button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Бехка билла сиха мало

Абу Къилáбас (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: «Хьайн вешегара хьайна товш доцу хабар кхаьчча, цунна даггара бехказло лаха ахь. Хьайна цуьнан хьокъехь цхьа а бехказло ца караяхь, хьайн дагахь ала ахь: «сан вешин суна ца хууш цхьа бехказло хила мега»». Хьиляту ал-авлияъ, 2/285. […]

Эшалун доцу эскар

Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Бусалба нехан цIена дегнаш, дика доIанаш — шайна тIехь толам баккхалун боцу эскар а, эшалун воцу тIемало а ву».  МажмуIул фатава, 28/644.

Цхьа цамгар

Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «ДегIан лаамашна тIаьхьа бозуш болучаьрца охьа ма хийша, бакъдолуш, цаьрца охьа хийшар бахьана долуш дог цомгуш хуьлу».

Къинош

Имам Ибнул Къаййим ал-Жавзийс(АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Къиноша цхьацца доккхуш лайгара ниIматаш дIадоху, уьш деригге дIадевла довлалца». ТIарийкъул-хIижратайн, 542.