Суфъян Ибн Iуйайнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:
1. «Ойла яр — къинхетаман догIа ду. Хьуна ца гина ойла а йой, ша лелочунна дохко а волий стага тоба деш?!». Хьилятул-авлияъ, 7/306.
2. «Хьекъал дерг – дика а, вон а девзарг вац. Хьекъал дерг – дика дерг шена гича, цунна тIаьхьавозуш а, ткъа вон дерг гича, цунна генаволуш верг ву». Хьилятул-авлияъ, 8/339.