button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий

Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфис (АллахIа Iалашвойла иза), аьлла:

1. АллахIа массо пайхамаршка омра дина нах Ислам дине кхайкхале хьалха Iибадатехь къахьега аьлла. ХIунда аьлча, хало тIехIоьттича, цу (динан) тIехь сацар оьшу. Ткъа Iибадат тIехь къахьоьгуш воцург, халонашкахь д1ахьевзар ву.

2. ЦIена даггара лелачунна бIаьрга дан ца деза гIаравийлар, бакъонца и делахь а. Ткъа мунепикъна гIаравийлар чIогIа деза, харцонца и делахь а.

3. Аттонгахь диначу Iибадато, халонгахь АллахIана герга валаво и динарг. Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «ПаргIато йолучу хенахь АллахI вовза, халонгахь Цунна хьо а вевзар ву хьуна».

4. Малхбузено (кериста наха) аьлча: «тхо ислам динан мостагIий дац», уьш я харц луьйш бу хьуна, я вай бакъдолчу ислам динехь дац хьуна. (Жуьгтий а, керстанаш а реза хир болуш бац хьуна‚ хьо церан динна тIаьхьа хIотталца). Сурат ал-Бакъара, 120 аят.

5. Шена зулам хиллачух ма кхардалахь, бакъдолуш, шена зулам хилларг гIорасиз мел хуьлу а АллахIа цунна жоп далар а уггара герга хуьлу хьуна. АллахIа, зулам динчуьнгара чIир эцар а тIехчIогIа хуьлу хьуна. АллахI гIийлачарна ницкъ болчарна ца деш долу гIо деш ву хьуна.

6. Делан дуьхьа даггара лелаш верг бакъдерг ца кхайкхош Iийра вац, ша емал вичий а, хIунда аьлча, цо и бакъо кхайкхо йолийна яц ша хаставайтархьама.

7. Рияъ санна дог талхош хIумма а дац, къайлах деш долу Iибадато санна и цIандеш хIумма а дац.

8. Дика Iамал йиначунна цунах цунна хуьлуш беркат ду. Адаманна ша йиначу дика Iамалах шегахь а, шен бахамехь а, шен доьзалехь а беркат ца карадахь, шен нигате хьожийла иза.

9. Дог паргIат хилар и ирсе хиларалла а доккха ду, хIунда аьлча, ирсе хилар цхьана ханна бен дац, ткъа дог паргIат хилар гуттаренна а ду, цомгуш волуш а, баланехь волуш а. И дог паргIат хиларан даккхийчу бахьанашха ду АллахI хьехавар. (АллахI хьехаварца хуьлу дегнашна паргIато).

10. ПIераскан дийнахь уггаре деза зикр пайхамарна (ﷺ) салават диллар ду, хIунда аьлча, деношха уггаре деза де пIераскан де долун дела а, пайхамаршха уггаре веза пайхамар вайн пайхамар хиларна а.

Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Шун денойх уггаре деза де пIераскан де ду, суна (цу дийнахь) дуккха а салават дилла аша».

11. Боьха дерг даржош верг, ша и лелош вацахь а, АллахIана гергахь кхин а чIогIа къилахь ву, и лела а деш, амма даржош воцучулла а. ХIунда аьлча, хьалхарчунна (и бахьанехь) и мел лелийначуьнан къа хуьлу, ткъа шолгIачунна деккъа ша диначунна къа хуьлу.

12. АллахI хьехаваро мунепикъаллех дог цIандо. АллахIа аьлла мунепикъ нехан хьокъехь: «АллахI кIезиг бен ца хьехаво цара». Сурат «ан-Нисаъ», 142 аят.

Иштта, муъма нехан хьокъехь аьлла Цо: «ХIай ийман диллинарш! АллахI дуккха а хьехаве аша». Сурат «ал-Ахьзаб», 41 аят.

13. «ЦIеначу нигато адам даржехь хьаладоккху кIезиг Iамал йича а, вочу нигато адам охьадоккху цхьа а Iамал ца йича а».

14. АллахIа Шен лайна дина диканах ду — дог паргIат хилар. Цундела, цхьаболу нах карабо хьуна шайгахь тамашийна онда собур долуш. Шен кIант велча а «Хастам бу-кх АллахIана олу цо». Иштта, кхинверг хаало хьуна, шен хьайба делча а хийцалой, оьгIуз воьдий.

Ца хаало шуна и? Хаало лой? Башхалла хIун ю ткъа? Дог паргIат хилар ю.

15. «Лайлатул-къадр буьйсанна а, (мархин беттан) тIаьххьарлерачу итт буьйсанна а йича уггаре еза, дика йолу Iамалш — ламазаш дар, Къуръан дешар, доIанаш дар ю. Ткъа уггар гIолехь, деза дерг — и кхуьэ Iамал цхьанне яр ду, Къуръан а доьшуш дехха ламазаш деш, иштта, сужудехь дехха доIанаш а деш».

16. Халонаш (баланаш) бакълуьйчарна зер ду, ткъа дукхах болу нах паргIато йолчу хенахь бакъонна тIаьхьабозу, хало тIееача бухабовлу.

17. «АллахI хьехавар — дегнийн кхача бу. Пайхамара а, (ﷺ), цуьнан асхьабаша а Iуьйранна шайн дегнашна кхача луш хилла АллахI хьехаварца, шайн догIмашна юучуьнца шаьш кхача луш ма-хиллара».

18. «Дукхах долу нехан къамел цхьатера хуьлу, амма, нехан дегнаш чохь цунах юьсуш йолу лар тайп-тайпана хуьлу. ХIунда аьлча, хьехам багахь бинарг бац, амма хьена дуьхьа бина хилар ду. АллахIан дуьхьа бина я АллахI воцчунна кхечунна дуьхьа бина».

19. «ГIайгIа дIаяларан а, къиношна гечдаран а бахьанех ду пайхамарна ﷺ салаваташ дахкар. Ткъа пIераскан дийнахь дехкина салаватийн асар кхин а чIогIа ю. Пайхамара ﷺ шена салаваташ дохкуш волчунах лаьцна аьлла: «ГIайгIанах а кIелхьаравоккхур ву хьо, хьан къиношна а гечдийра ду».