button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

АЬРРУ КУЬЙГА САГIА ДАЛАР.

Хаттар: Аьрру куьйга сагlа дала мегар дуй? Делча цунах ял хира юй? Жоп: Аьрру куьйга сагlа дала мегар ду, иштта аьрру куьйга сагlа делча цунах ял а хира ю. Делахь а, гlолий дерг а, деза дерг а, аьтту куьйга далар ду. Жоп делларг: Шайх Сафвáн lаднáн Дáвуди аш-шáфиIий.

ГIИБАТЕ ЛАДЕГIАР ДУ КЪИЛАХЬ.

Имам ан-Нававийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Хаалахь, гIибат дечунна гIибат дар хьарам хиларе терра, гIибате ладугIуш Iаш волчунна а хьарам ду цуьнга ладогIар а, цунна реза хилар а». 📕 Ал-Азкáр, 291.