button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Жамалуддин ал-Къосимий

Жамáлуддин ал-Къóсимийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла

1. «Делан динехь, Дала ца магийна долу бидIаташ лелор дац вай». МавIизатул-муъминийн, агIо: 51

2. «Хьалха заманчохь баккхий нах хуьлур-кх Iилма долуш болу кегий нах хьалха тоьттуш а, хьалха бохуш а. Iумар Ибн ал-Хаттаб (АллахIа реза хуьлда цунна), вар-кх хенан жима волу Ибн Iаббас хьалха воккхуш а, цуьнга хоьттуш а, баккхий асхьабашка ца хоттуш». МавIизатул-муъминийн, агIо: 65-66.

3. «Шен хенaчохь деш долчу ламазан дозалла, дуьнен хьалха эхартан долчу дозаллех тера ду». МавIизатул-муъминийн, агIо: 90.

4. «Дог-ойла (нигат) цIена а, нийса а йолуш Iилма Iамор уггаре еза а, сийлахь а Iамалeх ду». МавIизатул-муъминийн, агIо: 110.

5. «Хьаж дан ницкъ кхочуш а волуш, хьаж ца деш дIа ваьллачун болх чIогIа кхераме хира бу АллахIан гергахь». МавIизатуль-муъминийн, агIо: 131.

6. «Къуръан — серло а, нур а ду. Цуьнца тиларха кIелхьарвалар ду. Къуръан чохь ду деганийн цамгаран дарба. Къуръанах тасавелларг – нисвелла, цуьнца Iамал йинарг – декъал а хилла». МавIизатул-муъминийн, агIо: 149.

7. «ЯахIума яа дIаволалучо бисмил доккхийла, юха йиъна ваьлча «АлхьамдулиЛлахI» олийла. И шиъ* хезаш аьлча дика хира ду, хIунда аьлча, стоьлан гондахьа и даккха дицделлачунна дагадаийтархьама».

*И шиъ: Бисмил даккхар а, «АлхьамдулиЛлахI » алар а.

МавIизатул-муъминийн, агIо: 178.

8. «Совдегархочо шен товарца доцург дуьйцуш и хеста ма дойла! ХIунда аьлча, пуьчаш боттар ду иза». МавIизатул-муъминийн, агIо: 213.

9.  «Iелам стаге бехк боккхуш хоттур долуш хиларх терра: «хьайн Iилманца Iамал хIунда ца йира ахь?» — аьлла,

иштта Iилма доцуш волчу стаге а хоттур ду:

«жохIланца хIунда вехира хьо? Iилма хIунда ца Iамийра ахь, хьайна «Iилма Iамор парз ду, хIора бусалба стагана тIехь» — бохуш долу хьадис хезнашехь?»». МавIизатул-муъминийн, агIо: 227.

10. Цхьаболу салафша аьлла: «Беллачарна доIанаш дар, дийнаболучарна совгIаташ далар санна ду». МавIизатул-муъминийн, агIо 256.

11. «Хьайн даьхний, хьан сийлалла а деза ма хуьлийтийла ахь!». МавIизатул-муъминийн, агIо: 261.

12. «Боьха мотт лебар — иза сакхт ду, мегаш дац. Дагчохь боьхалла а, сийсазалла а хилар ду, боьха мотт бекабаран бахьан. Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Варийлаш, боьха мотт ма бийцалаш, баккъалла а, АллахIана ца деза шуна (лайно) боьхадерг дар а, боьха мотт бийцар а»». МавIизатул-муъминийн, агIо 353.