button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Шайх Мухьаммад Салихь ал-Мунажжид

Шайх Мухьаммад ал-Мунажжидас (АллахIа Iалашвойла иза), аьлла:

1. Къуръан хьехаралла а, суннат хьехаралла а, АллахIах кхоьруш хилла болу Iелам-нехан дийцарш дийцаралла а чIогIа а, пайде а хIума ма дац, кхуьуш долчу берашна а, хьалакхуьуш болу кегийрахошна а.

2. «Вайн йижаршах цхьанна моттахь, ша маре яханчул тIаьхьа шен дахар цхьа ша кепара романтикан дийцар хира ду, я цхьа хаза гIан хира ду, иза хила йиш йоцург лоьхуш ю! Дуьненан дахар халонашца бен хира ма дац. Цундела, халонаш ла езар ю. Сийлахь волчу АллахIа аьлла: «Баккъалла а, Оха адам кхоьллина цо халанош ла езар йолуш»». [Сурат ал-Балад, аят 4].

3. Зудчо шен майрчунна муьтIахь хилархьама деш долу собур, и ялсамане чу яхар бахьанех цхьа бахьана ду.

Ибн Хьиббáна дийцина хьадисехь ма-хиллара: «Зудчо шен (парз) пхи ламаз дахь, (мархийн) бутт кхабахь, шен бехке меттиг лар а яхь, шен майрчунна муьтIахь а хилахь, цунга эра ду: “ЧугIо хьайна ясламане, хьайна луучу неIархула”, аьлла». ХIара хьадис Албáнис нийса хьадис ду аьлла, «Сахьийхь ал-жáмиI ассагIийр» олу жайнахь, 660 лоьмарца долучу. Шайх Мухьаммад Салихь ал-Мунажжид «хаттар-жоп, №21421»

4. БАККХИЙ НАХ ЛАРАР. Ислам дино вайна хьехна, баккхий нах ларар. Хьекъале болу баккхийчу наха чIогIа доккха дакъа лоцу нах бекъа ца балийтар тIехь а, нах гал ца бовлийтар тIехь а. Цара деш долу уггара доккха долу хIума — нахана юкъахь барт бар ду.

5. Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна а), байшций, мискачу нахаций бен марха достуш ца хилла.

Масне хьоладай гина-кх вайна а маьркIаж хан тIееанчул тIаьхьа белхалойн а, мискачу нехан а гIуллакхе хьовсуш, марха достуьйту четарш чохь.

6. Къийсамех болу бохам

Лайлатул-къадр буьйса маца ю хаийта араваьлла хилла АллахIан элча (саллаллахIу IалайхIи васаллам), тIаккха къийсалуш цхьа ши стаг а гина йицъелла цунна иза маца хуьлу.

Масне дика а, беркат а дIаоьцу вайна юкъара, вайна хаа а ца хууш, къийсадалар а, дегнаш чохь хьагI-гамо а хилар бахьана долуш.

7. «БидъIат даржош болчеран а, галбевлачу нехан а агIонаш (соцсеташ) яржо мегар дац. Иштта мегар дац, бидъIат дечу нехан жайнешна реклама ян а, цара деш долу совгIаташ къобул даран гуране ша лацийта а, цара кечдеш долу сарташ даржо а, царна реклама ян а».

8. Хьалха заманахь наха шайн де АллахI хьехаварций, ламаз дарций дIадолош хилла. Ткъа хIинца, цхьа а дIавуьжуш вац-кх шен керахь телпо йолуш бен, юха ша самаволлушехь, сихха вацапан я фейсбукан тIе хьоду! Ткъа хIоранна а ша диннарг карор ду!

9. ГIурбан дийнахь, Iийда ламаз а дина юхаверзалца хIума ца яар суннат ду, нагахь санна ша гIурба дуьйш велахь. Ша гIурба дуьйш велахь шен гIурбанах кхоллур ю цо, амма гIурба дуьйш вацахь Iийда ламазе вахале а хIума яарха хIумма а дац. Хаттар-жоп, № 36442.

10. Хаттар: Iибадатан марзо хIунда ца хаало вайна?

Жоп: Вайна Iибадатан чам хаабала новкъарло еш дерг, къинош дукха хилар ду. Цомгушчунна моз къахьадаларе терра. Мазехь цхьа сакхат хиларна ма даций иза, амма цомгушчуьнан туй кхаьхьа хиларна ду.

11.  АллахI хьехоро сингаттам а, хало а дIайоккху

Шайхул Ислам Ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), шена цхьана хIуманах кхетар холчадаьлча олуш хилла: «ХIай ИбрахIим (пайхамар) Iамийнарг, Iамадехьа суна! ХIай Сулайман (пайхамар) кхетиийнарг, кхетавехьа со!».

12. «АллахIана бу хастам! Группанаш чуьра админашна тIехь доккха жоьпалла ду АллахIана хьалха. Пурба а доцуш группан чу цхьа а ма воккхийла цара, цунна цунах новкъарло цаярхьама. Цхьамма цу группан чохь къилахь дерг лелош делахь, админаш сацо деза и, дIадаккха хьовса беза. Цу группан чохь питанаш деш цхьаъ велахь, араваккха веза иза цу чуьра. Терго еш, само еш хила деза вай. Хьайна тIехь жоьпалла долуш цхьа хIума хилча, кхочушдан хьажа иза. Уьш вайна тIехь долу декхарш ма ду. АллахIе гIо дар доьху вай».