Цхьана стага тáбиIий волчу Iа́мир Ибн Iабди Къайсе аьлла: «АллахIе доIа дехьа суна» — аьлла. ТIаккха Iа́мира аьлла: «Цкъа АллахIана муьтIахь а хилий, тIаккха Цуьнга айхьа деха ахь, Цо жоп лур ду хьуна!». Хьилятул-авлияъ, 2/93.
|
|
||
|
Цхьана стага тáбиIий волчу Iа́мир Ибн Iабди Къайсе аьлла: «АллахIе доIа дехьа суна» — аьлла. ТIаккха Iа́мира аьлла: «Цкъа АллахIана муьтIахь а хилий, тIаккха Цуьнга айхьа деха ахь, Цо жоп лур ду хьуна!». Хьилятул-авлияъ, 2/93. Хьайн хьаша бан ма-безза лерам бина дIавохуьйтуш вуй ахь?! «Рамадан бутт новкъабала герга баха, тIекхечи цуьнан дIабоьду хан. Аша йина lамалш эцна дlабоьдуш бу иза. Ткъа кхана, къематдийнахь, аша йина lамалш эцна (тоьшалла дан) шуна дуьхьала богIур бу иза. Алийша соьга, аша хlу эцна бахийти и дIа?! Алийша соьга, муьлхачу lамалшца йи аша цуьнца Iодика?! […] «Говраш хохкучу майданахь, говраш шаьш чаккхенга кхача гергаяхача, шайгахь мел болу ницкъ тIебохуьйту, вукхарел хьалха дIакхача гIерташ. Ткъа, говраш хьайла а хьекъале ма хилийталахь! ХIунда аьлча, Iамалш чаккхене хьаьжжина ю хьуна». Имам Ибнул-Жавзий (АллахIа къинхетам бойла цунах). […] Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Цхьаммо а АллахIан къинхетамах дог дилла мегар дац, шен къинош мел даккхий хиларх а». 📕 МажмуIул-фатава, 16/19. Цхьаболу нах, лайлатул-къадр буьйса цхьана сахьтехь я буьйсан кхозлагIчу декъехь ю олий кхета, ткъа иза гIалат ду. Лайлатул-къадр буьйса малх чубуьзча дуьйна Iуьйра хан хиллалц ю. Сийлахьчу АллахIа аьлла: «И маршо лаьтта сатассалц». Сурат «Ал-Къадр», 5 аят. Лайлатул-къадр буьйса маца ю хаийта араваьлла хилла АллахIан элча (саллаллахIу IалайхIи васаллам), тIаккха къийсалуш цхьа ши стаг а гина йицъелла цунна иза маца хуьлу. Масне дика а, беркат а дIаоьцу вайна юкъара, вайна хаа а ца хууш, къийсадалар а, дегнаш чохь хьагI-гамо а хилар бахьана долуш. Шайх Мухьаммад Салихь ал-Мунажжид Шайх Ибн Базáс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Рамадан беттан тIаьхьара итте буьйса денйинарг, лайлатул-къадр буьйсане кхочур ву». 📕 МажмуI фатáвá, 15/430. Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Бусалба стаг шен бусалба вешина гечдар доьхуш хила веза: «Сан Дела! Суна а, сан дена-нанна а, бусалба божаршна а, бусалба зударшна а гечде Ахь» — олуш. Цхьаболчу салафша и доIа хIора дийнахь дар дика лоруш хилла». 📕 Мифтахьу дарис-саIáдахI, 1/339. Рамадан бутт — шена чохь доlанашна жоп луш болу бутт бу. Ма хийлаза доIанна жоп делла-кх (АллахIа) Рамадан баттахь. Ма хийлаза сатийсам кхочуш хилла-кх Рамадан баттахь доlанаш дарца. Ма хийлаза боккха бала тIера дlаайбина-кх Рамадан баттахь доlанаш дарца. Ма хийлаза доьхучарна шайн хьашташ кхочуш хилла-кх Рамадан баттахь доlанаш дарца. Шайх СултIáн ал-Iумайрий. Лераме бусалба вежарий, йижарий! Къинхетаман бутт тIебеа вайна. Жоьжахатих хьалхадуьту бутт тIекхечи вайна. Вайга кхойкхуш кхайкхамча ву: «ХIай диканиг лоьхуш верг, схьавола, хIай вониг лоьхуш верг юхавала» — бохуш. АллахIа диканиг лоьхучарех дойла вай, Дала беркате бойла вайна хIара сийлахь бутт! @islamanserlo |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||