button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

АллахIах кхера, хьо миччахь велахь а

АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «АллахIах кхералахь, хьо миччахь велахь а. айхьа цхьа вон хIума дича цунна тIаьххье дика хIума а делахь, и вон хIума дIадойъур долу. Нахаца хаза гIиллакхе а хилалахь». ат-Тирмизий: 1987.

Вежарий хало тIехIоьттича бевза

Ибн Хьиббáна (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Вежарий хало тIехIоьттича бевза. ХIунда аьлча, паргIатонехь массо а хуьлун дела доттагI. Ткъа вежарех уггаре а вониг — шен вежарашна цхьа хIума хьашт хилча, я царна тIе хало еача, царна гIо а ца деш уьш дIатеснарг ву». Ровдатул Iукъалáъ, 221.