Ибн Хьиббáна (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
1. «Вежарий хало тIехIоьттича бевза. ХIунда аьлча, паргIатонехь массо а хуьлун дела доттагI. Ткъа вежарех уггаре а вониг — шен вежарашна цхьа хIума хьашт хилча, я царна тIе хало еача, царна гIо а ца деш уьш дIатеснарг ву». Ровдатул-Iукъалáъ, 221.
2. «Шелла а лахарчунна куралла йийриг, шелла а лакхарчунга АллахIа сийсазвайтиний бен гина ма вац суна». Ровдатул-Iукъалáъ, 93.