АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «АллахIах кхералахь, хьо миччахь велахь а. айхьа цхьа вон хIума дича цунна тIаьххье дика хIума а делахь, и вон хIума дIадойъур долу. Нахаца хаза гIиллакхе а хилалахь». ат-Тирмизий: 1987.
|
|
||
|
АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «АллахIах кхералахь, хьо миччахь велахь а. айхьа цхьа вон хIума дича цунна тIаьххье дика хIума а делахь, и вон хIума дIадойъур долу. Нахаца хаза гIиллакхе а хилалахь». ат-Тирмизий: 1987. Пайхамара (ﷺ), аьлла: «Уггаре дика доIа Iарафат дийнахь дина доIа ду. Ткъа уггаре диканиг аса а, соьл хьалхарчу пайхамарша а аьлларг ду: «Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шари́ка лахI, лахIулмулку, ва лахIул-хьамд, ва хIува Iалá кулли шайъин къади́р»». ат-Тирмизий 3585. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шина стагах бен хьега ца оьшу — АллахIа шена Къуръан хаар деллачу стагах а, буса а, дийнахь а и доьшуш волчу; АллахIа шена бахам беллачу стагах а, буса а, дийнахь а и сагIийна дIабоькъуш волчу». Бухарий 73, Муслим […] Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бакъдолуш стаг ялсамани чохь даржехь лакхавоккхур ву, тIаккха цо эра ду: “ХIокху дарже хIун бахьана долуш кхаьчна со?” ТIаккха цуьнга эра ду: “Хьан доьзалхочо хьуна гечдар дехар бахьана долуш кхаьчна”». Ибн МаджахI 3660. Сохьихьул-ДжамиIис-СогIир 1617. Везан Дела, тхан […] Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан элчано (ﷺ) цкъа а юург емал ца йора. Шена чам тайча яара цо и, шена ца тайча (хIумма а ца олуш) Iадъюьтура цо и». Бухари: 5409, Муслим: 2064. |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||