1. Къуръан Делах кхоьручарна хьехам бу
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
هَٰذَا بَيَانٌ لِّلنَّاسِ وَهُدًى وَمَوْعِظَةٌ لِّلْمُتَّقِينَ
«ХIара [Къуръан] — нахана билгалдар а, нийса некъ а, Делах кхоьручарна хьехам а бу». Сурат «А́ли Iимран», 138 аят.
2. ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (ﷺ) элира аьлла: «Бакъдолуш, АллахIа хIокху Къуръанца цхьаболу нах сийлахьбо, ткъа кхинберш сийсазбо». Муслим, 817.
3. Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам), аьлла хьуна: «Къуръан деша аша, баккъалла а, иза ша доьшуш хиллачарна къематдийнахь шафаIат деш догIур ду шуна». Муслим.
4. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шина стагах бен хьега ца оьшу — АллахIа шена Къуръан хаар деллачу стагах а, буса а, дийнахь а и доьшуш волчу; АллахIа шена бахам беллачу стагах а, буса а, дийнахь а и сагIийна дIабоькъуш волчу». Бухарий 73, Муслим 815.
5. Имам Ахьмада (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Нагахь санна, цхьамма кхечуьнгара ша оьцург лачкъийна юй а хууш эцахь, цо къола деш дакъа лаьцна». Масáилу ал-Имáм Ахьмад, ривáяту ал-БагIавий, 68.
6. Сахlл Ибн lабдулЛахlа аьлла: «АллахI везаран билгалонех ду, Хьуна Къуръан дезар а, цуьнца хьан марзо хилар а». ал-Ваlзул-матlлу́б, агIо 185.
7. Iусман ибн Iаффана (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Шун дегнаш цIена делахьарий, Къуръан дешарах Iебар ма дацара уьш». Хьилятул-авлияъ, 7/300.
8. Цхьана денна чохь 1440 минот ю. Царах Къуръанна маса минот дIало ахь?
9. Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Ойла а еш, кхета а кхеташ цхьа аят дешар дикох ду, ойла а ца еш, кхета а ца кхеташ дерриге Къуръан дешна чекхдаккхарал. Иштта, дагна пайде а ду ойла а еш, кхета а кхеташ и дешар». Мифтахьу дарис-саIáдахI, 1/553.
10. Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Ойла а еш Къуръан дешар — дог тодаларан бух бу». Мифтáхьу дáрис-саIáдахI, 1/187.
11. Мáлик Ибн Дийнáрас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Баккъалла а АллахIе ийман диллинчеран дегнаша шайна Къуръан дешча эхарте са тосу». Сифатус-сафвати, 3/304.
12. Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Деган дахаран догIа – Къуръан тIехь долчунна ойла яр а, Iуьйкъенашкахь доIанаш деш АллахIана хьаставалар а, къинош Iаддитар а ду». Хьáдил-арвáхь илá билáдил-афрáхь, 100.
13. Массо дарба (молха) къаьхьа ду, Къуръан доцург!
14. Нахе хьайна дагахь мел Къуръан хаа ма дийца, муххале а, хьайн тIехь гайта ахь и Къуръан – мецаниг вузош, тIе-кога доцчунна тIе-кога духуш, боберах къинхетам беш, хьайна во дечунна къинтIераволуш, хьайн нанна муьтIахь хуьлуш.
15. «Аша хlора дийнахь Къуръан тlера пхи жуз* дешахь, шун дахар дикачу агIор хийцалура ма ду! Аса чlагlо йо шуна цу тIехь!». Шайх Халид ас-Сабт
*Цхьа жуз: иза ткъа агIо ю.
16. Шайх Мухьаммад ибн Салихь ал-lусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Нагахь Къуръанах (и дешча я хезча) хьан дагна асар хуьлуш дацахь, айхьа-хьайга бехк баккхалахь. ХIунда аьлча, АллахIа аьлла: ХIара Къуръан лома тIе доссийнехьара (дукха хьастабаларна) áтабелла дIабера ма бар иза». Шархьул-Iакъидатил-вáситIия, 440.
17. Хьайн доьзалхочунна Къуръан Iамаде ахьа, ткъа Къуръано цунна массо хIума Iамор ду хьуна.
18. Жамáлуд-дин ал-Къóсимийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Къуръан — серло а, нур а ду. Цуьнца тиларха кIелхьарвалар ду. Къуръан чохь ду деганийн цамгаран дарба. Къуръанах тасавелларг – нисвелла, цуьнца Iамал йинарг – декъал а хилла». МавIизатул-муъминийн, агIо: 149.
19. Къуръан тIехь ахь «дукхах болу нах» аьлла дош лахахь, хьуна карор ду цунна тIаьхьа догIуш долу дош: «хууш бац», «шукр деш бац», «тешаш бац» аьлла.
Нагахь ахь Къуръан тIехь «Царех дукхахберш» аьлла дош лахахь, я таллахь хьуна карор ду цунна тIаьхьа догIуш долу дешнаш: «песакъ бу (телхина бу)», «ца хууш бу», «(дикачух) дIа бирзина бу», «кхеташ бац», «хезаш бац» аьлла.
Ткъа хьо хила АллахIа шайн хьокхехь аьллачу кIеззигчарех «Сан лайшха шукур дийриш кIеззиг бу». «КIеззигчара бен цуьнга (Нухьега) ийман ца диллира».
Ибнул-Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Бакъонан некъ схьалацалахь, цу некъа тIехь берш кIеззиг хиларна сингаттаме ма хиллахь. Варийлахь, харц некъах ларлолахь! ХIаллакхуьлуш берш дукха хиларна Iеха ма лолахь».
АллахIа декъал хиллачарех а, дика хиллачарех а дойла вай! АллахIехь бен дикачунна тIе верзо а, вончух дIа хьовзо а ницкъ бац.
20. Цхьана ларамечу стага аьлла: «ДIабаханчу дикачу нехан дийцарех тамаш бора аса, уьш ехха хенахь кIад а ца луш, кIорда а ца деш Къуръан доьшуш, Iибадат деш, Iилма Iамош муха Iара те аьлла.
Амма, хIокху вайн заманахь сайна хаддаза шайн телефонаш тIехь бохкуш нах гича, сан тамаш бар дIаделира.
ХIунда аьлча, суна хиира, дагна цхьа хIума дезаделча, цкъа а и кIадлур доций а, я цунна кIордор доций а».
21. Ад-Даххьáк ибн Музáхьимас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Нахана тIе цхьа зама йогIур ю, гезгамаша тассалца Къуръан охьадиллина латтош, цунах пайда а ца оьцуш. Ткъа нехан Iамалш элир-бахар бохуш хир ю». ЖáмиIу байáнил-Iилми ва фадлихIи, лоьмар: 1954.
22. Цхьа болчу салафша олуш хилла: «Аса сайн Къуръан дешаран барам сов мел боккху а, сан дахарехь беркат совдолуш хаалора суна».
23. Абу Хlурайрхlас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:
«Хlусамехь паргlато хуьлу, цу чу маликаш а догlу, цу чуьра шайтIанаш дlа а доьлху, цу чохь болучарна дика а, беркат а хуьлу, нагахь санна цу чохь Къуръан доьшуш делахь.
Хlусамехь гатто а хуьлу, цу чуьра маликаш дlа а доьлху, цу чу шайтIанаш а ма догlу, цу чохь болучарна дика а, беркат а лахло, нагахь санна цу чохь Къуръан доьшуш дацахь». Имам Дáримийс дийцина хlара «Ас-сунан» чохь, лоьмар: 3352.
24. Абу Давуда (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Со Курз ал-Хьарисий волче ваханчу хенахь воьлхуш карийра суна иза. Ас элира цуьнга: «Хьо стенна воьлхуш ву?».
Цо элира: «Сийсара (айса Iадатехь доьшуш хилла долу) Къуръан тIера дакъа ца дешна ас. Ткъа и цадешар бахьана, ас латийна къа бен ма ца хета суна»». Хьилятул-авлияъ, 5/79.
25. «Хьо Къуръан доьшуш а волуш, хьайна молла кхойкхуш хазахь, Къуръан саца а дай, моллакхойкхучунна тIаьхьара ала». Ибн Iусаймийн — Фатава нур Iалад-дарб, 4/171.
26. Къуръанан лоьмарийн исбаьхьалла!
Ахьмад Iиса ал-МаIсаравийс аьлла: ХьегIан дайша (набарш кхетна) хьегIахь яьккхина йолу хан 309 шо ду. Ткъа Къуръан чохь сийлахьчу АллахIа церан дийцар дуьйцуш 309 дашца дийцина.
27. Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «АллахIа доссийначух (Къуръанах) цхьадерг наха Iаддитича, царна юкъахь мостагIалла а, цабезам а кхоллалло». МажмуIул фатава, 13/227.
28. Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Къуръан ойла яйта а, шеца Iамал яйта а доссийна ду, ткъа наха деккъа и дешарха Iамал йина». Таъвийлу мушкилил-Къуръани, 181.