button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Сан Дела! ма йоккха ю-кх Хьан комаьршо!

Цхьана адамах вай кхераделча, цунах довду вай, амма АллахIах вай кхийрича, Цунна гергадоьлху вай. Иштта, адаме цхьаъ доьхучу хенахь коьртеш охьатаIадо вай, амма АллахIе вайн хьашташ доьхучу хенахь вайн коьртеш стигал хьалаойъу вай! Сан Дела! Массо кхачам бацарех ЦIена ву-кх Хьо, ма йоккха ю-кх Хьан комаьршо!

Уггаре а доккха зен деш берг мотт бу

Ибнул-Къаййима (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: ❏ «Уггаре атта меттахъхьелуш йолу меже иза мотт бу, ткъа и (мотт) бу лайна (адамана) уггаре а доккха зен деш берг». 📕 ал-Жавáбул-кáфий, 281.

Дог АллахI хьехорах хер мел ло а дакъадалар чIагIло цуьнан

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ Дог АллахI хьехорах гIел мел ло а, деган дакъадалар а чIагIло. Ткъа АллахI хьахийча деган дакъадалар даша а деший дIадолу, цIергахь даш лала а лаьлла дIа ма-даллара. 📕 ал-Вáбилус-сайб, 146.

Еригге а зIенаш дIахеда, Iаламийн Делаца йолу зIе йоцург

Шайх Iалий ат-ТIантIавийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) боху: «Сайн дахаран юьххьехь сайн деца-ненаца Iаш вара со. Цу хенахь царах къаьстича я уьш боцуш со ваха а лур вац аьлла хетара суна. Цул тIаьхьа, сан да-нана дIаделира, ткъа со сайн вежаршца Iийра. ТIаккха, царах къаьстича а со ваха а лур вац аьлла хеташ вара со, амма […]

Декъаза стаг

Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфис (АллахIа Iалашвойла иза), аьлла: ❏ «Декъаза стаг — гIорасиз верг вац, декъаза стаг — шен дика белхаш дан аьтто боллушехь уьш ца деш Iаддитинарг ву».

ДоIа бусалба стеган герз ду

Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Куьйгаца тIом беш ма-хиллара, доIанца а хуьлу тIом беш». 📕 МинхIажус-суннахI, 4/482. ГIийлонехь болчу шайн вежаршна гIо де, доIанца дай а!

Дегнаш талхарна долу таIзар

Шайх Мухьаммад ибн Салихь ал-lусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Дукхах болу нахана таIзар гуш долчу хIуманашкахь бен ца хуьлу моьтту – догIмашкахь, даьхнешкахь я доьзалашкахь хуьлийла и. Ма-дарра аьлча-м, деганаш цомгуш а, телхина а хиларна долу таIзар, цу гуш долчу хIуманашкахьчул чIогIох а, доккхох а ду». 📕 Ахькаму минал-Къуръанил-карийм, 1/87.

Бакъдолу валар!

Имам Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Велларг — шена чуьра са арадаьлларг вац, ткъа велларг — Далла хьалхахь шена тIехь долу декхарш хIун ду ца хуург ву». 📙 ат-ТазкирахI, 18.

АллахIан къинхетамах цкъа а дог ма дилла!

Цхьана стага МуIазан кIант Яхья волчехь хIара аят дешна хилла: «Аша-шимма ала цуьнга (ФирIовне) кIеда дош». ТIаккха Яхьяс велха а вилхина аьлла: Сан Дела! «Со дела ву» бохучуьнца хьо оццул къинхетаме, кIеда-мерза хилча, ткъа «Сан Дела Хьо ву» бохчуьнца хьо мел къинхетаме хир ву?! «Со ву шун уггаре а лекхара, веза, сийлахь дела» бохучуьнца Хьо […]

Беркате рицкъ

Беркате рицкъ ахь хьанал даьккхинарг ду, нах Iехош, хIилланца даьккхинарг дац.