button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Шайхул Ислам ибн Таймийя

Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

1. «АллахIах кхоьруш мел верг, Iелам стаг ву». МажмуIул фатава, 7/17.

2. Шайхул Ислам ибн Таймийяс аьлла, Абу Язида элира аьлла: «Адамо кхечу адамега орца дехар, хино (дIатакхош) хьуш волчо кхечу хино хьуш волчуьнга орца дехар санна ду». МажмуIул фатава, 29/14.

3. «Бусалба дин — АллахI воцчунна лолла ца дар а, Цуьнгар бен гIо ца лахар а ду». МажмуIул фатава, 11/518.

4. «Бусалбанний, мунепикъанний юкъахь къастам бийриг бакълер ду». МажмуIул фатава, 20/75.

5. «АллахIа доссийначух (Къуръанах) цхьадерг наха Iаддитича, царна юкъахь мостагIалла а, цабезам а кхоллалло». МажмуIул фатава, 13/227.

6. «АллахI а, Цуьнан элча а вуьззина (кхоччуш) везарха ду, АллахIана а, Цуьнан элчанна а дуьхьал ваьлларг ца везар». МажмуIул фатава, 8/362.

7. «Ийманах ду АллахI а, Цуьнан элча а дагна везар, иштта, АллахIана а, Цуьнан элчанна а дуьхьал ваьлларг ца везар а». МажмуIул фатава, 7/147.

8. «ЗухIд (дуьне дитар) бохург, эхартахь пайда бийра боцу хIума Iаддитар ду».

9. «Бусалба стеган мукъа хан хила еза ша цхьалха вуьсуш, доIанаш деш, АллахI хьехош, суннат ламазаш деш, ойла еш, ша лелош долчух ойла еш, шен дог цIандаран хьокъехь ойла еш». МажмуIул фатава, 10/426.

10. «Къинош летор рицкъ лахдаларан а, мостагIчух кхераран а бахьана ду». МажмуIул фатава, 28/301.

11. «Къайлах дерг цIена хилахь, АллахIа тIехула дерг а тодо». ал-Фатава, 3/277.

12. «Бусалба нехан цIена дегнаш, дика доIанаш — шайна тIехь толам баккхалун боцу эскар а, эшалун воцу тIемало а ву». МажмуIул фатава, 28/644.

13. «Бакъдолуш, шайтIан белхаш чIагIдечух уггаре доккха бахьана — эшаршка ладегIар а, эшарийн гIирс а бу. Мушрик нехан ладегIар ду иза». Ал-Фуркъáну байна авлияир-рахьмáни ва авлияиш-шайтIáн, 205 агIо.

14. Хьайн ойланца вогIуш вац але гамо ма лаца!

«Къовсам моссуза болу ши бусалба стаг вовшах къаьсташ велахьара, бусалба нахана юкъахь сий-ларам а, вежаралла а дуьсур ма дацара». МажмуIул-фатáвá, 24/173.

15. «Баланаша муъма нехан кегий къинош дIадоху, ткъа цу баланашна собаре хиларо, даржашкахь лакха а боху уьш». МажмуIул-фатáвá, 14/255.

16. «Питан АллахIа де аьлларг дIатесчий бен хуьлуш дац. АллахIа (Шеца там боцучу массо а хIуманех цIена ву И), бакъонца хила аьлла а, собаре хила аьлла а омра дина. Ткъа питан бакъдерг дIатасарца, я собаре ца хиларца хуьлуш ду». ал-Истикъáма, 1/39.

17. «Нагахь санна бусалба нахехь гIийло елахь, церан мостагI царал тоьлуш велахь, иза бусалба нехан къинош а, гIалаташ а бахьанехь ду». МажмуIул фатава, 11/645.

18. «Беллачарна тIера даьккхина сагIа царна дIакхочуш ду (цунах мел хуьлу царна), массо бусалба нехан барт а бу цу тIехь». Жáмиlул-масáил 4/270.

19. «Куьйгаца тIом беш ма-хиллара, доIанца а хуьлу тIом беш». МинхIажус-суннахI, 4/482.

20. «Цхьаммо а АллахIан къинхетамах дог дилла мегар дац, шен къинош мел даккхий хиларх а». МажмуIул-фатава, 16/19.

21. «Элчанна (ﷺ) тIаьхьа а ца возуш, шена АллахI веза мел бохург, харц луьйш ву». МажмуIул-фатава, 8/360.

22. «Мархийн баттахь мискачу нахана юучунца гIо дар, Ислам-динан гIиллакхех цхьа гIиллакх ду». МажмуIул фатава, 25/298.

23. «Дела цхьаъваран тешалло, дикан неI схьайоьллу, ткъа Деле гечдар дехаро, вонан неI дIакъовлу». МажмуIул фатава, 10/256.

24. «ДоIанна юьххьехь а, юккъехь а, цуьнан чаккхенгахь а пайхамарна (ﷺ) салават диллар – дерриге доIина жоп хиларга сатуьйсийла йолчу бахьанех уггаре а чIогIа бахьана ду». Икътида́ъус-сира́тIил-мустакъийм, 2/249.

25. «Уггаре доккха ширк, бала тIебеача адамо веллачу стаге гIо дехар ду: «ХIай сан эла, хьанех!» — аьлла. Шен бала дIаайбар доьхуш нисло и цуьнга». ал-Мустадрак Iала́ мажмуI ал-фата́ва́, 1/20.

26. «Ламаз цадийриг къул а, зина дечул а, къаьркъа муьйлучул а, вахош йолу буц уьйзучул а вон ву». МажмуIул-фатава, 22/50.

27.  «Татарийн могIарехь коьрта тIехула лаьцна Къуръан а долуш со шайна гахь а, со велаш».

28. «АллахIа а, Цуьнан Элчано а хьарам мел динчу хIуманехь зен алсам ду пайданал». МажмуIул-фатава, 35/171.

29. «Кхана марха кхобур ду ас аьлла дагадеанчо — нигат дина». ал-Фата́ва́ ал-кубра́, 5/375.

30. «АллахIа Шена муьтIахь хилларг сийлахьвина, ткъа Шена Iеса хилларг сийсаза а вина». ал-Фата́ва́ ал-кубра́, 1/293.

31. «Ма чIогIа Iазап дукх-кх ламазаш дечарна, шайн ламазашна ледарло еш берш бу уьш (шен хенахь цадеш а, дан ма-деззара цадеш а)». Сурат ал-МаIун, 4-5 аят.

«فويلٌ للمصلين * الذين هم عن صلاتهم ساهون».

Иштта ламазаш дечарна Iазап хир долуш хилча, ткъа, ламаз ца дечун хIун хир ду те?! МажмýIул-фатáвá, 35/106.

32. «ХIокху Ражаб батт чохь АллахIа а, Цуьнан Элчано а билгалдина доцу Iибадаташ юкъадаьхна наха».