Имам Ибн Хьазмас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Маж дIаяшар хьарам хиларна тlехь массо lелам нехан барт хилла». Марáтибул-ижмál.
|
|
||
|
Имам Ибн Хьазмас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Маж дIаяшар хьарам хиларна тlехь массо lелам нехан барт хилла». Марáтибул-ижмál. «Цхьаболчу наха шайна кера хIума деача кураллаш йо, шайна тIе бала беача собарха буху, къа латийча кхин а Iесаллийна чу оьгу. Ткъа ишттачу хьолехь цара дан дезарг хIунд ду?! Шайна кера хIума деача АллахIана шукур дар, шайна тlе бала беача собаре хилар, къа латийча АллахIе гечдар дехар ду». Шайх Мухьаммад Салихь ал-Мунажжид Хазачу гIиллакхо Iамалаш язйо, мел кIезиг уьш елахь а. Ткъа вочу гIиллакхо Iамалаш талхайо, мел яккхий уьш елахь а. Хьадисехь деана: «Бакъдолуш, вочу гIиллакхо Iамал талхайо, къонзано моз ма талхадарра». Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий «Дахар-м дIадоьдуш ду хьуна, хьо веларах а, велхарах а. Цундела, хьайна хиллане а пайдане хин йоцу гIайгIане хьо хIаллак ма вайта. Жимма велакъежаш хила». Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 7-гIа дарс, 2-гIа дакъа — скачать тIехьажа лаахь жайна дехьадаккха — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/ahmad/mott/2-7_dars-2.mp3 18 — Сурат Алках1ф [Хьех] [Маккахь доьссина , 110 аят ду] Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу. 1.Хастам — Аллах1ана бу , Шá Шен лайна [Мухьаммадна] т1е [Къуръáн] жайна доссийначу , Шá цу [Къуръан] чохь [маь1ний] галаморзахалла ца еш , 2.[шà] Нийса [а долуш] , Шéна гергара [керстанашна] ч1óг1а 1áзап хирг хилар д1ахаийтархьамá [кхерамтасийтархьама] […] АдхIаман кIанта ИбрахIима аьлла: «Харцоне дукха хьежаро дагчуьра бакъдерг довзар дIадоккху». АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «АллахIах кхералахь, хьо миччахь велахь а. айхьа цхьа вон хIума дича цунна тIаьххье дика хIума а делахь, и вон хIума дIадойъур долу. Нахаца хаза гIиллакхе а хилалахь». ат-Тирмизий: 1987. Ибн Хьиббáна (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Вежарий хало тIехIоьттича бевза. ХIунда аьлча, паргIатонехь массо а хуьлун дела доттагI. Ткъа вежарех уггаре а вониг — шен вежарашна цхьа хIума хьашт хилча, я царна тIе хало еача, царна гIо а ца деш уьш дIатеснарг ву». Ровдатул Iукъалáъ, 221. АдхIам кIант ИбрахIим (АллахIа къинхетам бойла цунах) Басра олучу шахьаран базара кхаьчна хилла. Цунна тIегулбеллачу наха хаьттина цуьнга: «ХIай Абу Исхьакъ, тхуна хилларг хIун ду-те, АллахIе доIанаш до оха, жоп ма ца ло тхуна»? – аьлла. […] |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||