button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Ларъе хьайн Iамалаш!

Барт хоттучу Дийнахь ураттал хьайн дена-нанна, я хьайн доьзалхочунна цхьа а дика дала ницкъ кхочур бац хьан. Амма, хьайна ца везаш хилла волчу а, тIаьхьашха луьйш гIийбат диначунна а, я айхьа зулам дина хилла волчу стагана-м дIалур ду ахь хьайн диканаш. Дикка ойла елахь цу белхан!

ХЬАЙН ДИКА БЕЛХАШ ДУЬЙЦУШ МА ЛЕЛА!

Цхьана стага Ибн Шубруме аьлла: «ХIокхунна гIо дина ас, хьенехана оьшург елла ас, минехана гIуллакх дина ас». ТIаккха Шубрумас аьлла: «Дикачу белхашкахь цхьа а дика дац, нагахь динарг дагардеш (нахе дуьйцуш) делахь». 📕 Iуйýнул-ахбáр, 3/179.

ША-ШЕХ ВОККХАВЕВАРО МЕЛ ДИНАРГ ДОЙУ

Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Адамийн деригге къамел бакъ делахьарий, цуьнан еригге Iамал а хила ма-езза дика елахьарий эшам хила герга дара цунна. ТIаккха цхьамма хаьттина: «эшам муха хира бу цунна?» – аьлла. ТIаккха ал-Хьасан ал-Басрийс аьлла: «Ша-шех воккхавеварца эшам хира бара цунна». 📕 ШуIабул-ийман – ал-БайхIакъий, 5/454.

Беллачарна тIера сагIа даккхар

Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Беллачарна тIера даьккхина сагIа царна дIакхочуш ду (цунах мел хуьлу царна), массо бусалба нехан барт а бу цу тIехь». 📕 Жáмиlул-масáил 4/270.

Iилма даржор

Имам Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Ша веллачул тIаьхьа шен Iамал дIахада ца луучо, Iилма даржадойла». 📕 ат-ТазкирахI, 55.

ДОГ ТОДАЛАРАН КЪАЙЛЕ

Хьузайф ал-МарIашийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Къайлах, цхьанне а ца гучохь ахь АллахIана Iибадат дахь, хьуна лаахь а, ца лаахь а хьан дог Цо тодийра ду». 📕 Сифатус-сафвахI, 4/270.

Ша хесто лаар, деган цамгарех цхьа цамгар ю

Имам ал-АвзаIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Нахалахь цхьаверг хуьлу ша наха хестор дезаш, амма АллахIана гергахь чуьркан тIоман мехха а ца хуьлу иза». 📕 Хьилятул-авлияъ, 8/255. […]

Пайде болу безам

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Пайде болу безам кхаа кепара бу: АллахI везар а, АллахIана дуьхьа болу безам а, АллахIана муьтIахь хилар тIехь гIо ден болу безам а». 📕 ИгIáсатул-лухIфáн, 2/853.

Бусалба нахана новкъа йолу хIума дIаяккхар

Бусалба нахана новкъа йолу хIума дIаяккхар Иза бусалба нахах къахетарха а, царах дог лазарха а, ийманан дакъошха цхьа дакъа а ду. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Цхьа стаг гира суна ялсаманехь шена ма-тов ниIматехь вехаш, бусалба нахана новкъарло еш долу дитт цо хадийна некъара дIадаккхар бахьана долуш». Муслим, 1914. 📕 […]

Рицкъ

Салафши заманахь хIуманан мехаш тIекхетта хилла, тIаккха цхьана дикачу стаге иза дийцича цо аьлла: ❏ «ВаллахIи сан бала ма бац мекхан цхьана буьртигах дешин цхьа дийнар даькхичи а!. Суна тIехь дерг АллахIа соьга омру ма-дарра Цунна Iибадат дар ду, ткъа Цо, Ша лур ду аьлла тIелаьцна долу рицкъ, суна лур ду».