Ибн Касийра (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
1. «ХIижрин 478-чу шарахь Iиракъехь, Хьижазехь, Шемахь дáгар а, ун а чIогIа даьржина хилла. Цкъа акхарой, царна тIаьхьа хьайбанаш а делла. Юха, цхьа Iаьржа мох а хьаькхина, дитташ дакъаделла охьаэгна. ТIаккха ал-Мукътадий БиамриллахI бохуш волчу Халифа «дикниг де, вониг ма де» алар карладаккха (жигардаккха) аьлла омра дина. Иштта эшарийн гIирсаш кегбе аьлла а хилла. ТIаккха цул тIаьхьа ун дIадаьлла». Ал-бида́яту ван-нихIа́яхI, 16/93.
2. Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
{لَهُمْ فِيهَا مَا يَشَاءُونَ خَالِدِينَ}
«Царна цу (ялсамани) чохь шайна мел дезарг хир ду, гуттар Iийр а бу уьш цу чохь…». Сурат: ал-Фуркъан, 16 аят.
«Вуьшта аьлча, зовкх хьегар хир ду юучуьнца-молучуьнца, бедаршца, хIусамашца, дIасалеларан гIирсашца, исбаьхьа меттигашка хьежарца. Уьш доцурш кхин а зовкхаш хир ду цу чохь, цхьаьна бIаьргана гина доцу, я цхьана лергана хезна доцу, я цхьана дена дагадеана а доцу». Тафсир ибн Касийр, 6/98.
3. Цхьаболчу салафша аьлла: «Нагахь цхьамма шен хьолах я шен даьхнех я шен доьзалх тамашбахь, цо олийла: “Ма́ша́ АллахI, ла́ къуввата илла́ биЛла́хI”».
АллахIана лиънарг ду! Хьал хийца ницкъберг АллахI бен вац! Тафсир ибн Касийр
4. «Гуттар гечдар дехар шегахь долушволчунна АллахIа рицкъан тIехь ааьтто бийр бу, цуьнан гIуллакх адайдийр ду, иза лар а вийр ву». Тафсир ибн Касийр 4/329.