button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Хьанал-хьарам къасто Iамаде хьайн бераш

Шайн берашна Iамаде: «хIара хьанал ду, хIара хьарам ду. ХIокхо АллахI реза во, хIокхо АллахI оьгIуз вохуьйту», бохуш. Деккъа «эхь ду» бохуш ма Iамаде. Мухле а, шайна тIе хьоьжуш АллахI вуй хууш долу, къайлах а, гучахь а Цунах кхоьруш долу чкъор кхиорхьама, нахах кхоьруш долу чкъор а ца кхиош.

Само яр!

Еари дийнахь (Четвергехь) марха кхобуш ву ша аьлла, тахана марха кхаба мегар дац, хIунда аьлча, хIара де (15.09.2016) гIурбан деношха ду. Ткъа хьадисехь деана ду: «И (гIурбана) денош юу а, молу а денош ду», аьлла.

ДоттагI

Яхкаеллачу кхелано уллера кхела талхош хиларе терра, галваьллачу доттагIчо уллераниг а талхаво.

АллахIах кхера хIай АллахIан леш!

Ибнул Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Дукхах болчу нехан хьолан ахьа ойла йича, АллахIа шайна дала дезаш долчу хьокъе хьоьжуш хуьлу уьш, амма, шаьш АллахIана дIадала дезаш долу хьокъе хьоьжуш ца хуьлу». ИгIáсатул-лахIфани фи масáидиш-шайтIáни, 1/89.

АллахIана дуьхьа бен цхьа дош ма ала

«Дукхах долу нехан къамел цхьатера хуьлу, амма, нехан дегнаш чохь цунах юьсуш йолу лар тайп-тайпана хуьлу. ХIунда аьлча, хьехам багахь бинарг бац, амма хьена дуьхьа бина хилар ду. АллахIан дуьхьа бина я АллахI воцчунна кхечунна дуьхьа бина». Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфий (АллахIа Iалашвойла иза).

Харжам хьохь бу

Бакъдерг дIаала хьо ницкъ кхочуш вацахь, харцонна тIараш мукъна а ма детта. Шайх Мухьаммад Мутаваллий аш-ШаIравий

Вайн хьал

Хьалха заманахь наха шайн де АллахI хьехаварций, ламаз дарций дIадолош хилла. Ткъа хIинца, цхьа а дIавуьжуш вац-кх шен керахь телпо йолуш бен, юха ша самаволлушехь, сихха вацапан я фейсбукан тIе хьоду! Ткъа хIоранна а ша диннарг карор ду! Шайх Мухьаммад Салихь ал-Мунажжид

Доьзале хьажар

Iамран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна), дийцина, АллахIан элчано (ﷺ), элира аьлла: «Стагана ша кхача латто безачарна кхача ца латторан къа а тоьур ма дара, кхин цхьа а къа цо ца латийча а». Абу Давуд, 1692.

Нана харжар

Бусулба стагана тIехь ду, шен берашна бусулба йолу нана харжар, шен Делан хьакъ а, шен майрчун хакъ а, берийн хьакъ а девзаш (хууш) йолу. Шен динна а, пайхамаран (ﷺ) суннатана а бала болу нана харжар. АллахIан элчано (ﷺ) аьлла: «Шух хIоранне а хуьлийла баркалле (шукур деш) дог а, АллахI хьехон мотт а, шен майрчуьнан эхарт […]

Дегнийн кхача

Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфис (АллахIа Iалашвойла иза), аьлла: «АллахI хьехавар — дегнийн кхача бу. Пайхамара а, (ﷺ), цуьнан асхьабаша а Iуьйранна шайн дегнашна кхача луш хилла АллахI хьехаварца, шайн догIмашна юучуьнца шаьш кхача луш ма-хиллара».