Шайх Iабдул-Iазийз ас-Садхьáнас (АллахIа Iалашвойла иза), аьлла:
1. «ДегIехь ницкъ латточу а, мало дIайоккхучу а бахьанех ду дIавуьжуш ткъе кхойттаза «субхьáналлáхI», ткъе кхойттаза «алхьамдулиллáхI», ткъе дейттаза «АллáхIу акбар» алар».
2. Шайх lабдул-lазиз ас-Садхьáна (АллахIа lалашвойла иза) аьлла, Iелам наха боху аьлла: «Дика даржош волу цхьа стаг, АллахIана дукхох веза дика волчу эзар стагалла а. ХIунда аьлча, дика даржош волчунца АллахIа дерриг а уммат лардо, ткъа дика волчо ша цхьаъ ларварах тоам бо».
3. ИМАМ ХИЛА ОХIЛУ ВОЦУ ИМАМАН КУЦ.
Цхьаболу имамаша шайна тIаьхьахIиттина тарáвихь а, тахIажжуд а ламазаш деш болу нах паргIат, Далла хьаста а луш ламаз дарха боху. РукуIе воьдуш а, рукуIера хьалавогIуш а, сужуде воьдуш а, сужудера хьалавогIуш а, котамо зIок етташ санна, тем ца беш, сиха ламаз дайтар бахьана долуш.
4. «Вайн хIусамашкахь вай лелош йоцуш, вайна оьшуш йоцуш бедарш ю вайн. Цхьа хан ма яьлнехь тишъелла дIакхуьссур йолуш ю уьш. Вай сихо ян еза и тайпа хIуманаш сагIина мискачу нахана дIаяла. Вайна цунах ял а хира ю, царна пайда а хира бу».