button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Зул-хьиджжат беттан итт дийнахь марха кхабар

Хаттар: Хьадисехь деана ду Зул-хьиджжат беттан итт дийнахь марха кхабар (суннат хилар). Ткъа цхьаболчу наха уьш кхобуш ца хуьлу бах, ахьа хIун эр дара цунах лаьцна?

Жоп: Хастам цхьана АллахIана бу, шена тIаьхьа кхин пайхамар хира воцучу пайхамарна салават, салам хуьлда. Цул тIаьхьа.

Зул-хьиджжат беттан итт дийнахь марха кхабар дикачу Iамалех ду, шеко а яц цу тIехь. Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Цхьа тайпа а денош дац, шайна чохь йина Iамал АллахIана дукха езаш, хIокху итт дийнахь йинчу Iамалал». Асхьабаша хаьттина: «ХIай АллахIан элча, АллахIан дин толо деш долу джихIад дац?» Цо аьлла: «АллахIан дин бахьнехь деш долу джихIад дац, шен дохнаца шá араваьлла стаг воцург, цунаха цхьа хIума духа ца деана волу». Бухарий.

Цундела и марханаш хIокху хьадисо чулоцу. Ткъа Сунан жайнахь, цхьаболчу Iелим наха дика ду аьлла долу хьадисехь деана, АллахIан элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) кхабара и итт марха аьлла, вуьштта аьлча, Iийдан де доцург. Имам Ахьмад ибн Хьанбал а хилла цу ойланца. Нийса дерг уьш кхабар суннат хилар ду. АллахI дика хууш ву.

Салават, салам хуьлда вайн элчанна Мухьаммадна а, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а.

Шайх Мухьаммад ибн Салихь ал-Iусаймийн

Comments are closed.