button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Имам Iабдуррахьман ибн Iамр ал-АвзаIий

Имам Iабдуррахьман ибн Iамр ал-АвзаIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

1. «Бусалба стага кIезиг къамел до, шортта Iамал йо. Мунепакъ стага шортта къамел до, кIезиг Iамал йо». Хьаятус-салаф, агIо 600.

2. Имам АвзаIийс (хIижрийн рузманца 157 ш. кхелхина волу, АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Тхо а, дуккха а табиIунаш а олуш дара: «Веза-Сийлахь АллахI Шен Iаршан тIехула ву, суннатехь Цунах лаьцна дийциначу сифаташка ийман диллина (тешаш) а ду тхо».

3. «Стага цхьаьнца «ин шаа АллахI (Даламукъалахь)» аьлла чIагIо яхь, ша и олучу хенахь дагчохь иза кхочуш дан ойла а йоцуш, иза мунепикъаллин билгало ю».

4. «БидIаташ гучудевлча Iеламнаха царна инкарло ца яхь, суннат а хуьлий дIахIуьтту уьш». Шарафу асхьабил хьадис 1/22.

5. АвзаIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла, цхьана стаге элира ша аьлла: «ГIийбат а ца деш, хьагI а ца лелош, ца безам лелош а боцуш болу наханна лулахь цIа дезара суна», аьлла.

ТIаккха, цу стага кешнашка а вигина элира соьга: «ХIоккхахь бу хьуна».