КЕРЛА ШО (НОВЫЙ ГОД) ДАЗДАР БУСАЛБА НЕХАН IАДАТ ДАЦ. Сийлахь волчу АллахIа аьлла: «Харц тешалла ца деш берш…». Сурат ал-Фуркъан, аят 72. Цуьнан тафсир деш Ибн Касирас аьлла: Абу-Iáлияс, ат-ТIавусас, Ибн Сийрийнас, ад-Даххьакас, ар-РабиI Ибн Анасас уьш боцучара а цуьнан тафсир дина: «АллахIан лайша мушрик наха даздеш долчу деношкахь дакъа ца лоцу», — аьлла. […]