button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Ши бала

Яхья Ибн МуIáза (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:: ❒ «Адам делча цуьнан даьхнех (ахчанах) ши бала хуьлу цунна». Цуьнга хаьттина: «ХIун ши бала бу и шиъ?» ТIаккха МуIáза жоп делла: «Деригге даьхни дIа а доккху цуьнгара. Деригге даьхнех барт а хотту цуьнга». 📕 Сифатус-сафвати, 2/293.

Ца хуург ца хаа алар эхь дац

IабдуллахI Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: ❒ «Хьайна ца хуург ца хаа алар — Iилма ду» 📕 Сахьих ал-Бухарий, 4774.

Ахча дукха дара алий воккха ма велахь…

Ахча дукха дара алий воккха ма велахь, нагахь и диканна а, Дела реза волче а хьовзош дацахь ❒ Абу Зарра (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: «Къемат-дийнахь ши дирхIам (сом) долучуьнга барт чIогIох хоттур бу, цхьа дирхIам долучуьнгачул». 📕 Аз-ЗухIд ли-Аби Давуд, 186.

Хьекъале верг

Суфъян Ибн Iуйайнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❒ «Хьекъал дерг – дика а, вон а девзарг вац. Хьекъал дерг – дика дерг шена гича, цунна тIаьхьавозуш а, ткъа вон дерг гича, цунна генаволуш верг ву». 📕 Хьилятул-авлияъ, 8/339.

Майрачуьн дага тIе боьду некъ

Хьайн майрачуьн дага тIе боьду некъ безахь -Цуьнан доттагI хила. -Цуьнан белхана сагатдеш хила. -Цо сагатдечу гIуллакхашна сагатдеш хила. -Цуьнан диканехь-вонехь цунна накъост хила. -Цуьнга тапъалий ладугIуш а, харц дерг ца дуьйцуш а хила хьо!

Хийрачу зударшка хьежаро, хьан хIусамера марзо дIайоккху

«Стеган шен хIусам-ненах самукъа дера ма дац, цо шен ши бIаьрг кхечу зударшка дIахьéжочуьра саца баллалца». ✍ Шайх Мухьаммад Рóтиб ан-Нáбулсий.

Уггаре вон гIиллакх дерг

Хьекъалчо аьлла: «Нахалахь уггаре вон гIиллакх долуш верг — хьуна ша оьгIаз вахча хьан сийнна тIекхийдаш, хьан къайле яржош, хьоьх доцург дуьйцуш верг ву».

ДIатесна, ца лелочу суннатех ду, буьйсанна сурат Къулха дешар

ДIатесна, ца лелочу суннатех ду, буьйсанна сурат ал-Ихлас (Къулха) дешар. Пайхамара (ﷺ), аьлла: «Цхьана буьйсанна Къуръанан кхоалгIа дакъа ца дешалуш шух цхьаъ гIорасиз вуьсур варий?.. «Къул хIуваллохIу ахьад» Къуръанан кхоалгIа дакъа санна ду». 🔸Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарийфий […]

Баланаш, гIайгIанаш совдевлачо ала дезарг

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Шен баланаш, гIайгIанаш совдевлачо «Лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхI» алар совдоккхуьйла». МаьIна: «Ницкъ а, гIора а дац, АллахIехь бен». 📕 Зáдул-маIáд, 4/183.

ГIайгIанаш, баланаш, сингаттамаш хиларан бахьана

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «ГIайгIанаш, баланаш, сингаттамаш шина бахьанаца хуьлу: Хьалхарниг — дуьне чIогIа дезарна а, цунна чIогIа сутар хиларна а. ШолгIаниг — дика Iамалш кIезиг ярна а, Далла муьтIахь хилар лагIдаларна а». 📕 Iуддатус-собирийн, 256.