«Хьо виц моссаза ло АллахI хьахаве ахь, бакъдолуш, АллахI хьахоро вицвалар дIадоккху хьуна». ат-Тафсирул-муяссар, 296.
|
|
||
|
«Хьо виц моссаза ло АллахI хьахаве ахь, бакъдолуш, АллахI хьахоро вицвалар дIадоккху хьуна». ат-Тафсирул-муяссар, 296. Хьаки́йман йоIа Хавлас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (ﷺ) олуш хезира шена аьлла: «Цхьамма ша цхьанхьа воьссича “АIýзу би калимáтиллáхIит-тáммáти мин шарри мá халакъ” (Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, Цо кхоьллиначу массо хIуманийн вонах) алахь, цу меттера и дIаваххалца цунна цхьанне а хIумано зе дийра дац». Муслим, 2708. Сийлахь табиIийнех волу Маймун Ибн МихIрана (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Хавариж – Ахь шен ойлана духьала кхин ойла ялийча, хьоьх кафир вой, хьан цIий хьанал деш верг ву». Фатхьул-бáрий ли-ибн Ражаб 5/99. Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Белхалочуьнан мах, цуьнан хьацар дакъадалале дIало». Ибн МаджахI, 2443. Шайх Iабдул-Iазийз ас-Садхьáнас (АллахIа Iалашвойла иза) аьлла: «Вайн хIусамашкахь вай лелош йоцуш, вайна оьшуш йоцуш бедарш ю вайн. Цхьа хан ма яьлнехь тишъелла дIакхуьссур йолуш ю уьш. Вай сихо ян еза и тайпа хIуманаш сагIина мискачу нахана дIаяла. Вайна цунах ял а хира ю, царна пайда а хира бу». Мухьаррам бутт тIе беача хаа дезарг (Рузбан хьехам, 22.09.2017) — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/Muharram_but_t1e_beacha_haa_dezarg_22.09.2017.mp3 «Бусалба стеган декхар ду, шен динан хьокъехь ша шек воккхур волчу массо а хlумнах ларвалар». Шайх lабдул-Карим Зайдан. Тафсирул-Жалалайн, сурат Сурат ал-АIла — скачать http://www.islamanserlo.net/audiosh/ahmad/tafsir/juz_1amma/al-a1la/87_al-A1la.mp3 ПIераскан дийнан Iамалш: 1. Рузбана вахале лийчар 2. Хаза хьожу йогIу хIума хьакхар 3. Сивак хьакхар 4. Хаза бедар йохар 5. Сурат ал-КахIф дешар 6. Пайхамарана дуккха салаваташ дахкар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам). 7. Хьалххе рузбана вахар 8. ГIаш маьждиге вахар 9. ДоIийна жоп ло хан ларъяр. Хьекъал дайшна шо дIадаларца хьехам хуьлу (Рузбан хьехам, 15.09.2017) — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/Heqal_dayshna_sho_d1adalarca_heham_hulu_15.09.2017.mp3 |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||