button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Шайх Мухьаммад Мутаваллий аш-ШаIравий

1. АллахIана Iибадат ма де Цуьнга шайна цхьа хIума ялийтархьама, амма аша Iибадат де АллахI резавархьама. Нагахь санна, Иза шуна реза хилахь, Цо шу цецдохур ду, Ша лучу дикачу хIуманца!!!

2. Нагахь санна хьайна бусалба нехан пачхьалкхехь миска стаг гахь, хьуна хаалахь цу пачхьалкхехь цхьа хьолада вуйла цуьнан ахча лачкъийна Iаш.

3. Бакъ дерг дIаала хьо ницкъ кхочуш вацахь, харцонна тIараш мукъна а ма детта.

4. Хьайн рирцкъ мичахь ду хууш хьо вацахь.. Кхера ма кхера, хIунда аьлча, рицкъан хаа хьуна хьо мичахь ву.. Хьо цунна т1е ца кхачахь а, цхьа шеко йоцуш иза хьуна т1е кхочур ду хьуна.

5. Цхьана балхахь хьан кхиам ца хилахь,
Хьуна хаийла, Аллах1ана иза хьуна дика дуйла хууш хилар.
— Хьо оцу балхана х1инца а кийча цахила тарло.
— Йа хьога и болх х1инца а д1а ца кхехьабала мега.
— Йа хьуна оцулла диканиг карон мега.
Аллах1а хьайна яздинчунна реза хила, самукъане хила, к1ел ма виса!

6. Цхьа гIалат а доцуш накъост везарг – ша цхьалха вехар ву.
Цхьа сакхат а доцуш зуда езаш верг – зуда а йоцуш вехар ву.
Массо хIума дика а долуш гергарниг везаш верг — гергалло хадийна вехар ву.

7. «Къа латийна волу бусалба стаг вуьйцуш ма лела. Тобан неI-м йиллина яй. Хьуна ма ца хаа, АллахIа цунна гечдиний. Ткъа и гучуваккхарна къа хьуна тIехь дуьсур ду».