача

Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфис (АллахIа Iалашвойла иза), аьлла:

«АллахI хьехавар — дегнийн кхача бу. Пайхамара а, (ﷺ), цуьнан асхьабаша а Iуьйранна шайн дегнашна кхача луш хилла АллахI хьехаварца, шайн догIмашна юучуьнца шаьш кхача луш ма-хиллара».

Ахьмад Хьамза: Сурат «ал-Буруж»

Тафсирул-Жалалайн, сурат «ал-Буруж» — скачать

Абу IабдуллахI: Мунафикъ нах 3 (05.08.2016).

Мунафикъ нах 3 (Рузбан хьехам, 05.08.2016) — скачать

Абу IабдуллахI: Мунафикъ нах 2 (29.07.2016).

Мунафикъ нах 2 (Рузбан хьехам, 29.07.2016) — скачать

Ламазна герга ма гIолаш дехна а долуш

Салафшха волу цхьана дикачу стагана АллахIан хIара дош хезна: «Ламазна герга ма гIолаш дехна а долуш, шаьш хIун дуьйцу хаалца».

ТIаккха цо аьлла: «Масне ламаз дийриг ву-кх вахош йолу хIума молуш а воцуш, делахь а, шен ламазехь ша хIун дуьйцу ца хаа-кх цунна дуьненан гIуллакхаша ша вахорна».

Дена-нанна гечдар дехар

Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Веллачу стеган йа зудчуьнан дарж лакхадоккхур ду эхартахь. ТIаккха цо эра ду: «Сан Дела! ХIун бахьана долуш ду-те сан дарж лакхадаккхар?». Цуьнга эра ду тIаккха: «Хьан беро (кIанта йа йоIа) гечдар дехна хьуна».

Хьайн деца-ненаца хьо дика хиларх ду ахь Деле цаьршинна гечдар дехар а, цаьршинах къинхетам бар дехар а, и шиъ деллачул тIаьхьа а, далале хьалха а.