button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Имам Ибнул Къаййим ал-Жавзийя

Имам Ибнул Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

1. «Къа жима дара алий паргIат ма валалахь, цунах ца вешаш ма хилалахь. ЗаьIпачу, гIор доцучу бецах онда муш бо хьуна, тIаккха цуьнца ерстина эмкал садукъадой охьатуху хьуна».

2. «Цхьана сахьтана йолчу марзонна ялсамани йоьхкинарг хьекъал долуш муха хира ву?!». ал-Фавáид.

3. «Лай шен Далла хьалхахIуттуш ши меттиг ю: хьалхарниг: ламазехь Цунна хьалхахIоттар, шолгIаниг: Цунна дуьхьал ваханачу хенахь Цунна хьалхахIоттар. Дуьххьара долучу АллахIана хьалхахIоттарехь ша хIотта ма-веззара хIоьттиначунна — шолгIа хIоттар а атта хир ду. Хьалхара долучу АллахIана хьалхахIоттарехь кIадо йина волучунна, цуьнан хьакъ кхочуш а ца дина волучунна – шолгIаниг а хала дийр ду». ал-Фаваид, 200.

4. «Шен берана пайдехь дерг Iамор тIаламбоцуш дитиначо а, иза тесна дитиначо а — кхин дойла йоцуш, доккха зулам дина. Дукхах долчу берийн талхар а, церан хьокъехь ледарло яр а, динан парзаш а, суннаташ а Iамонза дисар а — дайн бехкенна ду. Кегийра доллуш хIаллакдина цара уьш. Цундела жималлехь шайна а ца хилла уьш пайдехь я баккхийра хилча шайн дайшна а ца хилла уьш пайдехь».

5. «Ахь Iамал яре хьаьжжина хьуна бекхам а хир бу хьуна. Хьайн луучу кепара хила хьо, (кхерам тосуш аьлла дешнаш ду уьш), баккъала а, АллахI хьоьца хьо Цунций, Цуьнан лайшций ма-хиллара хира ву хьуна». [ал-Вабил ас-Саййиб].

6. «Хьалха дIабаханчеран къамел кIеззиг а долуш беркат алссам долуш хилла. Ткъа тIаьхьа богIучеран къамел дуккха а долуш беркат кIеззиг долуш ду».

7. Ламаз рицкъ тIедаран бахьана ду.

Могушалла ларъеш ду и.

Халахетар, цатам дIакъахкош ду и.

Цамгарш, лазарш дIаэккхош ду и.

Дог чIагIдеш ду и.

Юьхь кIайеш ду и.

Сина самукъа ду и.

Мало йойуш ду и.

Меженаш жигареш ду и.

ГIора латтош ду и.

Воккхавевеш ду и.

Сина кхача латтош ду и.

Дог нуьредеш ду и.

НиIмат Iалашдеш ду и.

Бала бухатухуш ду и.

Беркат тIедохьуш ду и.

ШайтIанна генавоккхуш ду и.

Къинхетамечу АллахIана гергавалош ду и.

8. «СагIа лучунна цунах дерг ма-дарра хаахьара а, цо сурт хIоттош делахьара а ша луш долу сагIа къечу стеган кера кхачале хьалха АллахIан кера кхочуш хилар, сагIа луш волчуьнан самукъадалар доккха хир ма-дара, иза схьа оьцуш волчуьнан самукъадаларалла а».

9. «Къуръанан аяташа дегнаш дендо, хица латта дендаларе терра». Мифтахьу дарис-саIáдахI, 2/250.

10.  Абу ТIалибан кIентан Iалийн (АллахI реза хуьлда цунна), велхар а, АллахIах кхерар а.

Шина хIуманах кхерар чIогIа хилла цуьнан — эхарт диц а дина дуьне чIогIа дезархий, дегIан лаамашна тIаьхьавазархий.

Iелас аьлла: «Дуьне чIогIа дезаро эхарт дицдо, ткъа дегIан лаамашна тIаьхьавазаро бакъонна генавоккху. Дуьне чеккхе йолуш ду шуна, эхарт тIедогIуш ду шуна. Царшинан хIоранна а шен-шенан кIентий бу шуна. Варийлаш, шу дуьненан кIентий ца хуьлуш, эхартан кIентий хила хьовсалаш. Бакъдолуш, тахана Iамал ю, хьесап дац, ткъа кхана хьесап хира ду, Iамал хира яц». Ал-МажмуIул-Къаййиму мин калами ибнил Къаййими, 2/666.

11. «Къематдийнахь цхьаволу лай вогIур ву лаьмнаш санна даккхий диканаш а долуш, амма, шен матто уьш хIаллакьдина карор ду цунна». ад-Дáъ вад-давáъ, 231.

12. «Дукхах болчу нехан хьолан ахьа ойла йича, АллахIа шайна дала дезаш долчу хьокъе хьоьжуш хуьлу уьш, амма, шаьш АллахIана дIадала дезаш долу хьокъе хьоьжуш ца хуьлу». ИгIáсатул-лахIфани фи масáидиш-шайтIáни, 1/89.

13. «Ислам дин дендархьама Iилма Iамийнарг сиддикъийншах (бакълуьйчарах) ву. Ткъа Iилма Iамочуьнан дарж пайхамарийн даржана тIаьххье догIуш ду». Мифтáхьу дáрис-саIáдахI, 1/121.

14. «Къиноша цхьацца доккхуш лайгара ниIматаш дIадоху, уьш деригге дIадевла довлалца». ТIарийкъул-хIижратайн, 542.

15. «Лайна ша латийна къа жима мел хета а, АллахIана гергахь инзаре доккха хуьлуш ду иза». ад-Дáъ вад-давáъ 75.

16. «Диъ хIумано юьхь кIай йо: оьздангалло, тешаме хиларо, комаьршалло, Делах кхераро.

Диъ хIумано оьгIазло тIейоуьйту: куралло, хьагIано, харцлеро, мотт-эладита лелоро.

Диъ хIумано рицкъа хуьлуьйту: буьйсанна ламаз даро, Iуьйкъанна дуккха гечдар дехаро, сагIа луш хиларо, де долалуш а, чекхдолуш а Дела хьехоро.

Диъ хIумано рицкъа духатуху: Iуьйранна вижина Iаро, ламаз кIеззиг даро, малоно, тешнабехко.

Диъ хIумано дегI талхадо: гIайгIано, сингаттамо, мацалло, буьйсанна наб ца йаро».

17. «ДIаяханчу хенахь хилла долчунна дохко вуьлуш Iар, керахь йолу хан яйъар ду». Мадáрижус-сáликийн, 3/49.

18. «Нагахь хьуна стаг аяташка ладогIар а дитина байташка ладоьгIуш, Къуръане ладогIар а дитина эшаршка ладоьгIуш самукъа долуш а, царга чIогIа шовкъ йолуш а гахь, иза АллахI везарха а, Цуьнан Къамел дезарха а цуьнан дог деса хиларан йоккха билгало ю хьуна». ал-Жавáбул-кáфий, 236.

19. «Бакъонан некъ схьалацалахь, оцу некъа тIехь берш кIеззиг хиларна сингаттаме ма хиллахь. Варийлахь, харц некъах ларлолахь! ХIаллакхуьлуш берш дукха хиларна Iеха ма лолахь».