1. АллахIан элчано (ﷺ) аьлла: «Шух цхьаммо а шен аьрру куьйга хIума а ма юийла, аьрру куьйга мала а ма молийла. Бакъдолуш, шайтIано шен аьрру куьйга яа а юу, аьрру куьйга мала а молу». Муснад Ахьмад, 7/247. Сахьихь Ибн Хьиббáн, 5331. Сахьихьул-джамиIис-сагIир, 7579.
2. Салма Ибн ал-АкваIах дуьйцу (АллахI реза хуьлда цунна), цхьа стаг АллахIан элча волчехь (ﷺ) шен аьрру куьйга хIума юуш вара аьлла. ТIаккха пайхамара (ﷺ) цуьнга элира: «Аьтту куьйга яа (и)». Цу стага жоп делира: «Аьтту куьйга ца яало соьга» — аьлла. ТIаккха Пайхамара (ﷺ) элира: «(Цкъа а) ма яалойла хьоьга (аьтту куьйга)!». И стаг куралло бен юхатоьхна вацара. Цул тIаьхьа, (шен аьтту куьг) шен бете ца дахьалуш дIахIоьттира и. Муслим, 2021. Ахьмад 4/45. Сахьихь Ибн Хьиббáн, 6512.
3. Анас Ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: «(Цхьана дийнахь) АллахIан элчанца (ﷺ) хиъна Iаш вара со. Вуьштта аьлча, кхин цхьа стаг вара (тхойшинна уллехь) дIахIоьттина ламаз деш. Цу стага ша рукуI а, сужуд а дина, ташаххIуд (этхьиг) дешна ваьлча доIа дира. Шен доIанехь (иштта) элира цо:
“Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга берриг хастам Хьуна хиларца, Хьо воцург кхин дела вац, Хьайгара массо а дика хуьлуш верг ву Хьо, стигланаш а, латта а кхоьллинарг ву Хьо. ХIай Сийлахь верг, Комаьрша верг, хIай даим дийна верг, даим волуш верг, ас доьху Хьоьга”.
ТIаккха пайхамара (ﷺ) шен асхьабашка элира: “Цо стенца дийхира хаий шуна?” – аьлла.
Асхьабаша элира: “АллахI а, Цуьнан элча а ву дика хууш верг”. ТIаккха пайхамара (ﷺ) элира:
“Сайн са Шен керахь долчух дуй ма буу ас! АллахIан уггар сийлахьчу цIарца доIа ма ди цо, Цуьнца доIа диначунна Цо жоп луш йолу, Цуьнца дехначунна дехнарг Цо луш йолу а».
Абу Давуд, 1495. Ат-Тирмизий, 3544. Ибн МаджахI, 3858. Ибн Хьиббáн, 893.
Iарбийн маттахь:
اللَّهُمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ بِأَنَّ لَكَ الْحَمْدَ لَا إِلَهَ إِلَّا أَنْتَ الْمَنَّانُ بَدِيعُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ، يَا ذَا الْجَلَالِ وَالْإِكْرَامِ، يَا حَيُّ يَا قَيُّومُ، إِنِّي أَسْأَلُكَ.
«АллóхIумма инни́ асъалука бианна лакалхьамд, лá илáхIа иллá анта, алманнáну, бади́Iус-самáвáти вал-ард, йá залджалáли вал-икрóм, йá хьаййу, йá къаййýм, инни́ асъалука».
4. АллахIан элчано (ﷺ) аьлла: «Со а, бо беран доладинарг а ялсаманехь иштта хир ву». Шен хьажо пIелг а, юккъера пIелг а гайтина цо, дIасакъастош. ал-Бухарий, 5304.
5. Iа́ишата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «(Нахана) дика хIума Iамош волчунна, мел долу хIума гечдар доьхуш ду, хIорд чуьра киташ цхьаьна». Сахьихьул-джамиI, 5883 .
6. АллахIан элчано (ﷺ) аьлла: «Бакъдолуш, АллахI а, Цуьнан маликаш а, шайн бенаш чохь долу зингаташ цхьаьна, хIорд чохь долу кит чIерий цхьаьна салават дуьллуш ду, нахана дика хIума Iамош волучунна». ат-Тирмизий, 2685.
7. АллахIан элчано (ﷺ) аьлла: «Шен гIурбан цIока йоьхкиначуьнан гIурба хир дац». Сахьихьул-джамиI, 6118.
8. АллахIан элчано (ﷺ) аьлла: «Цхьаьна Iумрат тIера кхечу Iумрат тIекхаччалца йолу юкъ каффарат (къинойх цІанвеш) ду. Ткъа (Дала) къобулдина долчу хьажан бекхам — ялсамани ю». ал-Бухарий, Муслим.
9. АллахIан элчано (ﷺ) аьлла: «Бусалба стаганна тIера дуьненан баланех цхьа бала дIаайбинчунна, АллахIа цунна тIера а дIаайбийра бу къематдийнан баланех цхьа бала…». Муслим, 2699.
10. АллахIан Элчано (IалайхIис салату вас-салам) аьлла: «Iилма лохуш (и Iамо) новкъа ваьллачунна, АллахIа ялсамане боьду некъ атта бийра бу». Муслим, 2699.
11. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Хьайн вешина юьхь-дуьхьал хьо велакъажар — сагIа ду». ат-Тирмизий, 1956.
12. ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (ﷺ) элира аьлла: «Бакъдолуш, АллахIа хIокху Къуръанца цхьаболу нах сийлахьбо, ткъа кхинберш сийсазбо». Муслим, 817.
13. Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Белхалочуьнан мах, цуьнан хьацар дакъадалале дIало». Ибн МаджахI, 2443.
14. Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Къуръан деша аша, баккъалла а, иза ша доьшуш хиллачарна къематдийнахь шафаIат деш догIур ду шуна». Муслим.
15. Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (ﷺ) элира аьлла: «Давуд (пайхамар – IалайхIис-салам) шен куьйга къахьегна яьккхинарг бен юуш вацара». ал-Бухарий, 2073.
16. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) олуш хезира шена аьлла: «Массо лай, ша лечу хенахь хиллачу хьолехь гIаттор волуш ву» Муслим, 2878.
17. Анас Ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (ﷺ), берашка салам алуш тIехвелира царна» — аьлла. Сахьихь Муслим, 2168.
18. АллахIан элчано (ﷺ), аьлла: «ОьгIазло чекхъяккха шен ницкъ боллушехь, иза хьулйиначуьнга къематдийнахь АллахIа — Сийлахь, ЦIена ву И, Шен кхолламашна хьалха кхайкхам бийра бу: «Хьурул-Iинех (хьайна) луъург харжа» — аьлла». Сахьихьул-джáмиI, 6518.
19. АллахIан элчано (ﷺ) аьлла: «Шух цхьамма (тохаз а ца ваьлла) тухуш хилахь, юьхь тIе тохарх ларлойла». Сунан Абу Давуд, 4493.
20. Ас-СáIидий тайпана волчу СаIдан кIанта СахIла (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: Цхьа стаг веънера пайхамар (ﷺ) волче, цо элира: «ХIай АллахIан элча, суна цхьа болх, бийцахь, ас и бича со АллахIана а, нахана а везар волуш». ТIаккха пайхамара (ﷺ) аьлла: «Дуьне дита ахь, АллахIана везар ву хьо. Нахехь дерг Iаддита ахь (цуьнга са ца туьйсуш), нахана везар ву хьо». Ибн МáджахI, 4102.
21. IабдуллахI ибн Iамра (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, цхьана стага пайхамаре (ﷺ) хаьттира, Ислам динехь лелийча дика долу белхаш муьлхарш ду аьлла? ТIаккха пайхамара (ﷺ) аьлла: «Ахь (нахана) кхача балар а, хьайна вевзучуьнга а, ца вевзучуьнга а салам далар а ду». ал-Бухарий 12, Муслим 39.
22. Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (ﷺ) элира аьлла: «Шен аьтто болушехь гIурба ца дуьйш верг, вайн (1ийд) ламаз дечу меттигана улле а ма вогIийла». Ибн МаджахI, 3123.
23. Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) элира аьлла: «Лай шен Далла уггаре а герга, сужудехь волуш хуьлу. Ткъа (цу сужудехь) дуккха а доIанаш дойла аша». Муслим, 482.
24. Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна) дийцина, Пайхамара (ﷺ) элира аьлла: «Бакъдолуш, эхь хетар а, ийман а цхьаьна хIоьттина ду, цаьршиннах цхьаъ дIадаьлча, шолгIаниг а дIадолу». Ал-Албаний, «Сахьихьул-джамиIис-сагIийр» 1603.
25. Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Шух цхьаъ ша ламаз динчохь хиина Iаш мел ву, ламаз керар даьлла а воцуш, маликаша цунна доIадеш доьху: “Я АллахI! Гечдехьа цунна, я АллахI! Къинхетам бехьа цунах”» — бохуш». ал-Бухарий, 445.
26. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Муъма стаганна а, я муъма зудчунна а, я бусалба стаганна а, я бусалба зудчунна а цамгар кхетар ма яц, АллахIа цунна тIера (кегийра) къинош дIадохуш бен». Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб, 3425.
27. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Шайн цомгушчарна сагIа даларца дарбаде». Сахьихьул-джамиI, 3358.
28. АллахIан элчано (ﷺ) аьлла: «Хьо дIавижа метта ваьлча Аятул-курсий деша ахь. АллахIера хьо ларвийриг а (малик а) хир ду хьоьца, иштта, Iуьйре хиллалца шайтIа а догIур дац хьуна улле». ал-Бухарий, 2311.
29. Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Шайн хIусамашкахь «Бакъарат» сурат дешалаш. Бакъдолуш, шена чохь «Бакъарат» сурат доьшуш йолчу хIусаме шайтIа ца доьду шуна». ал-Хьаким, 2063.
30. АллахIан элчано (ﷺ) цхьана стагана ша хьехам беш элира: «Пхи хIума тIедале, пхеа хIуманах пайда эцалахь: хьайн жималлах, къаналла тIеяле; могушаллах, цамгаро лацале; бахамах, къелла тIеяле; мокъачу хенах, хан йоцуш висале; дахарах, валар тIедале». ал-БайхIакъий «ШуIабул-ийман» 10248.
31. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Нахера дика хедар дац, уьш вовше хьагI лелош мел боцу». Сахьихьут-таргIиби ват-тархIиб, 2887.
32. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «IатIар а тоьхна шех хаза хьожа яийтархьама нахана юккъехула йолаелла зуда, зина дина ю». ат-Тирмизий, 2786.
33. Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Нагахь шух цхьаьнга шен дика Iамал къайлах ялахь, йойла цо и къайлаха». ас-Силсилатус-сахьихьахI, 2313.
34. Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Къематде муъма нахана делкъий, малхбузний юккъехь йолу хан санна (доца) хир ду». Сахьихьул-жа́миI, 8193.
35. Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Бахам дукха хилар дац вехаш хилар, вехаш хилар — са дехаш хилар ду». ал-Бухарий, 6446. Муслим, 1051.
36. Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Шен да воций хуъушехь кхечу ден кIант ву ша бохуш волчунна, ялсамани хьарам ю». ал-Бухарий, 6766. Муслим, 63.
37. Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) элира аьлла: «Къемат де хIуттур ма дац «хIарж» совдаллалц». Асхьабаша хаьттира: «ХIай АллахIан Элча! «ХIарж» бохург хIун ду?» ТIаккха Элчано элира: «Нах байъар ду, нах байъар ду!». Муслим, 157.
38. Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Шух цхьанна шен (бусалба) ваша везча, цо цунна дIахоуьйтийла шена иза везаш хилар». Ахьмад, 16303.
39. АллахIан элчано (ﷺ) аьлла: «Вовшашна совгIаташ де — вовшийн дезар ду шу». Сахьихьул жáмиI, 3004.
40. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «АллахIа цхьа а цамгар йоссийна ма яц, цунна (дуьхьала) дарба доссийна бен». ал-Бухарий, 5678.
41. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Ламазе воьдуш ахь мел йоккхуш йолу гIулч — сагIа ду». Муслим, 1009.
42. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «ПIераскан дийнахь била ма-безза корта а буьлуш, лийча а лийчина, цул тIаьхьа хутIба дIадоладалале, хьалххе хIуман тIехиъна воцуш, гIаш рузбана вахана, вахалуччул имамана улле а вахана, меттах ца хьуьйш, тапъаьлла (хутIбане) ладоьгча, цо хIора яьккхинчу гIулчах цхьана шарахь марханаш кхобуш, буьйсанна гIуьттуш ламазаш деш Iамал йича санна мела хир бу цунна».
مَنْ غَسَّلَ يَوْمَ الْجُمُعَةِ وَاغْتَسَلَ ثُمَّ بَكَّرَ وَابْتَكَرَ وَمَشَى وَلَمْ يَرْكَبْ وَدَنَا مِنَ الإِمَامِ فَاسْتَمَعَ وَلَمْ يَلْغُ كَانَ لَهُ بِكُلِّ خُطْوَةٍ عَمَلُ سَنَةٍ أَجْرُ صِيَامِهَا وَقِيَامِهَا
Абу Давуд, 345.
43. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) витр ламаз а дина элира аьлла: «ХIай Къуръанан охIлу, витр ламаз делаш, бакъдолуш, АллахI (Сийлахь-Веза ву И) цхьаъ ву, Шен лено витр ламаз дар дезаш а ву И».
عَنْ عَلِيٍّ (رَضِي اللهُ عَنْهُ) قَالَ: أَوْتَرَ رَسُولُ اللهِ (ﷺ) ثُمَّ قَالَ: يَا أَهْلَ الْقُرْآنِ، أَوْتِرُوا، فَإِنَّ اللهَ عَزَّ وَجَلَّ وِتْرٌ يُحِبُّ الْوَتْرَ
Сахьихь сунан ан-Наса́ий, 1674.
44. Абу Дардáа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Цхьана а бусалба лайно шен (бусалба) вешина къайлах, цунна а ца хоуьйтуш доIа ма ца до, малико олуш бен: (Хьуна а хуьлийла изза)».
عَنْ أَبِي الدَّرْدَاءِ قَالَ: قَالَ (ﷺ): «مَا مِنْ عَبْدٍ مُسْلِمٍ يَدْعُو لأَخِيهِ بِظَهْرِ الْغَيْبِ، إِلاَّ قَالَ الْمَلَكُ: وَلَكَ، بِمِثْلٍ». رواه مسلم
Муслим, 2732.
45. Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) элира аьлла: «Сайн умматна хало хиларна ца кхерахьара, хIора ламазал хьалха сивак хьакха аьлла омра дийра ма дара ас цаьрга».
عَنْ أَبِي هُرَيْرَةَ رَضِي اللهُ عَنْهُ أَنَّ رَسُولَ اللهِ (ﷺ) قَالَ: «لَوْلاَ أَنْ أَشُقَّ عَلَى أُمَّتِى لأَمَرْتُهُمْ بِالسِّوَاكِ عندَ كلِّ صلاةٍ». رواه مسلم
Муслим 252.
46. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Сан умматах цхьа нах хир бу, зина а,дари а, къаьркъа а, эшарийн гIирсаш ахьаналдеш…»
قَالَ رَسُولُ اللَّهِ (ﷺ): «لَيَكُونَنَّ مِنْ أُمَّتِي أَقْوَامٌ يَسْتَحِلُّونَ الْحِرَ، وَالْحَرِيرَ، وَالْخَمْرَ، وَالْمَعَازِفَ». رواه البخاري
ал-Бухарий, 5590.
47. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Закат цалуш верг, къемат дийнахь (жоьжахатин) цIергахь хир ву».
.«قَالَ رَسُولُ اللهِ (ﷺ): «مَانِعُ الزَّكَاةِ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فِي النَّارِ
Сохьихьут-таргIийб ват-тархIийб, 762.
48. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Хаза-дика дош — сагIа ду». ал-Бухарий 2989, Муслим 1009.
49. Iамран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна), дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ), элира аьлла: «Стагана ша кхача латто безачарна кхача ца латторан къа а тоьур ма дара, кхин цхьа а къа цо ца латийча а».
عَنْ عَبد الله بن عَمرو رَضِي الله عَنْهُمَا، قَالَ: قَالَ رَسُول الله (ﷺ) «كَفَى بِالمَرْءِ إثْمَاً أنْ يُضَيِّعَ مَنْ يَقُوتُ». أبو داود
Абу Давуд, 1692.
50. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «ПIераскан буьйсанна а, пIераскан дийнахь а суна салават алсам дилла. Суна цхьа салават диллинчунна, АллахIа итт салават дуьллу».
قَالَ رَسُولُ اللَّهِ (ﷺ): «أَكثِروا الصَّلاةَ عليَّ يومَ الجمعةِ وليلةَ الجمعةِ فمن صلَّى عليَّ صلاةً صلَّى اللَّهُ عليْهِ عشرًا». رواه البيهقي، ٥٥٥٤.
ал-БайхIакъий, 5994.
51. Пайхамара (ﷺ) аьлла: «(Бехказло а йоцуш, хаа а хууш, мало а йина) малхбуза ламаз ца динчуьнан Iамал яйна ю».
قال النبي (ﷺ): «مَنْ تَرَكَ صَلاَةَ الْعَصْرِ فَقَدْ حَبِطَ عَمَلُهُ». البخاري، ٥٥٣.
ал-Бухарий, 553.
52. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Жимачо воккхачуьнга хьалха салам лур ду, тIехволучо хиънаIачуьнга лур ду, кIезиг болчара дукха болчаьрга лур ду».
قَالَ رَسُولُ اللَّهِ (ﷺ): «يُسَلِّمُ الصَّغِيرُ علَى الكَبِيرِ، والمارُّ علَى القاعِدِ، والقَلِيلُ علَى الكَثِيرِ». البخاري ٦٢٣١.
ал-Бухарий, 6231.
53. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Дуьненан уггаре деза денош — (Зул-Хьижжат беттан хьалхара) итт де ду».
«أفضلُ أيامِ الدُّنْيا أيامُ العَشْرِ».
Сахьихьул-Жа́миI, 1133.
54. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Ламаз керара даьлла а воцуш, ша ламаз динчу меттехь (хиина Iаш) волчунна маликаша доIанаш до. Олу цара: «Йа АллахI, гечдехьа цунна, йа АллахI, къинхетам бехьа цунах!».
قال رسول الله (ﷺ): «الْمَلاَئِكَةُ تُصَلِّى عَلَى أَحَدِكُمْ مَا دَامَ فِى مُصَلاَّهُ الَّذِى صَلَّى فِيهِ ، مَا لَمْ يُحْدِثْ ، تَقُولُ اللَّهُمَّ اغْفِرْ لَهُ اللَّهُمَّ ارْحَمْهُ».
ал-Бухарий, 659.