Имам аш-ШаIбийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:
1. Цхьана стага Имам аш-ШаIбега аьлла хилла: «ХIай Iелам стаг! Сан хаттарна жоп лохьа суна». ТIаккъа ШаIбийс аьлла: «АллахIах кхоьруш верг ву Iелам стаг!». Iумдатул-къарий шархьу сахьихьил Бухарий, 2/61.
2. «Со дезткъе ткъаясна хIуман тIехь нийса а хилла цхьана хIуман тIехь гIалат ваьлча, наха и сан нийса дерг Iаддитина къайла а даьхьина, со гIалат ваьлларг Iорадоккхур ма дара!». Хьилятул-авлияъ, 4/320.
3. «Вай фикъхIан Iеламнах* дац, вай ваьшна хезна долу хьадис дIадийцар бен хIумма ца дина. Амма, фикъхIан Iеламстаг — шена Iилма девзича, цуьнца Iамал йинарг ву». Икътидаъул-Iилми ал-Iамали, Лил-хатIибил-БагIдадий.
*ФикъхIан Iеламстаг: «ШарIан баххаш а, бакъенаш а евзуш верг ву».