button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Питан АллахIа де аьлларг дIатесчий бен хуьлуш дац

Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Питан АллахIа де аьлларг дIатесчий бен хуьлуш дац. АллахIа (Шеца там боцучу массо а хIуманех цIена ву И), бакъонца хила аьлла а, собаре хила аьлла а омра дина. Ткъа питан бакъдерг дIатасарца, я собаре ца хиларца хуьлуш ду». ал-Истикъáма, 1/39.

Декхар

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Декхар дIадала аьтто болуш (и) дIацалуш хьедар зулам ду…». ал-Бухарий, 2287.

АллахI санна къинхетаме цхьа а вац!

Имам Шафиlийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «АллахIана хьо гуттаренна а жоьжахатехь вáгийта лууш хиллехьара, Цо хьан даг чу Ша цхьаъвайтар (тавхьид) тосур ма дацара». Дийвáн ал-Имáм аш-Шáфиlий.

20 — Сурат Т1óх1á

20 — Сурат Т1óх1á [Маккахь доьссина , 135 аят ду] Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу. 1.Т1ó-х1á [Аллах1 т1ех дика хууш ву Шéна цáрех луург]. 2.Оха ца доссийна хьуна т1е [х1ара] Къуръáн хьо дáкъазвáлийта , 3.хьéхамнá бен [шá] кхоьручунна , 4.Шá латтá а , лекха стигалш а кхоьллинчуьнгара доссóрах . 5.Къинхетамéниг 1арша т1ехь д1анисвели […]

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 7-гIа дарс, 4-гIа дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 7-гIа дарс, 4-гIа дакъа — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/ahmad/mott/2-7_dars-4.mp3

НИЦКЪ ЦХЬААЛЛЕХЬ БУ

Цхьана lелам стага аьлла: «Вайга санна барт болуш хила бохуш цхьа а дин дац, хIетте а, вай санна декъаделла цхьа а уммат дац».

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 7-гIа дарс, 3-гIа дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 7-гIа дарс, 3-гIа дакъа — скачать тIехьажа лаахь жайна дехьадаккха — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/ahmad/mott/2-7_dars-3.mp3

Даккхий къинош

Анасах (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цо элира аьлла: «АллахIан элчане (ﷺ) цкъа даккхий къинойх лаьцна хаьттинера. ТIаккха цо элира: «(Даккхий къинош) — АллахIаца накъост вар а, дена-нанна вон хилар а, ша-шен вер а, харц тешалла дар а ду»» — аьлла. ал-Бухарий, 2653.

Бобере хьажар

Абу Дардаъах дийцина (АллахI реза хуьлда цунна), цо элира аьлла: «Пайхамарна тIе (ﷺ) цхьа стаг веара дог дакъаделла-кх шен аьлла, шен дог далхош. ТIаккха пайхамара (ﷺ) элира цуьнга: “Хьайн дог кIеда хила а, хьайн хьашташ кхочуш хила а лаьий хьуна?! (Лаахь) Боберах къа хета, цуьнан коьртах куьг а хьакха, хьайн даарха цунна юург а ло, […]

19 — Сурат Марьям

19 — Сурат Марьям [Марем]. [Маккахь доьссина, 98 аят ду]. Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу. 1.Кáф-х1á-йá-1айн-сóд [Аллах1 т1ех дика хууш ву Шéна цáрех луург]. 2.[х1ара] Хьан Дáла Шен лайх — Закариййáх къинхéтам бар хьахор [ду]. 3.Цо кхайкхира шен Дéле хьуламе [къайлаха] кхайкхарца 4.Цо элира :»Х1ай сан Дéла ! Баккъалла а [къáналлийна] даь1ахкаш ледара […]