Ад-Даххьáка (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: ❏ «Эшарша дог хIаллак а до, Дела оьгIаз а вохуьйту». 📕 Салáтул-муъмин, 2/935.
|
|
||
|
Ад-Даххьáка (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: ❏ «Эшарша дог хIаллак а до, Дела оьгIаз а вохуьйту». 📕 Салáтул-муъмин, 2/935. Шайх Мухьаммад ибн Салихь ал-lусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Нагахь Къуръанах (и дешча я хезча) хьан дагна асар хуьлуш дацахь, айхьа-хьайга бехк баккхалахь. ХIунда аьлча, АллахIа аьлла: ХIара Къуръан лома тIе доссийнехьара (дукха хьастабаларна) áтабелла дIабера ма бар иза». 📕 Шархьул-Iакъидатил-вáситIия, 440. Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 8-гIа дарс, 3-гIа дакъа — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/ahmad/mott/2-8_dars-3.mp3 Имам Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Хаалахь, Иблиса дуьххьара нах шеца Iехийнарг — Iилманах уьш юхатохар дуй! ХIунда аьлча, Iилма – нур долун дела. Ткъа Иблиса церан къуьданаш дIадайича, шена луучу кепара боданехь хьоьшур бу цо уьш (вуьштта аьлча, ширк чу а, бидIат чу а, къиношна чу а эгор бу цо уьш)». 📕 […] Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Iилма — деган кхача а, малар а, молха а ду. Деган дахар Iилманах хIоттаделла ду, ткъа Iилма дагах дIакъастахь, иза делла дог ду». 📕 Мифтáхьу дáрис-саIáдахI, 1/344. Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 8-гIа дарс, 2-гIа дакъа — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/ahmad/mott/2-8_dars-2.mp3 Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 8-гIа дарс, 1-ра дакъа — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/ahmad/mott/2-8_dars-1.mp3 Имам АвзáIега хаьттина: «Ийман хьаладолий» — аьлла? ТIаккха цо аьлла: «ХIаъ, долу, лаьмнаш санна (доккха хиллал) хьаладолу, иштта охьа а долу, шех цхьа а хIума ца юьсуш». 📕 Ас-Сунна лил-Лалакáий, 5/1030. Имам Ахьмад ибн Хьанбала (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хаа а хууш витр ламаз Iаддитинарг вон стаг ву, цуьнгара тешалла къобалдан а ца деза». 📕 РухIбáнул-лайл, 2/331. |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||