ЖехIил стаг вевзура волуш ялх хIума ду: -Цхьа бахьана а доцуш оьгIуз вахар. -Пайдабоцу къамел дар. -Дала ца дезаче совгIат далар. -Къайле яржор. -Массарех а тешар. -МостагIчух доттагI схьакъасто ца хаар. Хьилйатул авлияъ 10/233.
|
|
||
|
ЖехIил стаг вевзура волуш ялх хIума ду: -Цхьа бахьана а доцуш оьгIуз вахар. -Пайдабоцу къамел дар. -Дала ца дезаче совгIат далар. -Къайле яржор. -Массарех а тешар. -МостагIчух доттагI схьакъасто ца хаар. Хьилйатул авлияъ 10/233. Веллачо ша юха дуьненчу верзийча «сагIа далар» хIунда хоржура дара те? Сийлахь-Везачу АллахIа ма-аллара: «…Сан Дела! КIеззиг ханна тIаьхьатеттина велара Ахь со, сагIанаш лур ма дара ас…». Веллачо ца аьлла: «Iумрат дийра дара-кх ас, ламаз дийра дара-кх ас, я марха кхобур дара-кх ас…». Iеламнаха аьлла: «Веллачо сагIа хьаха ма ца дина, ша веллачул тIаьхьа сагIа […] Ибн Iусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Суннат ду, адамо догIа доладелча шен дегIан муьлхха а меже аракховдаяр, цунах догIа кхетийтархьама». Ал-Фатáвá, 16/363. Хаттар: Iибадатан марзо хIунда ца хаало вайна? Жоп: Вайна Iибадатан чам хаабала новкъарло еш дерг, къинош дукха хилар ду. Цомгушчунна моз къахьадаларе терра. Мазехь цхьа сакхат хиларна ма даций иза, амма цомгушчуьнан туй кхаьхьа хиларна ду. Шайх Мухьаммад ал-Мунажжидас — (АллахIа Iалашвойла иза). Имам Ибнул Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Ислам дин дендархьама Iилма Iамийнарг сиддикъийншах (бакълуьйчарах) ву. Ткъа Iилма Iамочуьнан дарж пайхамарийн даржана тIаьххье догIуш ду». Мифтáхьу дáрис-саIáдахI, 1/121. Шайх ибн Базас (АллахIа къинхетам бойла цунах),О аьлла: «Эшаршка ладегIар хьарам ду, мегаш дац. Дегнаш цомгуш дечу а, уьш дакъочу а, Дела хьехорах а, ламазах а юхаветтаран бахьанех цхьа бахьана ду иза». МажмуI ал-Фатава, 3/423. Хьайн дай-наний хьайна хьестадала доьлча, хьо оьгIуза вахарна кхоьруш дешнаш хержа доьлча, хьуна хаалахь хьо вон доьзалхо вуйла. «Къемат дийнахь вайн дегIа тIехь мел йолу меже йистхира ю, ткъа вайн меттанаш дIасовцур ду». Мухьаммад Хьамид «Тахана (къемат дийнахь) Оха тухур ду мухIар церан батош тIе, Тхоьга дуьйцур ду церан куьйгаша, тешалла дийр ду церан когаша, цара лелош хиллачуьнца». Сурат «Йáсийн», 65 аят. Суфян ас-Саврис (АллахIа къинхетам бойла цунах), шен накъосташка аьлла: «Аша деш долу къамел паччахьана тIе хьура долуш шуна юкъахь цхьаъ хилча, и (паччахь) оьгIуз вохуьйтун долу къамел дийра дарий аша?!». Цара аьлла: «ХIан-хIа, дийра дацар дера! Тхох мила ваьхьира вара и къамел дан?». ТIаккха Суфян ас-Саврис аьлла: «Шуна хаийла аша деш долу къамел малийкаша шун […] Ал-Фудайл ибн Iийадас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «ВаллахIи, бакъо а йоцуш жIаьлина а, я хьакхина а новкъарло ян мегаш ма дац хьуна, ткъа бусалба стагана новкъарло муха йийра ю ахь?!». |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||