Хастам бу
АллахIана – доллучунна ницкъ кхочуш, Паччахь Ша волчу, Воккха а, Нуьцкъала а
волчу, стигланаш а, латта а, царна юккъехь дерг а Кхоьллина волчу, цхьа а
гIелвалар а, я новкъарло хилар а доцуш, Шен лайга КъурIан чохь а, Фуркъан
чохь а доссийна волчу:
«Шегахь шеко йоцу къематде, билггала, догIур долуш ду, цул тIаьхьа АллахIа
денбийр бу кешнашкахь берш»
(«ал-Хьадж»: 6-7).
Аса тоьшалла до: дела цахиларца, АллахI воцург. Ша цхьаъ ву И, Шеца накъост
а воцуш, Шен дош бакъ долуш волу. Зурманна чу хIуп олучу дийнахь Цуьнан хир
ду паччахьалла.
Юха а тоьшалла до аса: Мухьаммад Цуьнан лай а, Цуьнан элча а хиларца. Далла
муьтIахь хиларехь нахах уггаре ша нисвелла хилла волу - шега омра динарг
дарца а, цамагийнарг дитарца а. АллахIа къинхетам бойла цуьнах а, цуьнан
цIийнан охIланах а, цуьнан асхьабех а, диканца царна тIаьхьа мел баьзначарех
а нах дIагулбен де а, къематде а кхаччалц! Маршо а хуьлда царна!