button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Шайх Iабдул Iазиз Ибн Баз

Шайх Ибн Базáс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

1. «Iуьйра ламазна ледарло яр а, шен хеннахь и ца деш вижина Iар а уггаре яккхийчу хьарамлонех а, мунепикъ нехан Iамалшех а ду». МажмуIул-фатава, 3/424.

2. «АллахI хьехош а, Къуръан доьшуш а, дикачарна юххе гIерташ а, гIопул болучарна генаволуш а шен хан ларйинчуьнан дог цIена а, кIеда а хир ду». Ал-Фатава, 5/244.

3. «Майрачо шен зудчунна наьIалт алар вон хIума а, ца магийна хIума а ду, цул совнаха, даккхийчу къинойх а ду. Бух болчу хьадисехь пайхамарера ( ﷺ ) деана, цо элира аьлла: «Бусалба стаганна наьIалт алар, иза вер санна ду», аьлла». ал-Фатава 3/217.

4. «Эшаршка ладегIар хьарам ду, мегаш дац. Дегнаш цомгуш дечу а, уьш дакъочу а, Дела хьехорах а, ламазах а юхаветтаран бахьанех цхьа бахьана ду иза». МажмуI ал-Фатава, 3/423.

5. «Ламаз а, сагIа а баланаш юхатухучу уггаре даккхийчу бахьанех ду. Иштта, вониш дIадохучу а, диканиш совдохучу а бахьанех а ду». МажмуIул-фатава, 3/257.

6. «ХIара уммат дIахуттучухенахь даимна а кегийчу нехан белш тIехь дIахоьттина ду. Баккхий нах ца оьшу бохург дац сан иза, делахь а (ислам динехь) кегийчу нехан дакъа доккха ду бохург ду иза».