Имам Ибн Ражаба (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
1. Хlай тоба ца деш коьртара месаш къаж йалийтинарг!
Нийсон тlехь нисвала ойла йоцуш, я деш тоба доцуш вехаш верг!
Хьуна хаийла, ахь шайтIанна хазхетар диний, тlех сов Къинхетаме волу АллахI оьгIуз вахийтний! [Мажмуl ар-расáил, 348].
2. «Уггаре дика сагIа, жехIил стаг Iамор, я гIопул стаг самавакхар ду». МажмуI ар-расáиль, 1/186.
3. «Маьлхан йовхонехь волчо шена дагаяийта еза, къемат дийнахь цу маьлхан хир йолу йовхо. Бакъдолуш, малх, къемат дийнахь нехан кортошна улле тIе балор болуш бу». ЛатIа́ифул-маIа́риф, 321.
4. «Дагца а, маттаца а АллахI дуккха а хьехор, Сийлах-Веза АллахI воьзуьйтуш йолу Iамалшех ю. Иза уггаре йоккха билгало ю АллахI везаш болчеран». Мажмуlур-расáил, 1/154.
5. «Суннат Iибадатех уггаре а чIогIа АллахI воьзуьйтуш долу Iибадат — Къуръан дешар ду, къаьсттина ойла а еш (и дешар)». Мажмуlур-расáил, 4/87.
6. «Iуьйкъа ламазо къинош дIадохуш хиларе терра, даржашкахь а соввоккху цо». ЛатIа́ифул-маIа́риф, 43.
7. «АллахIах кхоьрург, веккъа воьлхуш, бIаьрхиш Iенош верг вац. Цунах кхоьрург дера ву, хьарамниг шега далушшехь и Iаддуьтуш верг». МажмуI ар-расáил, 1/163.