IабдуллахI Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:
1. «Марша догIийла Iа, цу чохь беркат а дуссу, цу чохь тахIажжуд ламаз дечунна буьйса а яхло, марха кхаба луъчунна де а дацло».
2. «Муъма стагана шен къа, шена тIебожа боллу тархах (боккхачу тIулгах) тера хета.
Ткъа мунепикъ стагана шен къа, шен мер тIе а хиина, юха тIемабаьлла дIабахана мозах тера хета». Мусаннаф Ибн Аби ШайбахI, 12/74, 35543 лоьмар.
3. «Эшарша дагчохь мунафикъалла кхиадо, хино ялта кхиа ма-дарра». Салатул-муъмин, 2/935.
4. «АллахIана гергахь даккхий къинойх ду-кха, лайне: «АллахIах кхера!» — аьлча, цо дуьхьала: «Хьайх жоп ло, со lад а витий» — алар.
5. «Бакъдолуш, хьо ламаз тIехь мел ву, Паччахьан неI етташ ву хьуна. Ткъа Паччахьан неI дукха етташ волчунна, и дIаяьлла герга ду». ас-Сунанул-кубра лил-БайхIакъий, 2/684.
6. «Хьайна ца хуург ца хаа алар — Iилма ду». Сахьих ал-Бухарий, 4774.
7. Цхьана стага Ибн МасIудана тIе а веана аьлла: «Суна новкъарлонаш еш, суна луьйш, шега йалуш йолу хало еш цхьа лулахо ву сан» — аьлла. ТIаккха Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: «Хьада дIагIо, бакъдолуш, иза хьан хьокъехь АллахIана Iеса хилла, ткъа хьо цуьнан хьокъехь АллахIана муьтIахь хила хьо». [Ихьйáъ Iулýмиддин, 2/212].