button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Хавариж мила ву?

Сийлахь табиIийнех волу Маймун Ибн МихIрана (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Хавариж – Ахь шен ойлана духьала кхин ойла ялийча, хьоьх кафир вой, хьан цIий хьанал деш верг ву». Фатхьул-бáрий ли-ибн Ражаб 5/99.

Белхан мах сихха дIало

Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Белхалочуьнан мах, цуьнан хьацар дакъадалале дIало». Ибн МаджахI, 2443.