button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Имам ал-Хьасан ал-Басрий

Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

1. Хьасан ал-Басрийс боху:

«Гечдар доьхуш волу стаганна АллахIа Iазап дийра ду аьлла ца хета суна».

Цунга хаьттина: «ХIунда?».

Цо жоп делла: «Цунна во дан лууш хилча, цуьнан дага гечдар дехар муха тосур ду Цо?».

«АллахI Iазап лур долуш вац царна, уьш гечдар доьхуш мел бу». Сурат ал-Анфáл, 33.

2. Суна хиира сай рицкъ со воцчо цхьаммо дуур доций, тIаккха дог паргIат делира сан, суна хиира ас ян езаш йолу Iамал со воцчо цхьаммо йийра йоци, тIаккха айса йира ас иза, суна хиира АллахIана со гуш вуйла, тIаккха эхь хийтира суна Цунна Iеса волуш со гайта, суна хиира Iожалла соьга хьоьжуш хилар, тIаккха, сайн Далла дуьхьал яхьа Iамал кечйира ас.

3. АллахIах тешаш болу доттагIий дукха леца хьажа хьайна, къемат дийнахь царна шафаIат дарж лур долуш ду хьуна.

4. Буьйсанна гIаьттина ламаз хьоьга далуш дацахь, дийнахь марха хьоьга кхабалуш дацахь, хьуна хаийла  хьой диканах хадийна вуйла, къиношна юкъавахарна (диканиг дарха) вихкина ву хьо.

5. АллахIан Шен лайх уггара дукхавезаш верг, АллахI дукха хьехош верг а, АллахIах чIогIа кхоьруш долу дог шегахь дерг а ву.

6. Хьасан ал-Басрега хаьттина: «ПаргIато мичахь карор ю?»

ТIаккха, Хьасана аьлла: «ГIопалалла тIаьхьа сужудехь а, къа динчул тIаьхьа тоба дарехь а карор ю паргIато».

7. Хьасан ал-Басрега хаьттина хилла: «ХIай СаIидан да! Стага къа а латадой, юха дохко волу. Юха а къа дой дохко волу. Юха а къа дой, цунна а дохко волу иза. Мел лелор ду те цо и хIума?»

ТIаккха цо жоп делла: «Дера лелор ду, шайтIано цунах дог диллалца».

8. «Суна цхьа нах гира, аша шайн ахча лардарах терра, шай хенаш чIогIа ларъеш».

9. «Ахь къа ца латийна долу де — иза ду хьуна дезде».

10. «Салам луш куьг даларо, вовше дезар совдоккху».

11. «АллахIан Шен лайшех уггара дукхавезаш верг, АллахI дукха хьехош верг а, АллахIах чIогIа кхоьруш долу дог шегахь дерг а ву».

12. Ал-Хьасан Ал-Басрийна тIе а веана цхьана стага аьлла: АллахIан Iеса хуьлу со, къинош до ас, хIетте а, АллахIа дуьне делла суна. Со хеташ вац, АллахIа cо цхьанне хIуманах ваьккхина ву аьлла!

Ал-Хьасана хаьттина цуьнга: Буьйсанна ламазна гIоттоуш вуй хьо? Стага аьлла: вац. Ал-Хьасан Ал-Басрийс аьлла цуьнга: тоьуш ду-кх АллахIа хьо цунах ваккхар!

13. «Цхьаммо а ахчан сий деш (массо хIуманал) и даздина ма дац, АллахIа и сийсаз виний бен».

14. «Цхьана стага хаьттина хилла Хьасан ал-Басрега:

— Сан йоI йоьхуш дуккху а нах бу, иза хьаьнга ягIийтича гIолехь хир дара-те? — аьлла.

ТIаккха Хьасан ал-Басрийс жоп делла:

— АллахIах кхоьруш волчуьнга ягIийта ахь, нагахь санна цунна иза дукха езаш хилахь цо дика лелор ю иза, нагахь санна цунна иза ца езаш нислахь, зулам дийра дац цо цунна». МавIизатул-муъминийн, агIо: 197.

15. Дукхах болу нахана моьтту, деккъа маттехула «ЛÁ ИЛÁХIА ИЛЛАЛЛÁХI» аьлларг ялсамани гIур ву.

Хьасан ал-Басрега (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла хилла: «Цхьаболчу наха олу: «ЛÁ ИЛÁХIА ИЛЛАЛЛÁХI» аьлларг ялсамани гIур ву!»

ТIаккха, Хьасан ал-Басрийс аьлла: «Цу дешан дала ма-дезза хьакъ дIа а луш, цуьнан парзаш кхочуш а деш и аьлларг вуьгу цо ялсамане». ал-ХутIаб ал-минбариййахI, 1/56.