button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Сивак

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Сайн умматна хало хиларна ца кхерахьара, хIора ламазал хьалха сивак хьакха аьлла омра дийра ма дара ас цаьрга». Муслим 252.

Хьайн бете аьтту куьйга бен ма хьо

Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Шух цхьамма хIума юучу хенахь, шен аьтту куьйга юийла, ткъа (муьлха а молуш йолу хIума) молучу хенахь, шен аьтту куьйга молийла. Бакъдолуш, шайтIано шен аьрру куьйга яа а юу, шен аьрру куьйга мала а молу». Муслим, 2020.

Ламазехь фатихьат дешар

Iубадат ибн ас-Самита (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Фатихьат (бисмил) а ца доьшуш дина ламаз кхочуш хуьлуш дац». 📕 ал-Бухарий, 756, Муслим, 394.

Ламазехь могIанаш нисдар

Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (ﷺ) элира аьлла: «Шайн могIанаш нисде, бакъдолуш могIанаш нисдар – ламаз дуьззина, нийса хиларан бахьанех ду». 📕 ал-Бухарий: 723, Муслим: 433.

Шен бусалба вешина къайлах доIа даран къайле

Абу Дардáа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьана а бусалба лайно шен (бусалба) вешина къайлах, цунна а ца хоуьйтуш доIа ма ца до, малико олуш бен: (Хьуна а хуьлийла изза)». Муслим, 2732.

Ша цхьанхьа воьссича деш долу доIа

Хьаки́йман йоIа Хавлас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (ﷺ) олуш хезира шена аьлла: «Цхьамма ша цхьанхьа воьссича “АIýзу би калимáтиллáхIит-тáммáти мин шарри мá халакъ” (Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, Цо кхоьллиначу массо хIуманийн вонах) алахь, цу меттера и дIаваххалца цунна цхьанне а хIумано зе дийра дац». Муслим, 2708.

Белхан мах сихха дIало

Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Белхалочуьнан мах, цуьнан хьацар дакъадалале дIало». Ибн МаджахI, 2443.

Декхар

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Декхар дIадала аьтто болуш (и) дIацалуш хьедар зулам ду…». ал-Бухарий, 2287.

Даккхий къинош

Анасах (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цо элира аьлла: «АллахIан элчане (ﷺ) цкъа даккхий къинойх лаьцна хаьттинера. ТIаккха цо элира: «(Даккхий къинош) — АллахIаца накъост вар а, дена-нанна вон хилар а, ша-шен вер а, харц тешалла дар а ду»» — аьлла. ал-Бухарий, 2653.

Бобере хьажар

Абу Дардаъах дийцина (АллахI реза хуьлда цунна), цо элира аьлла: «Пайхамарна тIе (ﷺ) цхьа стаг веара дог дакъаделла-кх шен аьлла, шен дог далхош. ТIаккха пайхамара (ﷺ) элира цуьнга: “Хьайн дог кIеда хила а, хьайн хьашташ кхочуш хила а лаьий хьуна?! (Лаахь) Боберах къа хета, цуьнан коьртах куьг а хьакха, хьайн даарха цунна юург а ло, […]